Х1окху шеран 23-чу августехь 73 шо кхочур дара Нохчийн Республикан Хьалхарчу Президентам, России Тур- палхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. 2004-чу шеран 9-чу Майхь, Сийлахь-боккхачу Толаман дийнахь цхьа х1ун йу ца хуучу к1иллоша йоьллина фугас эккхийтарца, тешнабехкаца вийра иза шен накъостаца, НР-н пачхьалкхан Советан Председатель хиллачу Исаев Хьусайнаца а, цхьамог1а кхечу вайн махкахошца а цхьаьна. Кху деношкахь ткъеитт шо кхочу Ахьмад-Хьаьжа вайца воцу (Дала декъалвойла иза!). Иза коьртехь а волуш нохчийн къомо референдумехь т1еийцира 2003-чу шеран 23-чу мартехь НР-н керла Контитуци. Коьрта закон къобалдеш кхаж тесира 95,5% харжамхоша. Дуьйцийла йоцуш, хьалхара боккха толам бара иза нохчийн халкъан а, цуьнан баьчча волчу Ахьмад-Хьаьжин а вайн махкахь бакъдолу, мискачу нехан бала болу 1едал д1ах1отторехь. Цул т1аьхьа, 2003-чу шеран 4-чу июлехь, араделира России президента В. Путина куьйг йаз-дарца «Нохчийн Республикехь хьалхара президент харжаран харжамаш», аьлла №729 йолу Указ.
Дукха вайн республикера а, цул арахьа а бехаш болчу нахера кхайкхамаш оьхура Ахьмад-Хьаьже президентам харжамашна йукъавахар доьхуш. Кхузахь хьахо дог1у, Ахьмад-Хьаьжина федеральни центре аьрзнаш деш, иза харжамашна йукъавахарна резабоцурш а бара, цхьаболу дарже кхача г1ерташ болу «политикаш». Ахьмад-Хьаьжас башха тергал а ца бора и тайпа къамелаш деш берш. Цу хьокъехь цо дика элира:
«Иштта нисдели-кх ваххабисташца, экстремисташца, кхийолчу нахана бале йевллачу тобанашца а къийсам латторехь сан хьалхавалар. Тахана со харжамашна йукъа ца г1ахь, сайх а, вай арабаьккхинчу некъах а тешна болчу нахана боккха тешнабехк бу аса беш берг. Далла гуш йу-кх сан дог-ойла. Нагахь санна х1ара аса йуьхьарлаьцна некъ д1абахьа стаг велахь, цунна йуххе а х1оьттина д1аваха кийча ву со тешаме накъост а хилла. Амма, вайна гуш ма-хиллара, и тайпа стаг воцуш ву. Даима а къинхьегаме а долуш, дукха зиэрех чекхдаьлла нохчийн къам. Дала мукъалахь, вайн махкахь кестта то а делла д1ах1уттур ду маьрша дахар. Иза дан вай кхиахь — коьрта 1алашо кхочушхилла ала йиш йу вайн».
Хан-замано гайти вайна Ахьмад-Хьаьжа бакъхилар. Сел декъаза, г1ийла долу нохчийн къам хьере хилла хьаьвзича, Делаца ч1аг1о а йина, шен йукъ а йихкина цунна хьалхаваьлла д1ах1оьттира иза. Доггах шен къам дезар, цуьнгахь болу бала шен сих а, дагах а хьакхабелла хилар гайтира, кийрахь бусалба дог долчу Кадыровг1еран Ахьмад-Хьаьжас.
Мел дукха цо кхочушдан лерина г1уллакхаш диси, мел гена кхийдина ойланаш д1айай. Амма Делан къинхетам боккха бу, цхьадика. Ахьмад-Хьаьжас дан мел леринарг кхочушдина а, кхочушдеш а схьавог1у тахана цуьнан тешаме накъост а, г1ортор а хилла лаьттина волу цуьнан к1ант, Нохчийн Республикан Куьйгалхо, России Турпалхо Кадыров Рамзан.
Бакъдуьненчу ша д1авоьрзуш шен к1анте: «Х1ара а делахь, иза а чекхдаккхалахь»,- бохуш, леррина весеташ дан кхиъна хир вац Ахьмад-Хьаьжа. Делахь а, и дерриг шега дас дийцича санна, 1аламат инзаре боккха болх бан а бина, тахана беш а ву Нохчийн Республики Куьйгалхо Кадыров Рамзан вайн Даймохк кхид1а а кхиорехь, тобина, сурт санна хазбина д1ах1отторехь. И бакъдерг дац ала йиш йац таханлерчу дийнахь вайн махкахь вехаш волчу цхьанна а стеган. Кхузаманан исторехь, массара а даре деш ма-хиллара, и тайпа болх оццул йоцачу хенахь цхьана а меттехь цхьана а паччахьо йа куьйгалхочо бина бац. Оцу бакъдолчун тоьшалла дан йиш йу х1ора махкахочун.
Мел хан-зама д1аэхарх нохчийн къомана цкъа а вицлур вац шен дуьхьа дахар д1аделла волу Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан ц1е нохчийн керлачу исторехь дашочу элпашца йазйина хир йу. Цундела ду вай дерриш а Ахьмад-Хьаьжин сийнна а, таханлерчу НР-н Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане болчу ларамца а ваьш дол-долчохь халкъан а, мехкан а дуьхьа къахьега дезаш. Иза вайн декхар ду аьлла хета тахана а, т1е мел йог1учу ханна а…
ЭСКИЕВ М.