«Къонах» бохучу дешан чулацам к1орге бу. Къонах — иза собар, йахь, доьналла, тешам, майралла, доцца аьлча, йерриге къоман оьздангаллин синмехаллаш шеца йолу стаг ву. И сийлахь ц1е стагана халкъо туьллуш хилла.
Х1ора б1е шарахь, шен замане хьаьжжина, цхьацца къонах волуш хилла халкъана йукъара. Масала, къоман иэсехь бисина, шайх лаьцна халкъо иллеш даьхна болу къонахий: Таймин Биболт, Мадин Жаьммарза, Жуми Акхтула, Адин Сурхо, Зайтан Шихмирза, Бенойн Бойсаг1ар, Исмайлин Дуда иштта д1а кхиберш а. Къомана цхьа хала киртиг т1ех1оьттича, йукъ а йихкина, кхерамна б1о ца къажош, арабовлуш хилла и къонахий.
Цхьа а шеко йоцуш, вайн заманан къонах ву Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан).
Х1окху т1аьхьарчу ткъе иттех шарахь, харцбаьччийн олалла к1ел нисбелла, уьш бахьнехь, дерриг халкъ бехк боцуш хьийзочу хенахь хьалха а ваьлла, вайн цхьа а бехк цахилар д1а а хаийтина, х1аллакдечуьра къам к1елхьарадаьккхинарг ву Ахьмад-Хьаьжа. Вай цунах лаьцна мел дукха дийцарх а, муьлххачу а нохчочуьнга Ахмад-Хьаьжах лаьцна хаьттича — йух-йуха а дийца дуккха а дика х1ума карор дара х1оранна а.
Цу декъехь кху мог1анийн автор шеца къамеле ваьлча, шена хетарг олуш вистхилира нохчийн меттан говзанча Хьенакхаьллара вахархо Дудаев Султан:
— Къонах боху дош шина декъах лаьтташ ду: «къо» + «нах» — нехан къо (к1ант), халкъан к1ант бохург ду иза. Ван а вара Ахьмад-Хьаьжа халкъан к1ант. Халкъан юкъара бала д1аайа шен са д1аделла цо. Дала декъалвойла иза. Оццул луьрачу, стаг шен коьртах жоп дала а ца х1уттучу хенахь, дерриг халкъах жоп луш, и деза дукъ шена т1елецира цо. Доьналла долуш, майра стаг и хилар гуш дара. Халкъан бакъволу к1ант, къонаха вара иза. Маршонан байракх буйна а къуьйлуш, къомана хьалхавелира Ахьмад-Хьаьжа: «Вайна т1ом бан хаьий гайтина вай, х1инца ваьш хьекъал долуш дуйла д1ахаийта деза дерриге а дуьненна». «Автоматана метта схьаэца йеза журналисто ручка, ахархочо — бел, беро — киншка. Меттах1иттойеза йерриг дешаран заведенеш, ишколаш, больницаш. Тоьар ду вайна т1е мел х1оьттинарг, х1инца дуьйна д1а даха хьовса деза вай…
Вайна массарна а гуш ма-хиллара, дийнахь-буса а сада1ар доцуш, ша-шен ца кхоош, шен ден весет кхочушдеш, цо болийна машарен некъ д1ахьош схьавог1у вайн республикан Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Малх санна хазйина д1ах1иттийна вайн г1аланаш. Массо ярташкахь йу тахана т1ек1ел йина ишколаш, мел оьшург чохь долуш йолу больницаш. Баккхийра кхиамаш бу вайн культурехь, иштта спортехь. Цуьрриг хала дац вайн берашна х1инца деша. Царна оьшург — беккъа цхьа лаам бу,- йовзийтира шен дог-ойла С. Дудаевс.
Уггар хьалха Ахьмад-Хьаьжас д1акхайкхинарг вайн дайша лелийна долу, Мухьаммад пайхамарехула (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), вайн эвлаяаша вайга схьакховдийна долу бусалба дин, иштта дайн оьзда г1иллакхаш ларар, лардар дара. Цо йуьхьарлаьцна некъ нийса хилар бахьана долуш, Дала цунна г1о а дира.
Вайн дегнашкахь сирлачу кханене болу сатийсам ч1аг1бина волу Ахьмад-Хьаьжа къоман иэсехь лаьттар ву даима а. Адамийн дегнашкахь гуттаренна а ваха виси иза. Дала г1азот къобалдойла цуьнан. Тахана вай массеран а декхар ду къомана хьалхаваьллачу Рамзанна тешаме накъостий а хилла, ваьш дол-долчохь хьанал къахьегар. Дала цу некъе т1ехь д1адаха хьекъал, иман, доьналла а лойла вайна!
Эскиев М.