Мохкбегоран бохамаш хиларца а дог1уш, туркойн а, шемахойн а халкъашка кадам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
“1аламан бохам бахьана долуш, шайн гергарнаш а, бевза-безарш а кхелхинчаьрга кхаьчначу халахетаран дакъа тхуна а кхочу”,- йаздина Нохчийчоьнан Мехк-Дас Telegram чуьрчу шен каналехь.
Иштта, шен а, нохчийн халкъан а ц1арах кадам а бина цо Хонкаран а, Шемин а куьйгалхошка а, халкъашка а.
“Кхелхинчеран гергарчарна ийманехь долу собар а, зенаш хиллачарна ницкъ а лойла Веза-Воккхачу Дала! Баккъал а, вай Аллах1ера а ду, Цуьнга йухадерза дезаш а ду!”,- билгалдаьккхина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Т1етоха дог1у, Шеман Правительствос бинчу хаамца къилбаседа-малхбалехь мохкбегор бохам хиларца кхелхина лахара а 2992 стаг, лазийна 2850 стаг. Иштта Шема пачхьалкхан хаамийн г1ирсаша бинчу хаамца мохкбегоран кхерам болуш шайн х1усамаш охьатаса дезна 298 эзар стеган.
Россин пачхьалкхо доккха г1о-накъосталла дина Шема пачхьалкхана йуучуьнца а, т1е-кога йухучуьнца а. Иштта цига йахийтина йохийначу г1ишлош бухахьбисина нах к1елхьарбахарна лерина йолу тобанаш. ООНо бинчу хаамца Шемахь мохкбегорца доьзна зенаш хьакхаделла 11 млн стагах.
Иштта т1аьххьара кхаьчначу хаамашца Туркойн махках д1акхелхина 1аламан бохам бахьана долуш 12 391 стаг. Лазийна а, шайн х1усамех бевлла а — 62 914 стаг. Оцу хьокъехь доьзна Турцин президента Эрдогана кхаъ денна д1акхайкхина къоман тезет.