Къонахчун кхоллам

Къонахчун кхоллам

(Йуьхь йеша 29-чу лоьмар т1ехь)
Кадыров Хож-Ахмад-хьажас дуьйцу:
— Ма дарра аьлча, (иза сан хьесапашца нийса а дог1у), тхох цхьа а вацара дайшха дисина г1уллакх хила деззачу локхаллехь д1ахьош: со цхьаъ болх беш вара, важа шиъ Мангышлакехь вара. И хьал гуш волу тхан да Жабраил ч1ог1а сагатдеш хиллера: дайша уггар мехала леринчу некъана йуьстах бовлуш лаьтта-кх 1абдулкадыровг1ар, бохуш. Оцу белхан ойла а йина, балхах мелла а йуха а волуш к1орггера 1илма 1амо волавелира со. Оцу хенахь правительственни сацамца Гуьмсехь болх бан доладелира рузбана маьждиг. Бухарахь йолчу хьуьжарехь деша цхьана стагана бакъо йоуьйту вай долчу. Цу маьждиган молла Абубакаров 1абдурашид тхан доьзалца гергарло долуш а, тхоьца з1е латтош а вара хьалхе дуьйна. Тхох лаьцна дерг дика хууш волчу цо олу: «Балха ваханчуьра ц1а кхайкха Ахьмад, иза деша вахийта хьовсур ду вай». Баьлларг тхуна дагахь а доцуш ирсе кхаж хиллера: Бухара-г1ала деша баха луурш дуккха а хир бара. Делахь а, Ахьмад ц1а кхайкхарца Гуьмсан районан Ойсхарахь цунна прописка а йина (тхо Шелан районна йукъадог1уш дара), иза Узбекистане д1ахьажийра оха.
Х1инца, х1ара шуьга аьллачул т1аьхьа, йиш йу сан тхан дас Жабраила бинчу белхан мах хадо: хууш кхочушдина хиллера цо Сулимас долийнарг — Бухарахь доьшуш волуш ворх1 шарна лерина йолу курс шина шарахь чекхйоккху Жабраила 1амийначу Ахьмада. Цу т1е дика хаарш а гойтуш!
«Мир 1араб» ц1е йолчу оцу хьуьжаран хьехархошна х1инца а дагахь ву шаьш долчохь дешна волу студент-мута1елим Кадыров Ахьмад. Амма цу т1ехь саца дагахь вацара сан шича. Хан йукъа ца йулуьйтуш Ташкентера Исламан институте деша воьду иза.
Узбекистанера ц1авирзинчул т1ьахьа шина шарахь Гуьмсера рузбанан маьждиган имаман г1оьнча волуш болх бо цо.
1989-чу шарахь барт а бина цхьаьний Шелан районан Курчалахь Къилбаседа-Кавказехь дуьххьарлера Исламан институт схьайиллира оха. Цуьнан ректор Ахьмад вара. И хан цкъа а йицлур йац суна: Ахьмадца болх бан, цо дечуьнга хьежар к1ордор дацара. Ладуг1ур вай шен ц1арах и институт йиллина волчу Ахматов Насухас бохучуьнга (х1инца б1е шаре ваьлла иза): «Х1етахь, йерриге йуьртана 1аламат боккха йуьхк1ам болуш, нохчех дуьххьара Ташкентара Исламан институт чекхйаьккхина ц1авеана волу безамехь жима стаг х1оьттира институтан коьрте. Цул т1аьхьа, тхо даккхий а деш йуьртана, махкана пайде а йолуш д1ах1оттийра цо и институт. Иза вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, 1абдул-Хьамидан к1ант, ц1ера Хоси-Юьртара а волуш».
Шегахь мел к1оргера хаарш делахь а, уьш тоьар долуш вацара Ахьмад-Хьаьжа. Цундела, цхьана шарахь ректоран болх а бина, Аманехь (Иордани) йолчу Исламан университетан шари1атан факультете деша вахара иза. Амма мел хала хетахь а, и дешар дита дийзира цуьнан, Нохчийчохь буьйлабелла хийцамаш бахьана долуш, даймахка ц1авоьрзу иза.
