Деза а, сийлахь а ду да-нана ларар

Деза а, сийлахь а ду да-нана ларар

Дикачу доьзалийн г1иллакхаш дагардечохь уггар а хьалха хьахош хилла да-нана муха лору бераша бохург. Нохчийн 1адатехь б1еннаш шерашкахь билглайина а, дахаро зийна а, къомо къобалъеш т1еэцна а уьйраш йу нохчийн доьзалехь хила йезарш. Х1инца а дукхахьолахь йолуш а, ларйеш а йолу доьзална а, дена-нанна а йукъахь йолу йукъаметтигаш бен доцуш хила йиш йац, Ала дашна, 1уьйранна хьалаг1аттарца, ков-кертахь дечу дезаршка, кхача кечбарца, х1ума йаарца, суьйранна чудерзарца, набарна дийшарца доьзна дерш дерриш а шайн барам-бустам болуш ду. Массо а хьолехь ша дийриг, лелориг, оьшуш дерг халкъо ч1аг1динчу 1адатца дустуш ду. Дукхахьолахь 1адатца дог1у йа ца дог1у бохуш, ойлайан оьшуш доцуш, х1ораннан а кхетамехь ч1аг1делла диканиг а, вуониг а х1ун ду билгалдина, цхьана хоршахь нисделла а, ч1аг1делла а.

Нохчийн доьзалехь воккха хилла, зуда йалийна к1ант велахь, дена а, нанна а дог1уш дац, 1уьйренца хьалхе ара а даьлла, дезарш деш кертахь лелар. Г1уллакхийн а, дан дезачийн а хьалхе шайн к1антехь, несехь а йита йеза цара. Чохь ц1е латор, нех д1айаккхар, йуучунна г1айг1а бар, хи дар, иштта кхидерг несо деш ду. Дохнан керта хьажар, царна х1ума тасар (1аьнан хенахь), эшахь, дечиг даккхар — к1анта дан дезаш ду.

Дас-нанас буьйса муха йаьккхина, церан могашалла муха йу хьожуш хир ву к1ант 1уьйренца, и шиъ долчу чу а х1оьттина. Т1аккха цу шинга ладоьг1начул т1аьхьа  хуур ду к1антана цу дийнахь дан дезачех коьрта дерг. Да волчохь хиъна 1ар товш дац к1антана. Деца цхьаьна шуьне хийшар а дац к1антана бег1ийла. Дена оьшург х1ун ду а хьожуш, цуьнга ладоьг1на, гена воццуш лаьттар ву йа охьахиъна хир ву, дукха лакхахьа а воцуш, т1ех парг1атваьлла, гола т1е ког баьккхина а воцуш. Х1ора 1уьйренца шен дена луург х1ун ду, шега цо х1ун олу хьаьжна бен долор дац к1анта цу дийнахь дан дезарш.

Да-нана чоьхьадаьлча, бераш хьалаг1овтту. Цхьана г1уллакхе ваха да араволуш, цунна к1ант т1аьхьа араволу, шега дас х1ун олу а хьожуш. Говраца, машенахь да ваха везаш велахь, уьш кечйо хьалххе. Балха ваха везахь, базара водахь, юьртахь шен г1уллакх делахь, дега а, нене а хоуьйту к1анта ша дийриг. Урамехь, йуьртахь цхьана стагаца йа тобанца да лаьтташ гича т1евоьду к1ант царна, массеран де дика дарца т1екаре а йой, шен дега хоуьйту ша цхьанхьа воьдуш хилар.

— Д1авало, дика ду,- шега шен дас йа цуьнца болчех цхьаммо аллалц царна уллохь лаьтта, к1еззиг йуьстаха а волий.

Вайнехан олуш ду, дикачу доьзалехь веза хьаша санна да лоруш, цуьнан сий деш хила деза. Нагахь шега дас дуьйцург нийса ца хетахь, дена дуьхьал деш долу къамел аз лахдина а, сих ца луш а хуьлу. Маггане а мегаш дац аз ч1аг1дина деца къамел дан. Ч1ог1а осала лоруш ду дена нийсса дуьхьала хьоьжуш, резавоцуш къамел дар а. Эхь ца хеташ хиларан билгало йу, реза а воцуш, дена йа нанна б1аьра хьажар.

Ткъа и дерриг а г1иллакхаш берашна 1ема дукха кегий долуш дуьйна. Нанас дуьйцу царна, йух-йуха а дуьйцуш. Цул сов, нанас ша масал гойту шен леларца, х1усамден сий дарца. Нахалахь вевзаш, ц1ейоккхуш хиллачу Исмайлан Дудас, шега хьо наха сий деш, лоруш, вевзаш хиларан бахьана х1ун ду аьлла хаьттича, жоп делла боху, уггар а хьалха, шен сий деш, ша леринарг зуда йу. Цо лерича доьзало а лерира ша. Зудчо а, доьзало а сий деш верг лулахошна а хета дош. Шен доьзало а, лулахоша а лоруш верг юьрто а къаставо. Дикачу къонахчун г1иллакхех дац шен бераш хестор. Дас довдарх сий лахлуш дац к1ентан. Да-нана лоруш воцург къонаха ца лору нохчаша. Шен да-нана ца лоручо, царех иэхь ца хетачо нехан а дийр дац сий. Цунна нахах иэхь хетар дац.

Да-нана доккха хилла, г1орасиз дисча йа цомгуш хилча, гуттар а алсам терго йан йеза церан.

Шен да-нана дика лелош волчу к1антана, йо1ана, несана наха а олу баркалла, шайна дика болх цара бича санна.

Челакха ойланаш шен коьртехь сецаеш,

Чохь ч1ана эшийна шун дагна вас ца еш,

Массанхьа 1у хилла, шаьш хала кхиийна

И къена шайн дада тергалве, боху цо.

Хеназа самаюьйлуш, шун меттамотт хуьйцуш,

Мерзачу набарна аганан г1ожца туьйш,

Доьзалан хьашташа хеназа къежйина

Хьомсара шайн нана йиц ма йе, боху цо…

Нохчийн сийлахьчу поэта Мамакаев Мохьмада йаздина и мог1анаш «Даймехкан косташ» ц1е йолчу шен байта т1ехь. Нохчийн оьздачу 1адато билгалйина да-нана лараран, сийдаран мехаллаш кхин т1е а йузуш, ч1аг1ъеш бу дин-исламан лехамаш а.

«Дена-нанна оьг1азаллица дуьхьал хьажийна б1аьргаш жоьжаг1атан ц1аро цкъа багор бу», “Ялсамани ненан когаш к1елахь йу».

Иштта д1а дуккха а ду бусалба динехь да-нана ларарх дийцина. Уьш хьехош, дуьйцуш хила деза вай къоначарна. Дала вешан да-нана (уьш болчарна) лара а, церан дан ма-деззара сий-пусар дан а хьекъал, иман, доьналла а тоьийла вайн!

Эскиев М.

About Post Author

Общество