Иаьхьарчу хенахь дика ламаст хилла схьадог1у ламанцара Шуьйтан к1оштахь ц1еналла латторехь болу белхи д1абахьар. Иза ларамаза а дац, х1унда аьлча, ц1еналла йолчохь вайна гонахара 1алам а ц1ена хуьлу, цул сов, вайн могашалла ларйарна пайдехьа а ду.
Иштта кху деношкахь Шуьйтан к1оштан администрации куьйгалхочо Акаев Руслана т1едилларца массо а организацийн, учрежденийн коллективаш арайевллера белхолах дакъалаца. Нехех, йаьллачу йарех, совнаха йолчу кондарех ц1анйан йезаш йара Шуьйта бог1учу коьрта некъан йистош. Цул сов, кир-басар хьакха дезара цу некъаца кхерамзаллин 1алашонца х1иттийнчу парапеташна а, иштта гонахара дитташна а.
К1оштан администрации куьйгалхочун 1-ра заместитела Басханов Муслима, ша и белхи д1ахьош коьртехь хиларе терра, массара- на йовзийтира белхолан 1алашо, билгалйехира х1ора организацина, учрежденина шена-шена къастош белхи бан беза меттигаш.
Ала дог1у, оцу деношкахь массара а, къастам боцуш, даггара къахьийгира: ц1анйира нехех некъан йистош, воьду-вог1учун ц1анйинчу меттигех б1аьрг кхетча самукъадолуш. Белхехь 1уналла деш, оьшург латтош волчу М. Басхановс доккха баркалла элира массарна а даггара къахьегарна.
Иштта цу деношкахь д1ахьочу белхин тидам беш массанхьа кхечура к1оштан куьйгалхо Акаев Руслан. Бинчу белхан жам1а деш шен вистхиларехь цо элира:
— Дала вайна делла х1ара исбаьхьа 1алам вай массеран а боккха бахам бу. — 1алам ц1ена хилча, х1аваъ а хуьлу ц1ена, т1аккха вайн могашаллина а дика ду муьлххачу а унах лардала. Вуьшта, вайна ваьшна а товш дац, оьзда а дац нехаш йаржийна 1ер. Вайн дайша коьрта лоруш хилла ц1еналла латтор, къаьсттина некъан йистошкахь, йарташкахь. Машенашкахь некъаца д1асалелачаьрга а дара сан ала: корахула пластикови шиша а, банка а, кхийолу нех аракхуссу машенчуьра арайаьлчахьана бенбашха ца хеташ. Шен чуьра дуьйна оьзда цахилар гойту и лелочо. Кхаа к1ошташка боьду коьрта некъ бу х1ара, хьан-х1ун кхуссухьоьжуш хехь латта йиш йац вайн. Ойла йан йезаркх и нехаш охьакхуьссучара, хаа дезара уьш шайна хьалхара болх-некъ, шадерг т1аьхьа а теттина д1айохуш хилар. Ц1еналла нуй-горгам хьекхарх хуьлуш йац, мелхо а нехаш ца йаржочохь хуьлуш йу. Иза хаа дезара жима а, воккхачунна а. Суна сайн ц1арах даггара баркалла ала луур дара доггах къахьегарна. Ц1ена хилча йуьхьк1ам бу-кха вайна массарна а, дерзийра цо шен къамел.
Дела резахуьлда вайн к1оштахь ц1еналла латторехь къа мел хьегначарна!
ТХАН ХААМ