Дика ларайо шен белхан декхаршца

Дика ларайо шен белхан декхаршца

Дика ламаст хилла схьадог1у вайн кху т1аьхьарчу хенахь Шуьйта к1оштан организа- цешкахь, учрежденешкахь, иштта йарташкахь а хьанал къахьогуш болчу белхахойх йаздар. Иза ларамаза а дац, шен болх бевзаш, безаш, иза даггара бан г1ертачарех дика дош алар вайна т1ехь ду.
Ишттачарех цхьаъ йу Саьттара администрацехь болх беш йолу 1-чу разрядан говзанча Талхигова Марха. Х1ара масех шо ду Мархас цу даржехь къахьоьгу. Ша йина а, кхиъна йу ламанан Ваьрдехь, йуккъера школа а кхузахь чекхйаьккира цо. Школера дешна йаьлча, 2013-чу шарахь, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университете деша йоьду Марха. Шен дуьххьара хиллачу хьехархочун оьзда амалш, берашца к1еда-мерза хилар дара Мархина и болх безар.
Цо цхьана йукъана бан а дера бира шайн йуьртарчу школехь хьехархочун болх. Делахь а, лаам хилар ша ду, кхид1а школехь болх бан рицкъа ца хиллера цуьнан.
Университетехь доьшуш йоллушехь, 2013-чу шарахь дуьйна, йуьртан администраце йеара иза балха. Ала деза, нисса б1останехьа хийцайелира цуьнан дог-ойла. Цунна балха т1ехь зеделира йуьртахошна шегара оьшучунна г1о-накъосталла дан йиш хилар. Шайн лазамаш, кхидолу цхьацца хьаштийн г1уллакхаш дохьуш т1еоьху нах гуш бара цунна. Шега далучу аг1ор дашца а, кехат йаздарца а г1о дан кийча йара Марха. Цундела цуьнга болу ларам ч1аг1беллера йуьртахойн, тешара муьлххачу хенахь а иза шайн г1уллакхе хьожур йуй.
— Марха дика говзанча йу, шен белхан декхаршца ларош схьайог1у. Цул сов, шена т1едиллина муьлхха а г1уллакх кханенга ца туьттуш дика кхочушдо. Лерина тидамбо муьхха чудог1учу а, арадолучу кехатан. Марха йацахьара тхан йиш йацара,- иштта довха дош элира шен белхахочух йуьртадас Гишлаков Руслана. Цо аьлларг къобалдеш т1етайра Мархин белхан накъостий а.
— Со йоккхайе сайн цхьажимма а йуьртахошна г1онакъосталла дан йиш хиларна. Иштта а хала бохкучу нахана ахь хаза дош аьлла, шаьш т1еденчу г1уллакхе тхо хьаьвсича ч1ог1а хазахета. Хьо нахана оьшуш хилар хааделча болх бан дог а дог1у, цунах боккха там а хуьлу. Цул сов, 1едале болу ларам а сов болу, йуьртахошна го шаьш шайн лазамашца д1атесна ца дуьтий,- иштта шен дог-ойла йовзийтира Мархас тхан хиллачу къамелехь.
Дала аьтто бойла хьан, Марха, хьайн балха т1ехь кхид1а кхиамаш баха!

ЭСКИЕВ М.

About Post Author

Общество