Кху деношкахь 23 шо кхочу Нохчийн Республикин Конституци т1еэцна. 2003-чу шеран 23-чу мартехь вайн республикехь д1айаьхьначу референдумехь НР-н Конституци къобалйина т1еэцарца, цунна кхаж тасарца вайн Коьрта Закон дахаран къилба хилла д1ах1оьттира вайна массарна а. Цу хенахь дуьйна Россин Федерацин бакъйолу, кхечеран мог1арехь йолу субъект хилира Нохчийн Республика.
Уггаре а кхерамечу, халчу муьрехь и жоьппалле г1улч йаккхалур йацара доьналла долчу, майрачу стаге, хьекъал долчу политике бен. Шен мехкан а, Россин а цу тайпа патриот вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан).
Цхьаболу политикаш, йукъараллин векалш а иза дохковаккха г1ертара ша дагалаьцначунна. Конституци т1еэцаран а, Нохчийн Республикин Президент харжаран а хьокъехь долу г1уллакхаш иттех шо даллалц хьеха а ма де бохуш хьехарш дора цара. Амма шен халкъан кхетам дика бевзаш а, хаьржина некъ нийса хиларх тешна а хиллачу Ахьмад-Хьаьжас ондда сацам бира махкахь референдум д1айахьа. Вайна массарна а дика дагадог1у цо аьлла дешнаш: «Халкъах дагадовла деза вай». Иза кийча вара харжамийн муьлхха а жам1аш т1еэца, уьш къобалдан.
Тахана вайн ч1аг1дина ала йиш йу: Нохчийн Республикин Конституцина ондда бух биллинарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ву. Оцу документо таро йелла республикехь 1едалан а структураш кхолла, кхийолу органаш вовшахтоха, йуьхь йолийна халкъан барт баран, экономика а, социальни дакъа а меттах1отторан.
Референдумо кхоччуш чекхдехира Нохчийн Республикин статусан хьокъехь хилла къамелаш. Референдумехь билгалдинчу хаттарна жоп луш, берриге бохург санна бахархоша хаийтира шаьш Россин паччхьалкха йукъахь даха лууш хилар.
Иза нийса харжам хиллий вайна тахана гуш ду. Шен дас, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас болийна машаре некъ, шена йуххе тешаме накъостий а х1иттийна, кхиамца д1ахьош ву тахана вайн Мехк-Да Кадыров Рамзан. Цуьнца цхьаьна оцу новкъахь ду дерриг нохчийн халкъ а. Дала мукъалахь, вай кхид1а а кхиамашка кхочуш, вешан Даймохк тобеш, хазбеш д1аг1ур ду. Оцу г1уллакхана доггах сагатдеш хьалхаваьлла стаг хилча х1уммаъ хала дац т1аьхьах1оьттина д1аваха. И некъ вайна 23 шо хьалха гайтира НР-н Хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цунна тешам беллачу нохчийн халкъо а.
Дала хьекъал а, лаам а ма-иэшабойла вайн оцу новкъа д1адаха а, цу т1ехь керла кхиамаш баха а!
«Ламанан аз» газетан редколлеги

