(Кадыров Хож-Ахьмадан дийцар)
— Даима а Дела хьехош, 1илма (бусалба 1илма) вовшахдетташ, Делах кхераран некъ хьалха баьккхина, дуьне лехар к1езиг долуш (мацалла ца делчахьана бохуш) эхарте беш болчу некъа т1е х1иттина схьабаьхкина тхан дай. Тахана дерг хилла дац тхан кертахь цкъа а: хьаькамаш ца хилла тхох бевлла, паччахьаш а ца г1евттина. Х1ара гуш долу бакъдерг стенца доьзна ду аьлча: замано ха хорцучу мурехь, дикачу хийцамашка массо а сатесна волчу хенахь халкъана хьалха вала къонах, хьекъалча, ондда амал йолу, дика бина кечам болу, шен 1алашо билгалъяьккхина а, иза а йевзаш волу стаг оьшу. Сийлахь-воккхачу Дала и дарж (халкъан тхьамда) Ахьмад-Хьаьжега кховдийра вай лакхахь билгалйаьхна дикаллаш шеца йолуш иза хиларна, цунна т1етоха деза: ийман долуш, стогаллех, доьналлех вуьзна иза хилар.
Халкъо аьлла ду: к1охцал хьаладоллушехь долу ира. И дешнаш шен маь1ница дуьззина т1едог1уш ду Ахьмад-Хьаьжина. Дукха жима волуш дуьйна вара иза ша х1ун некъ д1абахьа беза хууш, бусалба динца иза боьзна буй хууш, х1унда аьлча, цуьнан дайша динарг дара иза. Х1уманах кхетар дика долуш, семаллица къаьсташ, шен нийсархошна йукъахь башха билгал (хьекъале, ладог1а кийчахиларца) волу иза вина 1951-чу шарахь Казахстнан Караганда-г1алахь шахтеран Кадыров 1абдул-Хьамидан доьзалехь. Воккхахволу доьзалхо а вара иза.
Х1етахь тхо Казахстанехь а долуш, тхуна т1е схьавеара Сибрехахь уггаре а къизачу легаршкахь 14 шо хан яьккхина волу сан а, Ахьмадан а деваша Сулима. Цо хьегна халонаш кхаа стагана а тоьар йолуш, дуьненан суьрт-т1айх чекхваьлла ала мегар долуш вара иза. Амма хьекъална эшна а вацара, кхетамехь а вара. Берашна йукъахь уггар кхеташ верг иза ларарца дин хьеха Ахьмад т1елецира цо. Суна диц ца делла цо аьлла дешнаш: «Х1ара к1ант доккха хиндерг долуш ву, к1орггера кхетам болу 1еламстаг хилла ца 1аш, вайн доьзалехь дуьххьарлера хьафиз (Къуръан дагахь хууш верг), и 1амо хьуьнар дерг ву аьлла хета суна х1ара Ахьмад».
Ша дийна мел ву боккхачу лаамца к1ант 1амийра цо. Х1инца суна хаьа, мел доккха жоьпалла дара цо шена т1елаьцнарг. Хаарш хиларал сов и дан йоккха стогалла а оьшура: уллехь мотт тухуш верг ваьллехь йуха а Сибрех д1авохуьйтур вара Сулима. Дика д1адоьдуш дара цу шиннан дешар, амма
Сибрехахь даьхначу шераша Сулимин могашалла эшийра. 1959-чу шарахь Сулима д1акхелхира, ша долийнарг йукъах а дуьсуш. Цул т1аьхьа Ахьмад 1амийнарг сан да Жабраил ву. Цо диначуьнан мах хадо ца х1утту со.
Дахаро шениг лоьху. 1968-чу шарахь Ахьмада чекхйоккху Б1аьчи-Юьртара (х1етахь Шелан район) йуккъера ишкол, оццу шарахь Невран районан Калиновски станицерчу комбайнерийн курсашка деша воьду иза. И курсаш чекхйаьхначул т1аьхьа Ахьмада дикка хенахь болх бо «Новогрозненский» совхозехь (Гуьмсан район) дугалелоран декъехь. Дикачу аг1ор бен ц1е йоккхуш а вацара иза.
Иштта дара цул т1аьхьа а, СССР-н тайп-тайпанчу областашкахь г1ишлошйарехь иза къахьогуш волуш. Масех шо Мангышлакехь (Казахстанан Гурьевски область) доккху Ахьмада шен шичийца, сан вешица Хас-Мохьмадаца цхьаьна.
Х1окху йуккъехула сайх лаьцна ца хьахийча а ца волу со. Массо хенахь а цхьа буй бина, цхьа доьзал болуш санна 1ийна ду тхо, дайн весеташ кхочуш а деш. Сулимас аьлла дешнаш цкъа а дицлуш воцчу суна ч1ог1а новкъа дара гена балха вахарца Ахьмад к1орггера дин 1аморах хаьдда хилар. Сан ойла, сан 1алашо хьалха дуьйна муха йара аьлча: шичошна йукъахь воккхахверг суо хиларе терра, цаьрга (Ахьмаде, Хас-Мохьмаде деша а доьшуьйтуш (1аьрбийн дешар) тхешан доьзалш хене бахаран г1уллакх дуьззина сайна т1елаца. Оцу лаамца медицински училище деша вахара со, и чекхйаьккхина лоьран балха а х1оьттира, «Скорая помощь» каретан бригади йукъахь волуш.
«Исламан сирлачу
новкъахь» киншки т1ера
(Т1аьхье хир йу)