Кху деношкахь Шуьйтан к1оштарчу Хьенакхаьллахь схьайиллира керла йина Басну- каев Хьасанан ц1арах хьуьжар. Иза схьайоьллуш цига баьхки- нера к1оштан администрации куьйгалхо Акаев Руслан, цуьнан заместителш, лараме дешна нах, йуьртадай, организацийн, учрежденийн куьйгалхой, иштта бахархой а.
Шен вистхиларехь Акаев Руслана билгалдаьккхира х1ара тайпа х1усам бахархошна ч1ог1а оьшуш хилар.
— Тахана вай схьайилли массара лоруш хиллачу 1еламсте- ган Баснукаев Хьасанан ц1арах хьуьжар. Хьасан вай махкахь массарна а вевзаш, везаш, к1орггера дешна 1еламстаг вара (Дала гечдойла цунна). Цуьнан сий деш, цуьнца болчу ларамана схьайилли цуьнан ц1арах х1ара хьуьжар. Кхузахь, Дала мукъалахь, бусалба динца йолу марзо сов йоккхуш, иштта сийлахь Къуръан деша 1амон аьтто хир бу вайн берийн. Суна вай массеран а ц1арах доккха баркалла ала луур дара вайн мехкан дена Кадыров Рамзанна а, иштта Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1арахчу Йукъараллин фондан куьйгалхочунна Кадыров Айманина а ламанхойн проблемаш даима а шайн леринчу тергонехь латторна! Церан лаамца, церан г1оьнца дукха схьа а йиллина, тахана схьайоьллуш а йу социальни хьелехула, культурехула, спортехула йолу г1ишлош, долахь х1усамаш а. Иштта баркалла ала лаьа х1ара г1ишло йеш къахьегначарна а. Ткъа хаза йина д1ах1оттийначу кху хьужарехь иманца, г1иллакхе, бусалба дешарна т1екхуьуш мута1еламаш кхуьург хиларх тешна дукх вай. Оьшуш мел дерг а кху чохь долуш ду, иштта бу говза хьехархой а. Вайн берашна оьшург беккъа цхьа лаам бу. Дала иманехь нисдойла вай!
Шайн къамелашкахь кхечара а баркалла элира НР-н Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна ламанцара бахархойн 1ер-даха- ран хьелаш шен леринчу тида- мехь латторна, иштта баркаллаш бехира хьуьжар йеш куьг мел тоьхначунна а.
Дерзийра и меле г1уллакх мовлид йоьшуш, сиха зуькар а деш, Везачу Аллах1е вайх массарех къинхетам бар доьхуш до1анца. Дала вовшен ларам болуш, иманца дегнаш ч1аг1луш чекхдовла хьекъал, ницкъ, доьналла а лойла вайна!