Билгалдаьккхира Нохчийн меттан де

Билгалдаьккхира Нохчийн меттан де

Хууш ма-хиллара, НР-н Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен указаца Нохчийн меттан де, аьлла билгалдаьккхина ду вайн махкахь 25-г1а апрель. И мехала де, йерриг республикехь санна, билгалдаккха гулбеллера Шуьйтан к1оштан администрацис д1адолорца оьздангаллин Ц1ийнахь организацийн, учрежденийн белхахой, иштта йукъараллин векалш а.
Цхьаьнакхетар д1адолош гулбеллачаьрга вистхилира к1оштан администрации куьйгалхочун 1-ра заместитель Басханов Муслим. — Дуьнена-хь уггаре а хьалдолуш, хаза а, исбаьхьа а бу нохчийн мотт,- элира цо шен вистхиларехь. — Ненан маттах пайдаэцарна, иза кхиорна доккха маь1на долуш ду вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен куьг йаздарца 2007-чу шарахьлерина Указ арадалар. Цо гойту иза вайн ненан маттана сагатдеш, бала болуш хилар. Сайна к1оштан куьйгалхочо Хьумидан Руслана т1едиллина хиларе терра, кху Шуьйтан к1оштара массо а бахархойн ц1арах уггар хьалха декъалван луур ду вайн Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан Нохчийн меттан денца. Вайна ма-хаъара, кхин денбала ца буьтуш, чехош лелийна вайн мотт советийн заманахь а, цул хьалха а. Дала мукъалахь, вайн ненан мотт лийр бац вай дийна мел ду. Б1ешерашкахь вайн дайша лерина лелийна, лардина вайга схьакховдийна г1иллакхаш кхолладелла ненан маттаца. Дуьххьара вайна и мотт бовзийтинарг йу Нана. Цундела вай массарна а и хьоме а, мерза а бу х1оранна а нана санна. Ненан маттах вай херделча, дайн г1иллакхех херло. Г1иллакхех херделча бусалба динах херло. Т1аккха дин а, мотт а боцу «манкурташ» хуьлу вайх. Цунна сагатдеш арадаьккхина вайн Мехк-Дас шен Указаца — Нохчийн меттан де — вайга и 1алашбайта, цунах пайдаэцийта, цуьнан сий-пусар дайта. Дала ваьшна белла и аьрха, хаза ненан мотт ларбан а, цуьнан сий дан а хьекъал, собар, доьналла а тоьийла вайн! Дала декъалдойла вай дерриш Нохчийн меттан денца! Цунна т1аьхьа бистхиллачара а дийцира нохчийн матто вайн дахарехь д1алоцучу меттигах, цуьнан дозаллех, сий дан дезаш хиларх а лаьцна.
Дерзийра и мехала цхьаьнакхетар нохчийн меттан хьехархошна а, иштта кхин а йала хьакъдолчарна а зезагийн курсашца Сийлаллин грамоташ йаларца. Массеран а йиш хилира культуран декъан белхахоша х1оттийнчу концертни программе хьовса. Дала т1аьхье беркате йойла!

ЭСКИЕВ М.

About Post Author

Общество