Вай кхоьллинчу Аллах1а кхечу къаьмнашна хьалха дозалла дан йиш йолуш исбаьхьа хаза 1алам делла вайна: ламанах бухдуьйлу сирла шовданаш, токхе аренаш, луьста хьаннаш, лекха лаьмнаш… Сийлахьчо вайх бина къинхетам бу иза.
Амма Дала вайна деллачу оцу исбаьхьа не1матан бан ма-беззара хама бой техьа вай, дой техьа пусар? Шеко кхоллало-кх цу декъехь хин йистошка ваьлла ахь б1аьрг тоьхча. Ц1енна цецваллал ирча сурт ду вай дарбане ду бохуш дуьйцуш долчу Органан а, шовданийн а йистошкахь гуш дерг. Ша ца гичахьана бен-башха ца хеташ, ка йаьлла-йаьллачо шена новкъара нех а, кхийолу цаоьшург сихонца йадайой схьайахьий охьакхуссу кхуза.
Соьлжа-Г1алара Шуьйта бог1учу новкъахь ду шен схьадолийла хаза тойина шовда. Наггахь стаг т1ехвер вац оцу хин чам ца боккхуш. Цуьнан дарбане хилар а, молуш чомехь хилар а хууш ду вай ца дийцича а массарна. Ламанхоша эцна ца 1аш, лахахьара дуьйна дукха наха пайда оьцу оцу шовданах.
Дагадаийта луур дара, кху лаьмнашкахь хилла т1аьххьара хийцамаш д1абуьйлалучу хенахь доккха дакъалецира Делимханов Адам коьртехь хиллачу нефтеполко. Вайн МехкаДас Кадыров Рамзана х1етахь т1едилларца оцу полко ламанан кхаа к1ошт1ахь д1аболийра беркате белхаш. Тодира некъаш, хьаладира маьждигаш, йалийра йарташка электросерло, куьце-кепе далийра шовданаш. Иштта тодина, хаза го чуберзийна д1ах1оттийра вай лакхахь хьахийна шовда а. Дела резахуьлда цу т1ехь къа мел хьегначарна!
Дела оьг1азло йахарна кхерам болуш ирча сурт хаало тахана цу гонахь ахь б1аьрг тоьхча. Кху дуьнент1ехь мел йолу шиша а, банка а, пакет а, кхийолу нех а охьа ца кхуссуш меттиг бац кхузахь. Мила ву техьа сел бен ца хеташ и болх беш верг? Дера ду вай ваьш. Шайн Делан
дуьхьа нехаш ма кхиссахьара аша (Ради Аллаха, не бросайте мусор), бохуш хьалатоьхна хаам беш долу У ду кхузахь. И-м лере а ца хьокху нехаш йаржош болчара.
Цу хьокъехь кху деношкахь администрацехь хиллачу кхеташонехь цецваларца къамел дира куьйгалхочо Акаев Руслана.
«Дависа, и шиша а, банка а охьакхуссуш верг цкъа караве- ана велара суна, нисса шарахь оцу некъаш т1ехь болх бойтур бара цуьнга, нуй хьокхуьйтуш, т1улг х1ума д1айоккхуьйтуш,- бохура цо. — Т1аккха хуур дара цунна и санна дерг ша кхин дан мегар доцийла. Вайн Мехка-Да вог1у кест-кеста кху новкъахула хьала, иштта беза хьеший а бог1у, хаддаза лелаш туристаш бу. Царна хьалха а йуьхьк1ам хир бацара вайна ц1ена хилча? Вай дийнахь-буса а бохург санна къахьогуш ду ц1ано латторехь, йуьхь1аьржа ца х1итта г1ерташ, ткъа х1орш вайна т1аьххье нехаш йаржош бу» — шена новкъахетарца дуьйцура районан куьйгалхочо.
Тамашийна дерг хьаха ду кхин. Д1ахаьттича массарна а хууш хуьлу шовданаш, хиш ч1ог1а лерина лелон дезаш хилар, уьш бехдар къилахь хилар. Ткъа гуш дерг кхин сурт ду. Т1аккха бехк буй вайна Дела оьг1азвахча а? Доккха х1ума хьаха ду и вайн исбаьхьа 1алам вайга ваьшка ларде баха дезар. Вайн Мехкан-Дас Кадыров Рамзана шен къамелашкахь даима а далхош ду 1алам лардар, вай некъаш, йарташ ц1ена
латтор массеран а йукъара г1уллакх а, х1ораннан декхар хилар а. Цу кхайкхамна т1етевжина массанхьа аьлча санна арабевлла урамаш, кхийолу меттигаш санитарии къепе йалош къахьоьгу Шуьйтан к1оштан предпри- ятийн, организацийн, учрежденийн белхахоша. Дела резахуьлда оцу вайн йукъара меле г1уллакхана дакъа мел лоцучунна!
Йуха-т1аккха а хаттар кхоллало-кх: вай мел ч1ог1а некъаш ц1андарх пайда буй цхьа а эх-бехк доцчара йуха а нехаш охьакхуьссуш хилча. Вай ца дуьйцуш, ца бохуш-м дац хьуна иза. Ц1ена хилча вайна ваьшна дика дар-кха. Нохчий къам даима а ц1ано йезаш и ларйеш хилла историн йохаллехь шайн дайшкара дуьйна охьа.
Чекхволуш вайн 1алам бехдечаьрга ала дара: «Нахана ца гахь а, Далла гуш ву хьо, дукхавахарг. Ойла йехьа цхьажимма, хилахь дагца а, хьайн леларца а оьзда, ма леладехьа вайн дино а, г1иллакхо а магош доцург. Делан оьг1азло йахарна кхерам бу хьуна». Дала иманехь нисдойла вай! Ваьшна Дала делла исбаьхьа 1алам лардан а, цуьнан бан ма-беззара хама бан а Дала хьекъал, иман а лойла вайна!
МОХЬМАДАН МОХЬАДДИ