Ненан матте безам кхуллуш

Ненан матте безам кхуллуш

Хууш ма-хиллара, х1ора шеран 25-чу апрелехь вайн махкахь билгалдоккхуш ду Нохчийн меттан де. Республикан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указаца къастийна долу и де дерриг халкъан дезде хилла д1ах1уттур ду х1окху шарахь а, Дала мукъалахь.
Шен бийца мотт боцург къам дац. Ткъа и мотт хилийта а, кхио а, цуьнан хазна халкъалахь шуьйра йаржон а х1ора дийнахь бохург санна къахьега деза вай массара а.
Иштта къахьоьгучарех цхьаъ йу Хьенакхаьллара йуккъерачу школехь берашна нохчийн мотт хьоьхуш йолу Капланова Эниса Султановна.
Йина 1976-чу шарахь Грозненски к1оштан Шинсуьйра-юкъахь. Йуккъера школа чекхйаьккхина 1994-чу шарахь Шуьйтан к1оштан Хьенакхаьллахь. 1995-чу шарахь деша йахара Эниса Нохчийн пачхьалкхан университетан къоман факультете, школехь болх беш а йолуш. Кхиамца чекхйаьккхира университет нохчийн меттан, литературан хьехархочун говзалла кара а йерзош. Ненан мотт берашна хьоьхуш, цуьнан йерриг хазна царна йовзийта г1ерташ схьайог1у Эниса Султановна х1окху ткъе ворх1 шарахь. Ша-шен ца кхоош школехь вайн берашна нохчийн мотт 1амийна ца 1аш, къоман г1иллакхаш, ламасташ довзуьйтуш, шен леларца а, йистхиларца, царна вайн матте безам кхуллуш, ша бечу балхана чу са диллина къахьоьгуш йу Эниса Султановна.
— Цхьа а шеко йоцуш, вайн берашна нохчийн мотт марзбарехь, шен ша йолу ойла уьш кхетош-кхиорна т1ехьажийначарех цхьаъ лара хьакъ йу Эниса Султановна. Коллективехь лоруш а, къоначу хьехархошна дала хьехар долуш а, вуьшта ша дика стаг йу иза,- цунах довха дош олуш йистхилира школан директор Идрисова Эсет Супаевна.
Дийца оьшуш дац, иштта йуьртарчу берашна а, церан дай-наношна а и хьехархо йезаш, цара лоруш хилар. Эниса Султановнас бинчу бехачу хьехархойн некъан мах хадош НР-н дешаран министерствон а, районан администрацин а, иштта дешаран декъан а ц1арах а Сийлаллин грамоташца а, хастаме кехаташца а совг1аташ дина Капланова Энисина. Стохка, 2021-чу шарахь, республикин хьехархойн цхьаьнакхетарехь «Нохчийн меттан хьехархо» мидалца совг1ат деш билгалбаьккхира цо бина болх министра Байсултанов Идриса а. Иштта массара а лоруш, пох1ма долу хьехархой вайн районехь хилар вайна массарна а боккха йуьхьк1ам бу. Шех лаьцна дийца кхин т1ера йацахь а, делахь а, шеца дешархойн а, йуьртахойн а болу ларам коьрта а, уггар дезачех совг1ат хетар хаийтира Капланова Энисас тхан шеца хиллачу къамелехь.
Дала аьтто бойла хьан, Эниса, айхьа йуьхьарлаьцначу атта боцчу, амма сийлахьчу хьехархочун новкъахь! Т1едог1учу Нохчийн меттан денца даггара декъалйо хьо. Дала ма-иэшабойла вайна хьо санна болу къоман хьехархой х1инцачул т1аьхьа а!

About Post Author

Общество