Лараме махкахой!
Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Шен ненан мотт цабезачунна, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцчунна, иза Iалашбеш воцчунна шен Даймохк безийла дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а, исбаьхьа а бу нохчийн мотт. Оцу маттехь дерриге а ду — нохчийн къоман башхалла, истори, культура, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ, ламасташ.
Нохчийн Республикан хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIадолийнера вайн махкахь ненан мотт кхиоран гIуллакх. Иза коьрта а лорура цо. Цундела ас даима а дозалла а дора цунах, воккха а вера со. Республикана уггаре а хала яьхкинчу хенашкахь Ахьмад-Хьаьжас нохчийн мотт бовзийтарехь, кхиорехь, баржорехь, цуьнга марзо кхолларехь къахьоьгуш болчу Iилманчашна а, яздархошна а, журналисташна а гIо-накъосталла деш хилла хиларна теш хилла ву со.
ХIора шарахь республикехь дIахьо нохчийн мотт Iалашбарна, кхиорна лерина йолу конкурсаш, конференцеш, фестивалаш, форумаш. ХIунда аьлча, нохчийн мотт вайн халкъан коьрта билгало ю, вайн къоман бух бу. ХIора а нохчичун сийлахь декхар хета суна шен мотт ларбар, Iалашбар, кхиор, шен къоман истори, культура евзаш-езаш хилар.
ХIокху дезачу дийнахь вай дIагойту нохчийн матте болу вайн безам, дагалоьцу вайн орамаш, баркаллаш боху нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна.
Вайн декхар ду ненан маттаца йовха а, ховха а юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин бух бу иза. Цундела вайна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза дIабер бац.
Лараме махкахой! Кхин цкъа а даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Лаьа шу ирсе хуьлийла, шун могашалла, аьтто хуьлийла, ненан матте боккха безам шун хуьлийла!
Ларбелаш нохчийн мотт!
Р. А. Кадыров,
НР-н Куьйгалхо