Нохчийн мотт… Б1ешерийн йохаллехь вайн дайша бийцина, берийн аганашна, доьзалийн кхерчашна, дийнахь сарралц къахьегначу аренашна т1ехула декна цуьнан зевне, хаза аьзнаш.
Мухха делахь а, царна-м хазахетта и, мага а мегна, лела а бина иза х1умма а ийза а ца луш я и бийцарх эхь а ца хеташ. Эхь стенна хета шена Дала белла ненан мотт буьйцучунна. Цхьаццаболчарна бен-башха а ца хета шаьш санна болчу нохчашна юкъахь кхин мотт бийцар, йа шаьш кхечу маттах иэбеш бийцар, шен мотт хаза цахетар, йа иза тоаме цахетар, йа цаларар бен кхин бахьана хуьлийла дуй цигахь?
И тайпа доглазарца къамелаш дира Шуьйтан районан администраци хьалха йолчу майданахь. Кхузахь бара районера а, ярташкара а бахархой, тайп-тайпанчу предприятийн, учрежденийн векалш, школашкара дешархой, иштта церан хьехархой а. Гуламе дакъалаца баьхкинера районан администрацин куьйгалхочун 1-ра заместитель Басханов Муслим, заместитель Демильханова Хеда, администрацин куьйгалхочун г1оьнча 1абдулвахидов Асланбек, районан депутатийн Советан председатель Дадаев Хаважи, иштта кхиберш а. И дезде д1адехьира Вахаев Т1ах1ир коьртехь волчу Шуьйтан к1оштан дешаран декъо д1адолорца.
Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар д1ахьош йара лакхарчу классера ши йо1. Хьалхара масех дош нохчийн маттах, цуьнан йист йоцчу хазаллех лаьцна шаьш аьллачул т1аьхьа цара дош делира Басханов Муслиме.
— Нохчийн мотт — вайн хазна, вайн дозалла ду,- элира цо шен вистхиларехь. — Бакъдерг аьлча, цхьана ханна и дицлуш дог1ура вай, хууш ма-хиллара, хаъал лахделлера вайна йукъара г1иллакх-г1уллакх. И дериг сурт шена ма-дарра гуш, оцу хьолана орцахвелира вайн республикан Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цуьнца доьзна дара цо куьг яздарца — 25-г1а апрель — Нохчийн меттан де, аьлла билгалдоккхуш долу указ. Вайн мотт ларар, иза вай бийцар, 1амор шордарехь 1аламат доккха дакъа ду оцу Указан. Вайн халкъан кхоллам шена хийра цахилар, оцу г1улаккхана республикан куьйгалла саготта хилар хоуьйтуш ду и Указ. Ненан мотт дебарехь вайн махкахь беш бу дуккха а белхаш. Цунна масал ду Къилбаседа Кавказехь цхьаъ бен йоцу Нохчийн меттан институт вайн республикехь хилар а. Дала вешан нохчийн мотт хецна миччахь бийца а, цуьнан дан ма-деззара сий-пусар дан ницкъ а, доьналла а лойла вайна. Дала декъалдойла шу кху дезчу денца!
Иштта ненан маттах лаьцна чулацаме, хьекъале къамелаш дира гулбеллачара а.
Леррина долу дакъа чекхдаьлла нохчийн мотт хьоьхуш болчу хьехархошна администрацин ц1арах Сийлаллин грамоташ елира, ахчанца совг1аташ а деш.
Цул т1аьхьа д1абаьхьира дезчу денна лерина болу къовсам. Х1ора школера билгалбаьхначу дешархоша байташ йоьшуш, забарен сценкаш а х1иттош гайтира шайн хаарш. Цу къовсаман мах хадон хаьржинера лерина жюри. Цу йукъахь бара НР-н хьакъволу хьехархо Дудаев Султан, «Ламанан аз» газетан коьрта редактор Саламов Мохьадди, районан оьздангаллин декъан куьйгалхо Эльмурзаева Зара, иштта хьалха иттаннаш шерашкахь Шуьйтан к1оштан дешаран декъан коьртехь лаьттина, х1инца хьакъдолчу пенсехь волу, Магомадов Ризавди а. Цара цхьа а уозам боцуш билгалбехира толамхой. Ала деза, массара а дика кечам бинера цу денна. Делахь а, жюрис бинчу харжамца 1-ра меттиг йелира Шуьйтан йуккъерачу школана, 2-г1а меттиг кхечира Асланбек-Шериповн йуккъерачу школана, ткъа 3-г1а меттиг йийкъира Д1айра а, Лаха Варандара а школаша.
Къовсам берзийнчул т1аьхьа массеран а аьтто хилира вайн районан школашкара гайта беанчу ширчу, хьалха вайн хилла кад-пхьег1а а, иштта 1ер-дахарехь вайн дайша лелийна г1ирсе хьовса. Дерзийра и мехала цхьаьнакхетар районан культуран белхахоша х1оттийнчу концертни программе а хьовсуш, нохчийн хелхарш а деш. Дала декъалдойла вай массо а Нохчийн меттан денца!