Нохчиин маттах, нохчиин маттахь…

Нохчиин маттах, нохчиин маттахь…

Хууш ма-хиллара, НР-н Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен указаца 2007-чу шарахь дуьйна вайн махкахь шуьйра билгалдоккхуш ду 25-г1а апрель — Нохчийн меттан де, аьлла. Х1ора шарахь и де билгалдаккхар ламаст хилла схьадог1у Шуьйтан к1оштахь а. Даздира иза берийн бошмашкахь, школашкахь, кхийолчу организацешкахь. Иштта цу дийнахь цхьаьнакхетар хилира Хьенакхаьллара доьзална, берашна социальни г1оьнна лерина йолчу Центрехь (директор Арсанукаева Субар). Оцу мехалчу мероприяте дакъалаца баьхкинера к1оштан администрации куьйгалхочун заместителш: Сулейманова Хеди, Баканаев Мохьмад, Саидов 1абдул-Бакъи, к1оштан депутатийн Советан председатель Дадаев Хаважи, администрации куьйгалхочун бусалба динца долчу г1уллакхехула волу г1оьнча Абдулвахидов Асламбек, администрации вовшахтораллин а, социальни а отделийн хьаькамаш Амриева Жарадат, Келоева Зарема а, иштта кхиберш а.
Нохчийн меттан денца зала чохь гулбелларш декъалбеш дош элира Сулейманова Хедас.
— Цкъа дуьххьара суна луур дара шу массо кху дезчу денца декъалдан,- элира цо шен къамелехь. — Иштта суна т1едиллина вайн к1оштан администрации куьйгалхочо Акаев Руслана шен ц1арах шу дерриш кху денца декъалдар. Ненан мотт — Дала вайна делла доккха ни1мат ду. Иза бовзар, безар, бийцар — вай массеран а декхар ду. Бер дуьненчу даьлча цунна дуьххьара хезнарг ненан к1еда, мерза дешнаш ду. Цо латийна вайн дегнаш кахь вайн матте болу безам. Ненан маттаца доьзна ду вайн г1иллакх, оьздангалла, гергарлонаш, вовшийн йолу уьйр-марзо. Сан дехар хир дара шуьга: чохь-арахь, доьлхуш-дог1уш даима а вайн нохчийн мотт бийцар, ойла йан а цу маттахь 1амар. Иаккхий бен цунах марзо летар йац вайн. Дала ненан маттах хера ма дохийла вай цкъа а! Иза даггара бийца а, кхоччуш ларбан а Дала иман, хьекъал лойла вайна! — дерзийра цо шен берашка долу йистхилар.
Иштта ненан маттах довха дош олуш кхиазхошка вистхилира «Ламанан аз» газетан коьрта редактор Саламов Мохьадди.
— Ненал деза х1ума хир дац кху дуьненахь. Цо мацдалар, шелдалар х1ун ду ца хоуьйтуш, набаран суй бар доцуш, нохчийн маттахь илли олуш
аганахь техкийна вай. Дуьххьара вайна шенмерзачу озаца и мотт бовзийтинарг а нана йу. Иаккха муха безар бацара вайна ненан мотт? Муха дийр дацара цуьнан сий! Вайн йаздархоша, по- эташа шайн дийцаршкахь, байташкахь хестийна вайн меттан хазалла, цуьнан чаккхе йоцу шорталла. Лакхарчу классашка хьаладевлча шуна йевзар йу вайн къоман меттан к1оргенаш, цуьнан баш-халлаш. Тхан массеран а цхьа дехар ду шуьга: бийцалаш, безалаш, бовза г1орталаш вайн ненан мотт! Эрна аьлла ма дац халкъан кицанахь: «Мотт бу — къам ду, мотт бац
— къам дац». Дала вешан меттан сий-пусар дан хьекъал, доьналла а тоьийла вайн! — дерзийра цо шен къамел.
Цул т1аьхьа бераша шаьш кечйина сценкаш гойтуш, нохчийн маттах, нохчийн маттахь байташ йоьшуш дерзийра и мехала цхьаьнакхетар.
Дерзош даггара баркалла ала луур дара Центран директорна Арсанукаева Субарна и мехала цхьаьнакхетар дика вовшахтохарна.

ЭСКИЕВ М.

About Post Author

Общество