Т1екхечи вай массара сатийсина аьхке. Деладелла, декхаделла хаало адамаш. Иштта денлой, чу са дог1ий д1ах1утту гонахара 1алам а. Хууш ма-хиллара, ламанца сада1а хьалататтало дукха нах. Хьанна ца лаьа ц1ена х1аваъ кийра бузош чуоза, ламанах бухдуьйлучу шийлачу шовданах къурд бан?! Соьлжа-Г1алара Шуьйта бог1учу новкъахь масех ду и тайпа ц1ена шовданаш. Цхьана юкъана, мухха делахь а, д1алекъина лаьттинера уьш, ткъа х1инца, цхьа Делан къинхетамца, схьадуьйладелла. Цунах баккхийбеш хуьлу хьала-охьа леларш, иштта шайна мала шовда дахьа бог1урш а.
Делахь а, ала г1ертарг кхин ду. Халахеташ делахь а, дог 1овжош ирча сурт хаало вай дозалла дечу шовданашна гонах. Ц1енна къаьхьа де ду кхузахь доллург: д1асакхийсина нехаш, пластикови шишанаш, пакеташ… Оцу нехаш т1ехула когаш а бетташ, шек д1а а боцуш хи оьцуш хаало цхьаберш. Вай х1уъа дийцарх, кхин хийцалуш дац-кх и сурт кху т1аьхьарчу хенахь.
Цу хьолах лаьцна къамел хилира тхан Шуьйтан администрацин юьртадеца Сулейманов 1елица.
«Деллахь, хица долу х1ума, къаьсттина шовданца а, ч1ог1а деза а, лерина а ма дуьйцу. И вайн лахахь долу шовданаш ц1еналла латторехь тхан 1уналлехь ду. Х1ора дийнахь бохург санна цига нах ма оьхуьйту оха нехаш схьагулйан. Дукха къамелаш ма дина цига хи дахьа бог1учаьрца: «Делах эхь ма ду вайна кху гонах иштта боьха хилча, хьовсуш хилахьара шу, шайна охьакхуссуш нехаш гича, ма кхисса алахьара, вай массеран а йукъара ма ду х1ара сел деши санна ц1ена т1улга бердах схьадолу шовда»,- бохуш. Х1етте а шуна гуш ду-кха х1ара сурт, кхарна т1аьхьара х1орш гулйан а ца ларало тхо,- бохуш г1айг1ане воьжнера юьртада.
Вай оьздангалла, г1иллакхаш хьехадо, вовшен хила беза ларам, лерам буьйцу, массо а садийна х1уманца, гонахарчу 1аламца къинхетаме хила дезаш хилар а дуьйцу — ткъа бахарх, дийцарх тоьий, вай ваьш ойла а йина ц1еналла латтош ца хилча. Иштта ирча сурт хааделча, х1ун ойла кхоллалур йу техьа дехьа-сехьара вай долчу вог1учу хьешан? Вайн д1аихначу дайн мел ч1ог1а ларам хилла 1аламца: лаьмнашца, хьаннашца, шовданашца… Цундела царна иман-беркат хуьлуш хилла шаьш лелочух. Царех дозалла деш долчу вайна товш дуй техьа иштта хилар? Дала ваьшна деллачу исбаьхьа 1аламан сий-пусар дан иман, доьналла а лойла вайна!