Шен схьавалар Адиг1еран ц1ийнах долу Изновр молла вина 1892-чу ша- рахь Шуьйта к1оштара Лакха Варан- дахь. Кхиъна вог1уш дуьйна шен ний- сархошна йукъахь къаьсташ хилла Изновр адамашца т1ех г1иллакхе хи- ларца, жимчохь дуьйна шеца ламаз- марха хиларна. Хьалха-Мартант1ера хьуьжарехь дешна цо, шена хьоьхуш Нохчийчохь г1араваьлла 1еламча Хьаька а волуш.
Цу хенахь Изновраца доьшуш хил- лачара дуьйцуш хезна: х1ара дуьххьа- ра шена хьалха х1оьттича, Хьаькин йуьхь цхьа тамашийна серлаяьлла, ша волчуьра хьала а г1оттуш, вахана Изноврана маракхетта: «Марша ва хьо, жима Хьаьжа» — олуш. Х1етахь и сурт гина болу мута1еламаш цец- бевлла хиллера шайн хьехархочо динчух. Амма хена йохалло гайтира Хьаькига Делера цхьа хаам кхаьчна хилар — шен керлачу мута1еламах къорггера 1илма девзаш, къайленан дакъа долуш стаг хир вуй.
Иехдика хьуьжарехь дешна ваьл- лачул т1аьхьа, шена устаз лаьцна къоначу 1еламстага Изноврас. Иза Хоьшкалдара Юсуп-хьаьжа вара (Дала къайле тойойла цуьнан). Цул т1аьхьа Суората олучу метте мол- лалла лелон д1авахна Изновр шен х1усамненаца Хедижатаца (тайпана ваштаро йолу).
Советан заманахь ч1ог1а новкъарло- наш йеш хилла вайн нахана бусалба дин лелорехь. Т1ехь йоцу харц ц1е а кхоьллина нохчий махках бохучу хенахь шен доьзалца д1авохийна Суоратара Изновр молла а. Казахс- танера Атбасар олучу метте кхаьчна церан доьзал. Х1етахь ц1ерадаьхначу хенахь Изноврг1арна юххехь 1ийначу
Лакха Варандара Шабазова Сепихьа- та дуьйцуш хезна цуьнан 1илманах, адамаллех, оьздангаллех лаьцна.
— Изновр молла (Дала шен даржехь лакхавоккхийла иза) цкъа а стагана йуьхьдуьхьал ца хьожура, цуьнан хь- ежар даима а лаьтте хуьлура. Къамел эсала, тийна дуора, аз схьахезча а цхьа ч1ог1а дагна хьаам хуьлуш. Даима а адамийн дог оьцура цо. Велларг д1аверзочохь хьалха хуьлура, ша д1акхаьчначохь хьехамаш буора, нах бусалба динах ца хадийта г1ерташ,- дуьйцура шен дагалецамашкахь Сепихьата.
Дукха ду Изновр моллех ала а, дийца а. Х1инца а олу наха, цо аьл- ларг хуьлуш схьадог1уш ду, олий. Вайн нохчийн мотт ч1ог1а хаза буьй- цуш хилла цо, цул сов, хууш хилла г1умкийн а, казахийн а меттанаш.
Хоьшкалдара Юсуп-хьаьжа шен к1антаца Хонкара (Турци) махка
д1акхелхаш Изновр моллас новкъа ваьккхина хилла, Бакох боьдучу ц1ерпошт т1е а хаош.
Сибрехара нах ц1аоьхучу хенахь, Соьлжа-Г1алахь 1ен-ваха сецна хилла Изновр молла шен доьзалца. Пхиъ доьзалхо хилла цуьнан: ши к1анттий, кхо йо11ий. Ч1ог1а иманехь, оьзда
кхиийна цо шен доьзал. Изноврас дуьненчохь йаьккхина хан 82 шо ду. Цуьнан д1акхалхар нисделла 1974-чу шарахь. Ша кхетарг хилчахьана ада- машна пайден волуш, церан синна дарба деш, Далла ч1ог1а муьт1ахь
волуш чекхваьлла иза. Адамийн си- ношна дарба дуора бохург, церан де эшначу хенахь Аллах1ан дош царна хьоьхуш, Элчанан хьадисаш дуьйцуш, хастаме дош олуш дог оьцуш хилла бохург ду сан. Вайн адамашлахь цкъа а вицлур вац Изновр молла. Дала шен даржехь лакхавоккхийла иза.
Хазахетарца хьахон луур дара «Пригородное» ц1е йолу йурт Изновр моллин ц1арах тахана хилар. Иштта цуьнан ц1арах зийарт а ду Соьлжа- Г1алахь.