8-чу февралехь Айдамиров Абузаран ц1арахчу къоман библиотекехь д1айехьира Россин йаздархойн союзан декъашхо Макалов Шамсудди вина 80 шо кхачарца лерина йолу «Кхоллараллин суьйре». Цига дакъалаца баьхкинера НР-н йаздархойн Союзан правленин председатель Ельсаев 1аламахьад, цхьамог1а йаздархой, журналисташ, иштта поэт везаш, вевзаш берш а, цуьнан доьзал а.
Цхьаьнакхетар д1адолош А. Ельсаевс билгалдаьккхира халкъан йаздархочо, поэта Макалов Шамсуддис къоман литературехь мехала лар йитина хилар.
— Макалов Шамсудди ша хьакъдолу лор хилла ца 1аш, прозехь, поэзехь шегара доккха пох1малла гайтина стаг ву. Вайн махкахь йевзаш йу цуьнан произведенеш. Къаьсттина берийн литературехь ондда къахьегна Шамсуддис. Тахана цуьнан гуларех шуьйра пайдаоьцу школашкахь, иштта вайн йукъараллехь а. Дала декъалвойла иза! Оха, цуьнан накъосташа йаздархоша, журналисташа, тхешан ницкъ кхоор бац цуьнан произведенеш шуьйра йовзийтаран 1алашонца зорбане йахийта. Гергарчу хенахь тхан ойла йу цуьнан дийцарш, байташ цхьана гуларе йерзийна арахеца,- элира 1. Ельсаевс шен вистхиларехь. Дала мукълахь, йаздархойн союзан правленис даима а лорур бу, сий а дийр тхешан мог1арехь хьалха хилла а, х1инца болу а накъостийн.
Иштта Шамсуддех довха дош олуш бистхилира поэт, публицист волу Цуруев Шерип, «Орга» журналан коьрта редактор Алиева Залина, йаздархо Халикова Асет, «Ламанан аз газетан коьрта редактор Саламов Мохьадди, иштта кхиберш а.
— Тхо долчу, Орга» журналан редакце, кест-кестта вог1ура Шамсудди шен цхьадолу дийцарш, байташ йохьуш. Ч1ог1а тамашийна эхь-бехк шеца долуш стаг вара иза. Сихха т1етохьара бохуш, цхьаццаберш санна чу а ца г1ертара: «Шайн аьтту балахь, х1орш шайна магахь, т1етухур аша», — олий, цхьа оьзда вистхуьлий д1авоьдура. Цуьнан уьш ахь йешча чулацаме, к1оргера маь1на долуш карайуора, хазахеташ оха зорбане а йохура уьш. Цхьа а къамел доцуш, вайн литературехь хаъал лар йитина д1аваха Шамсудди, Дала декъалвойла иза,- бохуш дуьйцура З. Алиевас шен дагалецамашкахь.
— Шамсуддин произведенеш, шайерш аьлча санна, журналийн, газетийн аг1онаш т1ехь йешар, йовзар нисделла сан,- хьахийра шен къамелехь Халикова Асета.
— Цхьа а къамел доцуш, уьш маь1не, боккха чулацам болуш карийна суна. Суо йазйан йолалуш ч1ог1а пайдаэцна аса царех. Даймахке, ненан матте, 1аламе болу безам бу цо гойтуш берг шен дийцаршкахь, стихашкахь. Дала мукълахь, вайн иэсехь лаьттар бу Шамсудди а, иштта вайн къоман хеназа д1аихна сийлахь йаздархой, поэташ. Вайн ницкъ кхочучу барамехь цуьнан произведенеш йовзийта хьовсур ду вай юкъараллехь, 1аламахьада ма-аллара. Д1аихинчеран вай сий дарах терра, вайн сий а дийр ду т1екхуьучу т1аьхьено.
