Толамийн а, дикачу г1уллакхийн а новкъахь

Толамийн а, дикачу г1уллакхийн а новкъахь

5-чу октябрехь Нохчийн Республикан Куьйгалхо, России Турпалхо Кадыров Рамзан вина де билгалдоккхур ду вай. Кхушарахь 47 шо кхочу вайн Мехк-Ден. Нохчийчохь хьакъ доллучукепара билгалдоккхур ду вай и дезде, Дала мукъалахь. Хир ду дуккха а совг1аташ, эр ду хастаме, довха дешнаш, декар ду иллеш, хьийзар бу хелхаршкахь мехкарий а, кегийнах а.
Дала ма-иэшадойла вайна самукъадала иштта бахьанаш, Дала беркат а, иман а латта- дойла вайн цхьаъ бен боцчу Даймахкахь — Нана-Нохчийчо- хь! Дала декъалвойла винчу денца шен ден Ахьмад-Хьаьжин тешаме накъост а, г1ортор а хилла лаьттина волу, ткъа таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикан а, вайн дерриг халкъан а баьчча волу Нохчийн Республикан Куьйгалхо, России Турпалхо Кадыров Рамзан!
Нохчийн халкъаца цхьаьна цуьнан лазамаш а, кхиамаш а боькъуш, оцу халкъана иэша- хь, шен са а д1алур долуш ву Рамзан, Дала мукъалахь!
Вайн Нохчийн Республика йухаденйаран, меттах1отторан, кхид1а а кхиоран новкъахь Кадыров Рамзана а, цунна йуххе бевллачу цуьнан тешаме накъосташа а, цаьрца цхьаьна — дерриг вайн халкъо а динарг а, таханлерчу дийнахь деш мел лаьттарг а дийца хан а, кехат- шекъа а тоьур дацара.
Цкъа а ца хиллачу кепара тойина, хазйина д1ах1оттийна Соьлжа-Г1ала, кхийолу вайн г1аланаш, йарташ, к1ошташ. Хьан эр ду таханлерачу дийнахь х1окху махкахь итт шарахь х1ете а луьра т1ом, къизалла, мацалла лаьттина?
Цкъа а т1ом х1ун йу ца хиъна, йоккха топ йолуш а ца хезна мехкаш а, халкъаш а ду вайн дуьненахь. Делахь а, церачул хаза, беркате, токхе бу вайн Даймохк таханлерчу дийнахь… Хьал иштта хилийтархьама Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а (Дала декъалвойла иза!), Нохчийн Республикан таханлерчу Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а 1аламат дукха къахьегна де а, буьйса а ца лоруш, ницкъ а, хан а ца кхоош. Иза, цхьадика, вайна массарна а, гуш а, хууш а ду. Цундела а хир ду 5-г1а октябрь дерригхалкъан дезде, цундела хир ву оцу дийнахь мел верг а самукъане, векха- велла, велавелла.
Иштта нехан самукъадаккха, царна хазахетийта, церан дог-ойла айъа вай дуьйцуш долу Рамзан вина де масийтта хилийта а мегар дара.
Дала хьайн доьзалан вуон ца гуш, могуш-маьрша лат- тавойла хьо вайн халкъана, лераме Ахьмадан Рамзан!

«Ламанан аз» газетан редколлеги

About Post Author

Власть и политика