1аламат йоккха йу йукъараллин дахарехь, чохь-арахь а вайн зударша д1алоцуш йолу меттиг. Цара шайн белшаш т1ехь д1акхехьна а, тахана д1ахьош долу а дукъ т1аьхь-т1аьхьа дазлуш, шорлуш хилар массарна а гуш, хууш а ду. Нохчийн зударий бацахьара, уьш иштта доьналла долуш, шаьш-шайн ца кхоош, доьзалийн хьашташна бецаш бацахьара, х1ун дийр дара-те вай, олий, дага а дог1у кест-кеста.
Мел чолхе зиэраш т1ех1иттарх г1иллакхах ца бухуш, шайн дегнийн йовхо ларйеш, доьзалан кхерчана тешаме болуш схьабаьхкина вайн наной, йижарий, х1усамнаной. Кхин х1уммаъ а ца хилча а, тоьур дара т1аьхьарчу луьрачу шина т1амехь цара лайнарг.
Вайн махкахь НР-н Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указаца билгалдаьккхина ду леррина Нохчийн зудчун де. Халкъана т1ех1иттинчу халчу киртигашкахь вайн зударша гайтинчу доьналлин, къонахаллин, шайн доьзалийн дуьхьа цара лайначу баланийн сий деш билгалдаьккхина ду и де. И царна хьакъ а ду-кха, Дала мукъалахь.
Тахана вайн 1едалан структурашкахь, дешаран, могашалла ларъяран, культуран, кхечу учрежденешкахь хьанал къахьоьгуш схьабог1у дуккха а зударий. Шуьйта к1оштан массо а божарийн ц1арах аса даггара декъалбо вайн наной, йижарий, х1усамнаной церан дезчу денца. Дала декъалдойла шу т1едог1учу 8-г1а Мартаца — Зударийн дуьненаюкъарчу дезчу денца! Дала дукхадахадойла шу! Дала ма-иэшадойла шун доьзалшна шун ховха, довха, беркате куьйгаш!