Олуш ма-хиллара, шен дерриге д1ег1аца цхьаьна, йечу ойланашца республикехь хуьлуш болчу хиййцамашна йукъавахара иза, цхьа а де а, цхьа а сахьт а мукъа доцуш. Шен х1усамехь а, шен доьзал болчохь а наггахь кхочу хьаша вара иза. Тамашийна дац цундела нийсса ши шо даьлча республикин муфтин г1оьнча иза харжар. Цу даржехь а шина шарахь болх бира Ахьмад-Хьаьжас. Цул т1аьхьа, 1995-чу шарахь Нохчийн Республикин муфти х1оттийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Оцу заманчохь тобанашка йекъаеллера вайн республика. Кхузахь х1оьттина чолхе хьал герзашца къасто деза бохучарна дуьхалволу къона муфти Кадыров. Иза реза вацара Нохчийчу т1ом бало г1ерташ болчу масхадовг1арна, басаевг1арна, кхечу «революционерашна». Церан зуламе г1уллакхаш 1орадаха, халкъана уьш шаьш ма-барра бовзийта, царех болу кхерам 1орабаккха вуьйлира иза. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин д1адолорца, цо кхайкхарца 1998-чу шеран 25-чу июлехь Соьлжа-Г1алахь д1айаьхьира Къилбаседа-Кавказан бусалба нехан конгресс. Цуьнан декъашхоша къобал бира Ахьмад-Хьаьжас экстремизмана дуьхьал д1ахьош болу къийсам, оцу т1ехь шаьш цуьнан г1оьнчий а, накъостий а хилар д1акхайкхира Дагестанан, Г1алг1айчоьнан динан урхаллийн куьйгалхоша. Кадыров Ахьмад-Хьажас Ичкерин президент А. Масхадов декхарийлахь вира зуламе тобанаш республикера арайаха. Ама иза цхьанна а х1уманах жоп дала ох1ла ца хуьлу. Ган а гуш калейдоскопа чохь санна хийцадала долало Нохчийчуьра хьал. Цунах пайда а оьцуш, Басаевн, Хаттабан б1о-тобанаш йамартлонца Дагестанна т1елета.
Х1оьттинарг муха хьал дара гойту иштта бакъдолчо. Х1етахь республикехь арадолуш дара «Чеченец» ц1е йолу газета (Удуговн издани). Цуьнан аг1онаш т1ехь халкъан мостаг1ийн мог1аршка х1иттабо кхаа республикан динан урхаллийн куьйгалхой. Цаьрга ч1ир кховдор санна лара дезара иза. Редакцис йийриг забар йоций дукха сиха гучудолу вайна, Дагестанан республикан муфти к1ело а йина вийча. Йоккуш йолу х1ора а г1улч т1аьххьара хила тарлуш йара Ахьмад-Хьаьжин а. Амма иза Дала ларвира: борх1азза к1ело йира цунна, уллора накъостий а бойуш, эккхийтарш дира, герз диттира. Эрна ца хиллера Кадыров нохчийн халкъ самадаккха г1ертар: Дагестанна кхийсарш а йина т1ом хьовззийна вайна чубалийра Басаевг1ара. Оцу т1амехь эзарнаш нохчий, дагестанцаш, г1алг1ай бойург хилар чоьте оьцуш дацара карзахбевллачара. Шахматех ловзаран кепехь адамийн кхолламаш ловзо лаьара царна. Царна оьшург цхьаъ дара: Нохчийчу йуха а т1ом балар.
Амма къарлур волуш вацара оцу г1еранашна дуьхьалваьлла волу Ахьмад-Хьаьжа: «экстремизмах парг1ат йолу зона» йу олий д1акхайкхайо цо Гуьмсан, Нажин-Юьртан, Курчалойн районаш. 1999-чу шеран 25-чу сентябрехь Гуьмсехь хиллачу гуламехь Кадыровс а, вежарша Ямадаевг1ара а д1акхайкхийра шаьш герз а карахь экстремисташна дуьхьалдовла кийча хилар. Иза ала ца деллачу Масхадовс оццу шеран 10-чу октябряхь указ арадоккху Кадыров «халкъан мостаг1 ву» аьлла д1акхайкош.
«Исламан сирлачу
новкъахь» киншки т1ера
(Т1аьхье хир йу)

About Post Author

Общество