5-чу октябрехь 48 шо кхочу НР-н Куьйгалхочун, России Турпалхо волчу Кадыров Рамзанан. Массо а ламанхочун ц1арах оха даггара декъалво иза винчу денца. Вайн халкъана а, махкана а хьанал къахьега Дала ницкъ, собар, доьналла а ма-иэшадойла хьуна! Хьайн доьзалан, гергарчеран вуон ца гуш ирсе хуьлда хьан дахар кхин д1айолчу ханна а, лераме Ахьмад-Хьаьжин во1 Рамзан!
Б1ешерийн йохаллехь къизачу замано шен моьнаш дитинчу вайн лаьмнашна гина хийла дика а, вуон а. Масане да лаьтта кийра вахана кхузахь шен т1аьхьенан 1ер-дахар дикачу аг1ор хий- цадаларе сатуьйсуш. Хийла ламанан Органо шен боларца хуьйцуш дукха хиш идий- на ц1ена а, даьржина а кхин и хийцамаш ца хуьлуш.
Советан заманал дуккха а хьалха а, цул т1аьхьа а кхин башха 1едало хьистина бац ламанхой. Шайн баланашца, лазамашца шаьш буьсура уьш даима а. Наггахь шеран
коьртехь сакъера-м бог1ура кхуза лакхара 1едалера хьаькамаш. Церан, ма-дарра аьлча, цкъа а бала ца хуьлура къен-миска бохкучу бахар- хойн 1ер-дахарца.
Делахь а, даима а ца лаьтта цхьана эшарехь. Д1акхевдар вай цхьа ткъех шо хьалха. Хууш ма-хиллара, къизачу шина т1амах халла чекхдаьлла, машарен новкъа г1улч тийса доладелира дохийна, даьржина лела нохчийн къам. Шен халкъана хьал- хавелира къона баьчча — вайн хьалхарчу президентан Кадыров Ахьмад-Хьажин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!) во1 Рамзан. 2006-чу шеран март баттахь Шуьйта кхечира иза. НР-н Правительствон Председателан дарже х1оьттина дукха хан йацара цуьнан. Шуьйтара бахархошна ч1ог1а г1о-накъосталла оьшу мур бара иза. Махкахь хиллачу шина т1амо, массанхьа санна, йохийна лаьттара ламанцара дешаран, могашаллин учрежденеш, иштта нехан х1усамаш… Х1етахь к1езиг ца хьехабора оха «Ламанан аз» газетан аг1онаш т1ехь бахархойн лазамаш.
Амма дерриге а хийцаделира Кадыров Рамзан кхуза кхаьчча. Цо д1ахаийтира баккъал ламанхойн ша бала болуш хилар. Дукха хан йалале керла йина д1ах1оттийра кхаа районан ларалуш йолу больница. Цу т1ера д1абуьйлабелира лаьмнашкахь дикачу аг1ор хийцамаш: дан долийра йарташкахь маьждигаш, хьалайира школаш, боль- ницаш, административни г1ишлош, дира долахь ц1енош, ц1андеш, тодеш д1ах1иттийра вайн сирла, дарбане шовданаш…
Оццу шарахь луларчу Шара районе кхечира дукха хенахь дуьйна ламанхоша сатийсина электросерло. Инзаре чолхечу тархийн ирхешкахула Итон- Кхаьллара дуьйна альпийски перевалехула 60 гергга километар электролини йигира Шара шина-кхаа баттахь. Масане дара уьш цул т1аьхьа динарш, дан леринарш…
Иза Рамзанах даьлла беркат дара. Цу кепара г1уллакхаш кхочушдан, ондда болх вовшахтоха мел боккха безам хила беза шен мискачу халкъе, мел ч1ог1а дог лозуш хила веза иза цунах! Ламанхошна хиира шайн терго йеш, шайца бала болуш 1едал дуйла. Т1аккха церан цунах доггах тешам а буьйлира.
«Вайн дайн сатийсам эрна ца хилла»,- олуш хеза тахана а нах гул бел-беллачохь. Кху лаьмнашкахь баккхий хийцамаш хир бу баьхнера вайн х1ума хуучу дешначу наха. И мехала г1уллакхаш, вайна гуш ма-хиллара,лаьмнашкахь дина ца 1аш, йерриг республикехь а дина. Цхьа а т1еман лар йоцуш, ц1инбина, тобина д1ах1оттий вайн мохк, кхуза баьхкина хьеший цец а бохуш. Цу инзаречу балхана коьртехь лаьтташ ву вайн Мехк-Да, России Турпалхо Кадыров Рамзан.
Нохчийчоь меттах1оттийна ца 1аш, Рамзана вайн дайн оьзда г1иллакхаш лардарехь беш болу мехала болх а массарна а гуш бу. Массо аг1ор адаман дахар тодарехь шен са ца кхоош къахьоьгуш ву иза тахана а. Иштта ша къоман бакъволу к1ант хилар хаийти Рамзана массарна а, цундела и дукха а веза, лара а лору вайн махкахь. Т1аккха тамаша буй и вина де массеран деза де хилла д1ах1оьттича! Ткъа вайна Ахьмад-Хьаьжас (Дала декъалвойла иза!) билгалбаьккхинчу нийсачу новкъа д1адаха Дала_ ийман, собар, доьналла а лойла! Дала т1аьхье беркате а йойла вайн!
ЭСКИЕВ М.