Иза вехар ву  вайн дегнашкахь

Иза вехар ву вайн дегнашкахь

Толаман де. И де баккхийберца билгаладоккхуш ду Советски Союзана чудог1уш хиллачу дукхахдолчу къаьмнаша. Иза ларамаза а дац. Нисса 77 шо хьалха Сийлахь боккхачу Даймехкан т1амехь фашистски Германина т1ехь толам баьккхира Советски Армис. Цу йукъехь бара вайн дай, дедай а. Дала мукълахь, дозаллица дерриг дуьненна а бийца шайгара доьналла, майралла гайтина турпалхой бу вайн. Тахана, халахеташ делахь а, жимделла дог1у т1еман ветеранийн мог1анаш. Амма массеран а декхар ду цу фашизман унах вай к1елхьардаьхначу оцу турпалхойн (муьлххачу къоман иза велахь а) сий дар, ларар, вайн иэсехь латтор.
Нохчийн къомана и хазахетаран де хилла ца 1аш иэшаман де хилла д1ах1оьтти 2004-чу шарахь дуьйна. Нисса 18 шо хьалха, 9-чу Майхь, Толаман денна лерина Соьлжа-Г1алахь д1ахьочу т1еман парадехь инзаре доккха эккхийтир а дина нохчийн халкъ хадийра шен Хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжех (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!). Дала бекхам бойла цунна шайн ц1ийх дуьзна боьха куьйгаш т1екховдийнчарна. Хьере хилла хьаьвзира Нохчийчоь: «Х1инца х1ун хила доллу техьа? Юха а вай боьрдах кхисса кечдеш х1ума ду техьа?»,- бохуш хаттарш х1уьттура бахархошна хьалха. Сийна к1ур хилла т1емаша човхийна, бохийна мохк, дуьне мел ду д1асадаьржина нохчийн къам — иштта хьал дара машаре сатуьйсучу Нохчийчохь.
Ахьмад-Хьаьжас шен къомана уггар хала киртиг т1ех1оьттича хьалха ваьлла гайтира дерриге а дуьненна халкъан дуьхьа муха ваха веза, гайтира оьшучохь Даймахкана шен са д1адала ша кийча хилар а.
Нохчийн къоман йехачу, амма шалхечу исторехь шен-шен заманахь бевлла къонахий. Юьртана, махкана т1е бохам беъча, юкъ а йоьхкий хьалхабовлуш хилла уьш. Адин Сурхо, Таймийн Биболт, Мадин Жаьммарза, Жуми Акхтула, Шейх Мансур, Бенойн Бойсаг1ар, Харачойн Зеламха…
Церан амалехь коьртаниг хилла яхь, собар, доьналла, майралла. Г1ийла-мискачух къахетар, царна г1о дан кийча хилар. Даймохк, шайн халкъ дезар коьрта лоруш оцу вай хьахийначу оцу къонахаша.
И масал лакхахь аса далийра вайга цхьажимма ойла йарца хилларш дустийта. Масала: Адин Сурхо винчу нене веха бог1у юьртахой: латтанаш д1адаха г1ерташ, т1ехь йоцу йасакх схьало бохуш хьийзадо шаьш Г1ебартой эло Мусоста, аьлла. «Ша цунна белла накха хьарам бийр ма бара, йуьртана оьшучохь и д1ах1отта кийча ца хилча,- аьлла жоп делла дехаре баьхкинчу юьртахошна Адин Сурхон нанас. Иштта шайх ала дика дош дитина оцу къонахоша халкъалахь.
Нохчийчоьнан керлачу исторехь халкъ х1аллакьхила герга даханчу хенахь вай лакхахь хьехийна къонахий санна, юкъ а йихкина къомана хьалха велира Кадыровг1еран Ахьмад-Хьаьжа. Цо нохчийн халкъана т1е кхерам боьссича (буьйцург т1аьххьара ши т1ом бу) т1еман инарлашка а, вайн юкъара питана бен шайгара кхин диканиг ца даьллачаьрга а д1ахьедира: «Ша шен къам цхьаьнге а ловзадойтур дац. Сан 1алашо — т1ом сацор йац, гуттаренна иза вайн махкара д1абаккхар йу» — аьлла.
Доггах шен къомах дог лозуш, иза дезаш хилча бен дийр дац иштта къамел. Шайн ворх1е а дайшкара дуьйна к1орггера бусулба дин а долуш, нахаца дика тарлуш схьабог1уш бу Кадыровг1ар. Ишттачу дайх схьаваьлла волу во1 ледара хуьлийла а дацара. Ахьмад-Хьаьжин амалашна юкъехь къаьсстина гучуевлера: хьаьнга а юьхьдуьхьал бакъдерг д1аалар, г1ийла-мискачун г1о лацар, ша делла дош кхочушдар.
Иза вайна гина ду, хууш а ду.
Дала дика дина вайна цхьана х1уманна т1ехь: Ахьмад-Хьаьжас болийна некъ чекхбаккха юкъ а йихкина аравелира уггаре кхерамечу хенахь шен дена юххехь лаьттина волу цуьнан к1ант Рамзан. Тахана шен къомана хьалха а ваьлла, ден весеташ, цо даза дисина г1уллакхаш кхочушдеш схьавог1уш ву иза. Дала цуьнан аьтто бойла массо а х1уманна т1ехь! Цунна тешаме накъостий а хилла д1ах1итта Дала хьекъал, доьналла а лойла вайна!

About Post Author

Общество