Нохчийн зудчун де билгалдаьккхира Шуьйтахь

Нохчийн зудчун де билгалдаьккхира Шуьйтахь

Нохчийчохь 2009-чу шарахь дуьйна НР-н Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан указца леррина билгалдоккхуш а, шуьйра даздеш а ду Нохчийн зудчун де. Нохчийн къоман йехачу исторехь, иштта т1аьхьарчу шина т1амехь а халкъо лайначу баланашкахь уггар дикчу аг1ор вайн зударий билгалбевлла хилар а, Дади-йуьртахь оьрсийн паччахьан эскаршна къар ца луш, йурт йохийначул т1аьхьа йийсаре шаьш д1абуьгуш нохчийн мехкарша гайтина доьналла а, шаьш-шайн ца кхоор а билгалдоккхуш йукъадалийла ду Нохчийн зудчун де.
И дезде нохчийн наношна, йижаршна, мехкаршна хьакъ дац хьан эр ду? Уьш ца хиллехь дан амал доцуш, ваха-ван йиш йоцуш, бан болх а, доьзалшна напха даккха меттиг боцуш божарий бисинчу хенахь блок-посташкахула майрра д1асаоьхуш, йохкар-эцар лелош, базаршкахь лаьтташ шайн доьзалш а, дерриг нохчийн халкъ а кхебира вайн зударша. Дела резахуьлда царна, Дала дукхабахабойла уьш вайна!
Нохчийн зудчун де даздан лерина мероприяти д1айехьира 20 сентябрехь Шуьйтан йуккъерачу школан майданахь. Цигахь вайн зударех лаьцна довха дешнаш олуш гулбеллачарна хьалха вистхилира к1оштан администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель Басханов Муслим а, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Гучигов 1ела а. Цара массеран а ц1арах уггар хьалха декъалйира вайн Мехк-Ден нана — лераме Кадырова Аймани Несиевна, хьахийра цо миска-г1ийла бохкучеран йеш йолу терго, ахчанца а, кхидолчу рицкъаца а лоцуш долу г1о. Иштта шайн къамелехь цушимма дийцира нохчийн зударшна доьналлица шайн доьзалшна, кхерчашна дола деш, божаршна тешаме накъостий болуш уьш чекхбовлар.
И мехала мероприяти йерзийра зударшна зезагаш а луш, уьш культуран декъан белхахоша х1оттийначу концерте а хьовсуш.

(Тхан хаам)

About Post Author

Общество