— Суна уггар хьалха Шамсудди цуьнан доьзалан а, Шуьйтарчу бахархойн а, иштта сайн ц1арах а доккха баркалла ала луур дара х1ара цхьаьнакхетар вовшахтоьхначу НР-н йаздархойн союзан правленин коьртехь волчу Ельсаев 1аламахьадана,- элира М. Саламовс. — Ша Шуьйтара схьаваьлла хиларе терра Шамсуддинна ч1ог1а дукхабезара шен дай баьхна мохк, цундела цо иза доггах хеста а буора шен байташкахь. Дуккха а шерашкахь ламанан районехь коьрта санитарни лор волуш белхаш бина цо, амма литературица шен тасаделла гергарло д1а ца тосуш, шегарчу пох1мица и кхиош схьавеъна иза. Редакцехь долчу тхоьца ч1ог1а гергарло дара Шамсуддин. Цуьнан байташ, цхьадолу дийцарш газета т1етохар нислора тхан. Нохчийчохь хиллачу хьолах доглазарца йазйина хуьлура цуьнан байташ, иштта Даймахках, ненах, ненан маттах, 1аламах а. Хаало мел к1орге бу цуьнан дуьнене болу хьежам. Иллешка йирзина а йу цуьнан цхьайолу стихаш. Тхойшинна цхьаьна кест-кестта школашка а, оьздангаллин кхерчашка а кхачар нислора ненан маттах, г1иллакх-г1уллакхах дерг а берашна довзийта. Хаза оьзда, к1еда-мерза вистхилар долуш вара Шамсудди. Къаьсттина хазахетара цунна бераша Окуев Шимин а, шен а байташ дагахь йешча. Цхьа шо сов хан хир йу иза вайна юкъара д1авахана. Дала гечдойла цунна! Цуьнан кхоллараллин некъан аша дика мах хадий тахана. Делахь а, кхин а т1етоха луур дара Шамсуддех лаьцна. Иза говза лор, пох1ма долу йаздархо, поэт хилла ца 1аш, ша ч1ог1а дика стаг вара. Нахаца хаза тарлуш, дика-вунехь волуш, шех ала диканиг бен ца дуьтуш д1аваха иза. Ша санна оьзда хьалакхиийна цо шен доьзал а (ши к1ант, кхо йо1). Уьш тахана лаккхара дешарш дешна, цхьацца говзаллаш кара а йерзийна, хьанал къахьоьгуш бу. Оха, Органан ч1ожаца хьала-охьа бехачара даима а тхешан иэсехь латтор ву бакъдуьнене д1авахана интеллигенцин сирла векал а, берийн хьехамхо а хилла лаьттина волу Макалов Шамсудди.
Доккха совг1а хилла, хазахетарца т1еийцира гулбеллачара Шамсуддинан берийн бераша шайн дедех лаьцна шаьш йазйина а, иштта цуьнан а байташ йешарца.
Цхьаьнакхетар чаккхенга дерзош, массаьрга а баркаллин дош олуш бистхилира Шамсуддинан йиша Лайла, иштта к1ант Мухьаммад а.
— Дала Шен духьа лорийла аша тахана тхан бина сий-ларам. Тхуна деза а, мехала а ду аша тхан ден дахаран а, кхоллараллин некъан а иштта мах хадор. Дела реза хуьлда цунах довха, мерза дош мел аьллачунна! Дала мукълахь, тхаьш боккхучу когаца, олучу дашца цуьнан ц1е ларйеш д1адаха нигат ду тхан,- элира Макалов Мухьаммада.
Цо иштта къоман библиотекан фонде шен дас лерина лелийна, Санкт-Петербургехь 1905-чу шарахь зорбане йаьлла йолу «Всемирная география» киншка а йелира. И мехала мероприяти йерзош массеран а аьтто хилира Исмаилов Шарпуддис д1аолучу иллешка а, Баматгириева Малх-Аьзнис лекхначу эшаршца а ладог1а. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!