Натуев Мохьмадан йо1 Марьям дуьненчу йаьлла 1976-чу шарахь Дочу-Борзехь. Цуьнан ирс хиллера къинхьегам, комаьршалла, г1иллакх-г1уллакх, хьаша-да везар, ларар х1ун ду хуучу доьзалехь кхиан.
1982-чу шарахь Дочу-Борзерчу йуккъерчу школан йуьхьанцарчу классе деша йахара иза. Цигахь Марьяма боккха пайда ийцира шена доьзалехь 1амийначух. Йуьхьанцарчу классехь хиллачу хьехархочо Лечин Яхас нохчийн матте а, шен балхе а безам кхоьллира йоь1ан. Нохчийн меттан хьехархо хила лаар, шех пайдаэца мегар долчу масаллица, т1еч1аг1дира лакхарчу классашкахь хиллачу нохчийн меттан хьехархочо 1абдурахьманан Лайлас.
Т1ехдика дешарца чекхйаьккхира Марьяма ишкол. Шен харжамца иза деша йахара Нохч-Г1алг1айн хьехархойн институте. Шолг1ачу курсехь доьшуш йолуш, цуьнан хиллачу ишколан куьйгалхочо Ша1ранин Зинас кхайкхина балха д1айигира студентка. Дешаран а, белхан а мур цхьаьна д1аболабелира Натуева Марьяман. Иштта, 1995-чу шарахь, кхочушхилира йоь1ан бераллин лаам. Цу хенахь дуьйна таханлерчу дийне кхаччалц шена дукхабезачу балхахь къахьоьгуш схьайог1уш йу иза. Х1инца 30 шо дуьзна цо и болх бо, лаккхарчу категорин хьехархо а хилла цунах.
— Нохчийн меттан хьехархо къаьсташ хила веза кхечу хье-хархойх: дечу хьехарца, оьз-дачу духарца, леларца, эсалчу къамелаца. Бакъволу хьехархо хилар доккха пох1ма ду. Уггара хьалха берийн накъост хила веза, цул т1аьхьа массо х1уманна т1ехь царна масал хилла д1ах1отта веза, — боху Натуева Марьяма.
Иштта хьехархо йу иза ша. Дочу-Борзерчу йуккъерчу ишколан тоьллачу хьехархойн цхьаъ йу иза. Цунах лаьцна хасторан дешнаш элира ишколан директора Межиева Меднис. Цо дийцарехь, шен дешархошна беккъа нохчийн мотт хьехна ца 1аш, вайн къоман г1иллакхаш, ламасташ, 1адаташ а довзуьйту Марьяма. Нохчийн къонахойх лаьцна а дуьйцу, царех масал эцийта. Ткъа ненан маттах дерг аьлча, и безаш а, дика 1амош а схьабог1у цуьнан дешархой. Масала, цо 1амош болчу дешархоша Ташаева Мединас, Демельханова Хедас, Абазова Рамната, Абдулхамидов Мохьмада, кхечара а лакхара меттигаш йехира д1адаханчу шерашкахь нохчийн меттан районан олимпиадашкахь, конкурсашкахь.
Тахана 5-чу, 6-чу, 9-чу, 11-чу классашкарчу дешархошна нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш йу Натуева Марьям.
Зеделларг долчу хьехархочо халахетарца т1еэцна карарчу дешаран шарахь нохчийн меттан а, литературин а урокаш лахйар. Цу хьокъехь дийцира цо тхан шеца хиллачу къамелехь. Делахь а, шен белхан декхарш, хьалха санна, кхиамца, доггах кхочушдеш схьайог1уш йу Марьям.
Цуьнан кхиамаш билгалбаьхна школин куьйгалло а, Шуьйта к1оштан администрацис а, к1оштан дешаран урхаллин куьйгалхочо а Сийлаллин грамоташ, Баркаллин кехаташ даларца. Ткъа 2024-чу шарахь цунна Сийлаллин грамота йелира Нохчийн Республикин Мехка-Дас Кадыров Рамзана.
Ч1ог1а реза йу Натуева Марьям шайн хьехархойн коллективана.
— Хьанала къахьега суна ницкъ луш берш сан белхан накъостий бу, — боху цо. — Болатал а ч1ог1а бу аьлла хета суна тхайна йукъара барт. Оьздангаллин орамах д1а ца хедаш, иштта хаза, мерза чекхдовла Дала доьналла а, собар а лойла тхуна!
Хьуна хетарехь, бакъволу хьехархо муха хила веза аьлла шега динчу хаттарна иштта жоп делира Марьяма:
— Шена хууш долчунна т1ера берашна ца хууш долчунна т1е охьавосса хууш, т1аккха цаьрца цхьаьна лакхенга некъ бан хууш хила веза бакъволу хьехархо. Иза ду аьлла тешна йу со тахана сайн балха т1ехь коьртаниг.
Натуева Марьямана а, и санначу бакъболчу хьехархошна а лерина йаздина аьлла хета суна поэтессас Закриева Пет1амата х1ара дешнаш:
Хьан дахар ца хилла
бахамца дустуш,
И хилла оьздачу
г1иллакхийн б1ов.
Генара вевза хьо
урамца вог1уш,
Хьан карахь даима
тептарийн ц1ов.
Йацахь а хьан ц1арах
г1аланаш, йарташ,
Ахь хьанал д1акхоьхьу
хьайн сийлахь дукъ.
Тахана даггара
суждане доьлхуш,
Хьан кара белла-кха
кханенан мукъ.
Дерзош, суна даггара декъалйан лаьа Натуева Марьям т1едог1учу Нохчийн меттан денца! Дала могашалла лойла хьуна хьехархочун сийлахь болх кхид1а а кхиамца д1акхехьа!
М. АЛХАНОВ
Суьрта т1ехь: нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Натуева Марьям шен дешархошца цхьаьна.

