«Ц1еналла нуй хьекхарх хуьлуш йац, иза нехаш ца йаржочохь хуьлу» — олуш хезна вайна. Бакъдолуш, кху т1аьхьарчу хенахь вайн урамашкахь сих-сиха санитарни ц1еналла латторехь д1ахьош белхаш хаало вайна. Иштта ламаст хилла д1ах1оьттина Шуьйтан к1оштахь шайна т1еч1аг1йина меттигаш учрежденийн, организацийн коллективаша ц1ена латтош.
К1оштан администрацин куьйгалхочо Акаев Руслана куьг йаздина арайаьллачу распоряженица т1едиллина хиларе терра коьрта тидам т1ебохуьйту ц1еналла латторехь райцентран урамашна, иштта йарташка доьлхучу некъашна а. Ала дашна, карарчу хенахь массеран а б1аьрг бузуш, дика куьце-кепе дахкийна вайн урамаш — оьшучохь силам беш, тротуараш дохкуш. Уьш, вайна ма-гарра, уггар хьалха бахархойн аьттонна тодина а хилча, вайн массеран а декхар ду ваьшна билгалйаьхначу меттигаш т1ехь санитарни ц1еналла латтор.
Кху деношкахь иштта хьанал къахьийгира белхийн тобанаша хьаладаьллачу къухана косилка хьокхуш, некъан йистош коьллех ц1анйеш, иштта дитташна, бардюрашна, тоькан б1ог1амашна кир-басар деш. Цул сов, нехех ц1анйира берийн сада1аран паркаш, йарташкара кешнаш, майданаш, кхийолу юкъараллин меттигаш.
Ала дог1у, цу дийнахь белхеша ц1еналла латторехь бинчу белхан мах хадош массарна а баркалла элира к1оштан куьйгалхочо Акаев Руслана. Шен вистхиларехь цо йуха а билгалдаьккхира вай 1аш-дехачохь ц1еналла латтор уггар хьалха могашаллин закъалт а, меле г1уллакх а хилар. Дала мукълахь, нигат ду-кх вайн цу т1ехь къахьега. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
Тхан хаам