Шен дешан да вара иза

Шен дешан да вара иза

Нохчашлахь даима а деза хилла стага ша делла дош (и хьанна деллехь а) лардар. Х1инца-м, бакъдерг дийцича, делла дош кхочуш ца динехь: «Бехк ма биллалахь, вицвелира со»,- олий д1адерзадо. Хьалха вайн дайшлахь дош ша цкъа далале шега иза кхочушдалур ду-дац а хьожий бен луш ца хилла. Амма цкъа багара даьллехь, иза кхочушдан дезаш а хилла. Цундела олуш хилла стагана: «Шен дешан да ву иза». Ткъа къонахашна юкъахь дерг-м дийца оьшуш а ца хилла: деллий дош — чекхдаьлла (хууш хилла цо велла а и кхочушдийр дуй).
Оцу халчу муьрехь шен ницкъ а, аьтто а мел бу нахана г1о-накъосталла дан г1ертара Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!). Бакъдерг ала деза, цкъа а 1едалан дарже г1иртина вацара иза. Оцу муьрехь ч1ог1а лаам бара цуьнан меттигера 1едал меттах1отто, цуьнан сий хьалаайдан. Муьлххачу т1ег1анехь делахь а, 1едалах нехан тешам ца хилахь, г1уллаккхаш ледара хир дуй хаьара Ахьмад-Хьаьжина. Цу хьокъехь маь1не къамел хилира цуьнан Гуьмсехь 2003-чу шарахь йуьртадайшца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Х1окху мог1анийн автор цу хенахь Шара к1оштан администрацехь балхахь вара куьйгалхочун заместителан даржехь. Массо а юьртахь аьлча санна хьал довза лууш вара Ахьмад-Хьаьжа. Цунна бовза лаьара нехан лазамаш, церан дог-ойла… Циггахь х1ора юьртадена машен лур йу аьлла дош делира Ахьмад-Хьаьжас. Ша ма-аллара цо иза кхочуш а дира. Иштта масане дара уьш, д1ах1оьттина ларт1ехь 1едал а доцуш, нахана цо дина г1уллакх — хуьлийла уьш г1ийла-мисканиш, спортсменаш, хьехархой, йа лоьраш.
Иштта боккха лаам бара Ахьмад-Хьаьжин ламанхойн 1ер-дахар хийца. Оццу 2003-чу шарахь кхечира иза ламанан районашка — Шуьйта, Шара, Итон-Кхаьлла. Гира ламанхойн 1ер-дахар (иза-м, бакъдерг дийцича, х1инццалц, муьлхха 1едал деъча а, кхин да воккхавийр волуш дацара). Цо х1етахь цигахь дина къамел дагадог1уш дуккха а нах бу тахана а. Къамелехь хьахаделира т1емаш бан вай дукха цахилар, цхьабарт болуш даха дезаш хилар.
— Делах а эхь ду вайна иштта хаза, исбаьхьа мохк тесна битар,- бохура цо. — Лаьмнашка хьала дахка а деза, кхузара хьал ма-хуьллу сиха тодан а деза.
«Со т1ом сацо г1ерташ вац, иза гуттаренна а вайн дахарера д1абаккха г1ерташ ву». Инзаре халчу муьрехь вайн къомана оьшучу хенахь хьалха а ваьлла цо аьлла дешнаш ду уьш. Ахьмад-Хьаьжас дош делира ламанхошна: “Уггар хьаьлха Делан лаамца, шолг1а вайн бахьанашца кхуза дог1уш дика некъаш хир ду, иштта электросерло а, газ а хир йу”,- аьлла. Иза кхочушхиларан вай тахана теш ду: Шуьйтахь, Итон-Кхаьллахь газ йу, Шарахь электросерло йу, карарчу хенахь хьалайуьгуш йу газ а. Лаьмнашкахь, массанхьа аьлча санна, тахана т1едоьлхуш асфальтан некъаш ду. Иштта Ахьмад-Хьаьжас мел динчу башхачу г1уллакхийн мах замано ша хадий, Дала мукълахь, вайн тоьшалла а долуш.
Делан 1ожалла-м лелаза йер йац, Ахьмад-Хьаьжа тахана вайца вац (Дала декъалвойла иза!). Делахь а, цо сатийсинарг, цуьнан весеташ кхочушдеш ву цуьнан к1ант Рамзан. Дела резахуьлда цунна! Шен ден хила ма-веззара вуьззина к1ант ву иза.
Гуш ду-кха вайна, б1аьрг тоьхча, республикехь массанхьа а хийцаделла дахар. Ахьмад-Хьаьжин сатийсам кхочушхилла ала мегар ду. Иза кхечу аг1ор хила йиш а дацара. Х1унда аьлча, оцу тайпа къонахчун т1аьхье ледара хуьлийла дац. Тахана шен къоман тешам болуш, хьеннан а шех дан дозалла долуш, махкана а, шен халкъана а хьанал вецаш схьавог1уш ву вайн мехкан да — Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.
Ахьмад-Хьаьжех тахана махкахоша йохуш байташ ю, хестош ву иллешкахь. Цуьнан дахаран, кхоллараллин некъах яздо лаьцна яздо 1илманчаша, яздархоша. Цуьнан сий деш Нохчийчохь маьждигашна, урамашна, школашна цуьнан ц1ераш техкина, кхид1а тохкур а ю, Дала мукълахь.
Кадыровг1ар — Ахьмад-Хьаьжа а, Рамзан а шайх дика, хастаме дош ала хьакъ бу. Ахьмад-Хьаьжас нохчийн къам х1аллакьхуьлучара к1елхьарадаьккхи, ткъа Рамзана шен дас гайтинчу машаречу новкъа а даьккхина д1адуьгуш ду тахана, сирлачу дахаре г1улч йохуш.
Вешан махкана а, халкъана а хьанал къахьега Дала ницкъ а, доьналла а лойла вайна!
ЭСКИЕВ М.

About Post Author

Общество