Г1иллакхийн хазна йовзуьйтуш

Г1иллакхийн хазна йовзуьйтуш

Кху деношкахь Шуьйтара юккъерачу школан лакхарчу классашкара дешархошца г1иллакхийн хазна йовзийтар 1алашонца цхьаьнакхетар хилира “Ламанан аз” газетан белхахойн.
Шен къамел д1адолош коьрта редактора Саламов Мохьаддис хьахийра вайн дайн хаза г1иллакхаш, исбаьхьа амалш кегийрхошна йовзийтарехь, уьш вайн юкъараллехь шуьйра йаржайаран, ларйаран г1уллакх вайн республикин 1едалан коьртачу тидамехь хилар. Цу декъехь НР-н Куьйгалхочо Кадыров Рамзана т1едилларца кхочушбан билгалбаьхна бу дукха белхаш.
Цунна т1етевжина районан газетан аг1онаш т1ехь кест-кеста арайуьйлу къоман оьздангаллин башхаллаш йуьйцуш йолу тайп-тайпана материалаш. Цунна лерина дара дешархошца хилла цхьаьнакхетар а.
— Дайн хазчу г1иллакхашца болу ларам, исбаьхьа ламасташ, шира 1адаташ вайн халкъан хазна хиларе терра, уьш довза а, деза а декхарийлахь ду вай,- элира М. Саламовс шен къамелехь. — Халахеташ делахь а, тахана вайна хаало цхьаццаболчу кегийрхоша дайн г1иллакхаш лоруш цахилар. Кхузахь бахьана цхьаъ го — царна уьш ца хаахь, ца довзахь, йа лелон йа лаахь.
Цхьаьнакхетарехь иштта хьахаделира боккха т1е1аткъам вайн къоначу чкъурана телефонаша а беш хилар. Хаам бан а, оьшург чуьра схьаэца а дика г1ирс бу иза, делахь а, ца оьшург а ду цу чохь дукха. Цунах а, кхидолчу вайн г1иллакхашна шайна мела а т1е1аткъам бо аьлла хетачух олуш бистхилира цхьаболу дешархой а.
Дийцаре дира кегийрхой кхета дезаш хилар коьртачух — шен мотт, г1иллакхаш лара дезаш хилар, кхерчан сий ларбарал деза х1ума цахилар а. Цу декъехь дешархошна довзийтира нохчийн фольклор юкъахь ламасташ, 1адаташ лардарехь долу шира дийцарш, кицанаш, аларш…
Дешархоша нохчийн йаздархойн байташ а йоьшуш дерзийра и мехала цхьаьнакхетар. Школан директора Цинцаева Лала Мовлдиевнас баркалла элира баьхкинчу хьешашна иштта чулацаме, дешархошна оьшуш долу къоман г1иллакхех дерг довзийтарна, къобалдира т1ейог1учу ханна а иштта цхьаьнакхетаршка дахкар. Дала т1аьхье беркате йойла!

About Post Author

Общество