Иза ю даггара ненан мотт хьоьхуш

Иза ю даггара ненан мотт хьоьхуш

Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьйг яздина Указ арадаларца х1окху пхийтта шарахь билгалдоккхуш ду вайн махкахь Нохчийн меттан де. 1едалан аг1ор шуьйра некъ баьстина бу массарна а хецца шен къоман мотт 1амо, бийца, бовза.
Амма т1аьхьарчу хенахь, халахеташ делахь а нохчийн мотт хаза буьйцуш, цуьнан дешнийн к1оргера маь1на хууш дукха нах-м ца хаало вайна юкъахь. Берш а, дукхахьолахь, нохчийн меттан хьехархой бу. Цундела, и дезде билгалдоккхуш, мелла а дог-ойла кхоллаелира тхан царех хастаме довха дош ала.
Тахана вайн ламанан к1оштан школашкахь, Дала мукъалахь, болуш бу т1екхуьучу къоначу чкъурана чу са диллина болу говза нохчийн меттан хьехархой. Шеко йоцуш, 1амламат доккха маь1на чулоцу хьехархо бохучу дашо. Цуьнан карахула чекхваьлла вайх х1ора а. Ишттачарех цхьаъ ю Шуьйта-г1аличуьра юккъерачу школера хьехархо Пацаева Лайлаъ Абдулаевна.
Йина а, кхиъна а ю Лайлаъ Шуьйтахь. Кхузахь чекхяьккхина цо юккъера школа а. Жимчохь дуьйна ненан матте безам болуш яра иза, гергарло дара вайн г1арабевлла яздархойн произведенешца. Циггахь гучуделира цунна къоман исторехь мел к1оргене кхийдаш хазна ю нохчийн мотт. Иштта царех ша пайда эца йолаелча дог-ойла хилира цуьнан 1985-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан къоман отделене деша яха. Иза кхиамца чекх а яккхира цо 1991-чу шарахь. Цигахь карийра цунна нохчийн меттан хаарш. Ненан матте болу безам кхин а ч1аг1белира, евзира цуьнан башхаллаш, к1оргенаш.
Нохчийн меттан хьехархочун болх бан Лайлаъ йолаелира 1981-чу шарахь Лакха Варандара юккъерачу школехь. Вуьрх1ийтта шарахь цигахь болх бира, кху т1аьхьарчу итт-пхийтта шарахь Шуьйта-г1аличуьра юккъерачу школехь берашна ненан мотт хьоьхуш ю иза. Цу атта боцчу, жоьпалле, амма сийлахь хьехархочун новкъахь Лайлаъ Абдулаевнна даима а лиънарг цхьаъ ду — берийн вайн ненан матте болу безам ч1аг1бар, церан дог-ойла цунна т1еерзор. Цундела ларамаза а дацара цуьнан дешархоша, иза коьртехь а йолуш, кест-кестта д1акхоьхьу яздархойн, поэтийн суьйренаш. Цу 1алашонца цхьаьнакхетарш хилла школехь вайн заманан къоман яздархошца Ахмадов Мусаца, Бексултанов Мусаца, иштта кхечаьрца а. И тайпа вовшахдеттадаларшкахь берийн марзо кхуллуш йийцаре йора Окуев Шимин произведенеш, байташ.
Л. Пацаеван урокашкахь коьрта меттиг д1алоцу дайн къоман оьзда г1иллакхаш берашна довзийтар, уьш ларар. Вайн дайн масалш т1ехь гойту цо берашна да-нана ларар деза хилар а, иштта 1илма-дешар 1аморна т1е ойла яхийтар а.
Бераша лерина ца 1аш, дай-наноша а, белхан накъосташа а сий-ларам бо Лайлаан. Балха т1ехь кхиамаш бахарна НР-н дешаран министерствос, районан администрацис, иштта Шуьйтара дешаран декъо а Сийлаллин грамоташца билгалбаьккхина цуьнан кхоллараллин некъ.
Луур дара тахана и еза сийллин хьехархочун ц1е дозаллица ларъеш схьайог1уш йолчу Пацаева Лайлаъна вайн массеран а ц1арах даггара баркалла ала. Дала аьтто бойла хьан, Лайлаъ, кхид1а йолчу ханна а вайн бераш кхетош-кхиорехь атта доцу декхарш кхочушдарехь кхиамаш баха!

About Post Author

Общество