Лараме йижарий, вежарий! Бусалба нахана парз дина т1едиллина долу Рамазан баттахь марха кхабар кхиамца чекхдели вайн махкахь. Ас сайн ц1арах а, к1оштан администрацин ц1арах а даггара декъалдо шу везчу Дала вайна совг1атана баийтина болу и беза Рамазан бутт вайна массарна а йал а, йуьхьк1ам а болуш чекхбаларца. Шун марханаш Дала къобалдойла, хьегна къа Дала меле дуьллийла. Уьш кхаба а, даста а могашалла а, ирс-аьтто а хуьлийла вайн массеран а.
1еламнаха дуьйцуш ма-хиллара, марха кхабарца дукха пайданаш бу. Цундела Дала къастийна а, хастийна а 1ибадат ду иза. Марха кхобуш ваьшна мел хало хиллехь а, цхьаццаволчунна алсамо ницкъ хиллехь а, хазахета и 1амал кхочушйина, йуьхьк1ам болуш вай чекхдевлла.
Дала х1инцачул т1аьхьа а могашалла а, доьналла а лойла вайна бусалба нахана т1ехь долу фарзаш кхочушдан, вайн иман-ислам совдаккха, бусалба нехан барт а, безам а ч1аг1бан.
Дела резахуьлда шуна, Дала меле дуьллийла Шен дуьхьа аша мел хьегна къа. Дала барт, иман а ч1аг1дойла вайн к1ид1а йолчу ханна а!
Акаев Руслан, Шуьйтан к1оштан администрацин куьйгалхо