Йовр йоцу турпала ц1е!

Йовр йоцу турпала ц1е!

«Тахана нохчийн халкъана оьшург барт бу, цхьаалла а йу. Калашниковы автома- тана, Макаровы тапчанна дуьхьал вай журналистан къолам, т1улгботтархочун бел а, аренашлелорхочун нох а даккха деза».
(Кадыров Ахьмад-Хьаьжа)

Шен къомана хала киртиг т1ех1оьттинчу хенахь гучуволу бакъволу къонаха. Стаг майра хиларх ца тоьу (хьекъална гена воцчу стагехь а хуьлу майралла), цуьнгахь оьшуш дерг доьналла хилар ду. Даймахкана бала т1ебеъча, дуьненан хьал-бахам йуьстах а тоттий, шен йукъ а йоьхкий араволу ша къонаха верг. Вайна дика вевзаш волчу нохчийн поэта Сулейманов Ахьмада къонахчун мах хадош ч1ог1а шен меттахь аьлла х1ара дешнаш: «…Къонаха вехийца Даймехкан сийнна. Даймехкан сий лардеш вала и ле! Ле иза, кхин ваха ца лууш санна, лен йоцчу сийлалле кховдаеш ц1е!»
Цхьа а шеко йоцуш, вайн халкъан дуьхьа шен дахар д1аделлачу НР-н Хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад- Хьаьжина дог1уш ду и дешнаш. Иза иштта хилар цуьнан дахаран масало вайна гайта а гайти. Уггар хала киртиг т1ех1оьттина, Дела воцург орцахвала стаг воцуш, даьржина адам хь- ийзачу хенахь шен аз айдира Ахьмад-Хьаьжас. Даррехь гуш дара дерриг халкъ х1аллакдаран 1алашо оцу боьхачу т1еман та- лоно хьалхайаьккхина хилар. Цхьацца бахьанаш а лоьхуш г1аланашна, йарташна чуйетташ йара йаккхий тоьпаш, ракеташ. Дойуш дара б1еннашкахь бехк боцу адамаш. Шаьш маьршачу нахана т1ехь лелош йолу харцо бакъоне йерзо г1ертара т1еман эпсарш, инарлаш, шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахула иза д1а а кхайкхош. Оцу муьрехь цхьаннах оза а ца луш, шен къомехьа дош ала г1аьттира Ахьмад-Хьаьжа.
«Ас цхьаьнгга а ловзадойтур дац сайн халкъ — йа сийдоцчу инарлашка а, политикаш бу бохучу цхьаболу «деятельшка а»,- д1ахьедира цо.
Уггар кхерамечу метте кхочура Ахьмад-Хьаьжа, йухатухура хила кечбелла лаьтта бохам. Нахаца хуьлучу цхьаьнакхетаршка-хь йовзуьйтура шен дог-ойла. Цо ч1ог1а ца ловра моттарг1анаш лелор. Ца дезара дагахь цхьаъ долуш, багахь кхидерг дийцар. Цунна мел къаьхьа делахь а, бакъдерг алар дезара. Ша хьаьнгга а и д1аолуш вара иза. Вайна дагадог1у Дудаевг1еран 1едал долчу хенахь дуьйна Басаевг1ар хьалха а бевлла кху махкахь баьржинчу ваххабиташна иза дуьхьалвалар а. Къаьсттина майралла а, доьналла а оьшуш хан йара иза.
Цхьаццанхьа эвлайистехь топ а кхуссий йа эккхийтар дой, бовдий д1абоьлхура «т1емалой» ду шаьш бохурш. Иза тоьура иштта а дарбелла болчу России эскаран эпсаршна, йуьрта чуйетта йолайора йаккхий тоьпаш, кхидолу герз. Дойуш дерш дара маьрша адамаш, дукхахьолахь шайна йукъахь зударий а, бераш а долуш. Иаккха йарташна гуо а бой, д1айуьйлайора «зачисткаш», д1акхуьйлура бехкгуьнахь доцу нах (дукхахьолахь кегийнах, хууш ма-хиллара, уьш кхин йуха ца бог1уш меттигаш а хуьлура). Вайна гина а, вай лайна а х1уманаш ду-кха уьш. Иштта вайн къомана т1ехь лат- тош йолу харцо ца лалуш, х1уъа дина а и д1айаккха г1ертара Ахьмад-Хьаьжа.
Оцу халчу муьрехь Ахьмад-Хьаьжина йуххехь вара дийнахь а, буса а вижар-г1аттар а доцуш тешаме накъост — цуьнан к1ант Рамзан. Шен дагалецамашкахь Рамзана дуьйцуш хезна вайна оцу халчу муьрехь шаьш текхначу вуно йаккхийчу халонех лаьцна. Кадыровг1еран доьзалан а дийзира цу хенахь дуккха а баланаш лан, кхарех къистира йиша-ваша, гергарниш, бевза-безарш.
Цкъа цхьана суьйренца шаьш ц1а кхаьчча, ша шен дега аьлларг дуьйцура Рамзана шен дагалецамашкахь: «Ваша (шен дех иштта олура цо), вайна массарначул а дукха оьшу-техьа х1ара? Сехьарчара «предательш» бохуш, дехьарчара «перебежчикаш» бохуш, цхьацца ц1ераш кхуллуш, вайна оьший х1ара базарш? 1адда, кхиберш санна, чохь 1ен ца мега вай а? Вела а къежна: «Кхера-м ца велла хьо,- элира кхуьнга Ахьмад-Хьаьжас.
— Хьуо кхеравеллехь, чохь 1ен мегар ду хьуна. Со кху некъа т1ера вер волуш вац, х1аллакдеш дерг сан къам ду». Циггахь ч1аг1о йира ша, бохуш дуьйцура Рамзана, лахь а, висахь а, Дала мукъалахь, цунна йуххехь хир ма ву ша, аьлла.
Доьналла а, майралла а оьшуш г1улч йара Кадыровг1ара — дас, к1антий йаьккхинарг. Дас шена хьалхах1оттийна 1алашо — х1аллакдечуьра нохчийн халкъ к1елхьарадаккхар йара, ткъа к1анта — оцу халчу муьрехь цунна тешаме накъост хилла д1ах1оттар дара. Ша Дела воцчунна хиндерг хаа йиш йоцуш, сел йоьхна, кегаеллачу заманахь халкъана хьалхавала оьшуш дерг — шен къоме болу безам, цуьнан лазам шечул беза хетар дара. Ишттачу к1ентех ала хьакъ а ду бакъболу къонахий. Дала ма иэшабойла вайн нохчийн къомана и санна болу къонахий!

ЭСКИЕВ М.

About Post Author

Общество