Цхьа зама йара-кх даха-дахка ларт1ехь некъаш доцуш вай бала хьегна. Бакъдерг аьлча, дан а дацара уьш мегарг йуьртара йуьрта ваха аьтто болуш. Асфальтан некъашка-м догдохийла а йацара. Суна а, сан хенарчарна а дика дагадог1у Шуьйтара Соьлжа-Г1ала баха х1ума ца кхеташ сахьташкахь нах лаьтташ хилла. Хийла сингаттаме ойланаш хьийзара церан коьртехь: «Маца нехачарех тера некъаш долуш охьаховшур ду техьа вай»,- бохуш. Хьо охьа а вахана ц1акхачале динна де д1адолура. Х1инца санна дукха кегий машенаш йацара х1етахь, йеккъа цхьа автобус йара нах д1асалелош. Иза а адамех йоьттина хуьлура гуттар бохург санна. Цу т1е хьалавала аьтту баьлча а доккха х1ума хеташ, баккхийбеш лелара нах, баха-бахка атта доций хууш иттаннаш километрашкахь…
Ткъа тахана нисса б1останехьа ду вайна гуш долу сурт. Вайн махкахь къизачу шина т1еман лараш а, цхьадика, д1айирзина, дагна хьаам беш, массанхьа а бохург санна дехкина асфальтан некъаш ду. Х1уммаъ хала дац мел гена а тахана ваха-ван. Нохчийчу хьошалг1а баьхкинарш а цецбуьйлуш хийцамаш бу вайн махкахь. Вайна т1ехь лаьтташ долу 1едал нехан бала болуш хилар ду иза, уггар хьалха, цуьнан коьртехь волчу Куьйгалхочух Кадыров Рамзанах доьзна а ду. Цо иштта вайн дуьхьа сагатдеш дацахьара и хийцамаш ца хилла хила там бара вайн республикехь. Амма массарна а хууш ду-кха иза доггах шен къомах дог лозуш, цуьнан дахар ирсе хилийта х1уъа дийр долуш вуйла. Иза цо вайна гайта а гайтина уггар халчу хенахь, тахана гойтуш а ву.
Цецволург кхин ду. Оццул дика динчу некъаш т1ехула вайна лела цахаар (йа цалаар) дукха йух-йуха а хьахоза ца долуш дерг. Машенашкахь лелачара лардан дезаш дерш некъан низам а, г1иллакхаш а ду, цул сов, вовшен водительшкахь хила беза ларам а бу. Цкъа некъаш дика ду олий даккхийдеш, самукъане хуьлу вай, йуха цхьанхьа нах а бойуш авари хилла аьлла хезча сингаттам буссу вайга. Дерриге а вай некъан низам ца лардар ду, кхин х1уммаъ дац. Ша мох санна сихло вай вовшен хьалхадовла г1ерташ. Т1аккха цунах шена баьккхина а ца 1аш, нахана а буохам боккху.
Иза ду-кха вайга хаддаза республикан Куьйгалхочо делхош дерг. Вайна лела цахаар бахьана долуш некъан низам лардеш йолчу полицин декъан сотрудникаш а бу меттахбаьхна, тидам бахьара некъашца, оцу некъан низам дуохош верг жоьпалле а уозош, цунна догг1у та1зар а де, аьлла. Вайна цхьа а т1ом а ца оьшу, цецваллал доккха х1ума ду вайн некъашкахь х1аллакьхуьлуш болу нах. НР-н МВД-н сводкица х1ара шо доладелчахьана вайн махкахь аварешкахь х1аллакьхилла масех стаг, иштта лазийна иттаннашках нах (царна йукъахь ду бераш а). И статистика шо чекхдалале кхин а хийцайала мегаш йу. Дала ма йолийтийла иза кхин хьала. Ойла йе вай т1аккха, маса нана, йиша, йо1 йелхийна оцу буохамаша. Вай мел дийцарх, бахарх а пайда бац нагахь санна водитель ша ойла йеш вацахь. Йуьхь1аьржо мера к1еллахь йу, олуш ду вайн. Дала лардойла вай цунах. Цхьа буохам баьлча, иштта йаздина хилла олу вай. Йаздийр ду дера вай бахьанаш дуьйлуьйтуш хилча. Уьш ца довлийта хьовса деза вай х1уъа дина а. Дала иманехь нисдойла вай!