Дикачу доьзалийн г1иллакхаш дагардечохь уггар а хьалха хьахош хилла да-нана муха лору бераша бохург. Нохчийн 1адатехь б1еннаш шерашкахь билгалйина а, дахаро зийна а, къомо къобалйеш т1еэцна а уьйраш йу нохчийн доьзалехь хила йезарш. Тахана а, мел хан зама йаларх нохчашна йукъахь хер а ца луш ларйеш а, ларйан йезаш а йу доьзална а, дена-нанна а йукъахь хуьлуш йолу йукъаметтигаш.
Ала дашна, 1уьйранна хьалаг1аттарца, ков-кертахь дечу дезаршца, кхача кечбарца, х1ума йаарца, суьйранна чудерзарца, набарна дийшарца доьзна дерш дерриш а шайн барам-бустам болуш ду. Массо а хьолехь стага дийриг, лелориг халкъо ч1аг1динчу 1адатца дустуш ду. Дукхахьолахь 1адатца дог1у йа ца дог1у бохуш, ойла йан оьшуш доцуш, х1ораннан а кхетамехь ч1аг1делла дика-вуон х1ун ду билгалдина, цхьана хоршахь нисделла а, ч1аг1делла а лаьтташ ду.
Нохчийн доьзалехь воккха хилла, зуда йалийна к1ант велахь, дена а, нанна а дог1уш дац, 1уьйренца хьалхе ара а даьлла, дезарш деш кертахь лелар. Г1уллакхийн а, дан дезачийн а хьалхе шайн к1антехь, несехь а йита йеза цара. Чохь ц1е латор, нех д1айаккхар, йуучунна г1айга бар, хи дар, иштта кхидерг несо дийр ду. Дохнан керта хьажар, царна х1ума тасар (1аьнан хенахь), эшахь, дечиг даккхар — к1анта дийр ду.
Дас-нанас буьйса муха йаьккхина, церан могашалла муха йу хьажар т1ехь ду к1антана, и шиъ долчу х1ора 1уьйранна чу а х1уттуш. Т1аккха цу шинга ладоьг1начул т1аьхьа хуур ду к1антана цу дийнахь дан дезачех коьрта дерг. Да волчохь хиъна 1ар товш дац к1антана. Деца цхьаьна шуьне хийшар а дац к1антана бег1ийла. Дена оьшург х1ун ду а хьожуш, цуьнга ла а дуг1уш, гена воццуш лаьттар ву йа охьахиъна хир ву, дукха лакхахьа а воцуш, т1ех парг1атваьлла, гола т1е ког баьккхина а воцуш. Х1ора дийнахь, х1ора 1уьйренца шен дена луург х1ун ду, шега цо х1ун олу хьаьжна бен долор дац к1анта цу дийнахь дан дезарш.
Да-нана чоьхьадаьлча, бераш хьалаг1овтту. Цхьана г1уллакхе ваха да араволуш, цунна к1ант т1аьхьа араволу, шега дас х1ун олу а хьожуш. Говраца, машенахь да ваха везаш велахь, уьш кечйо хьалххе. Балха ваха везахь, базара водахь, йуьртахь шен г1уллакх делахь, дега а, нене а хоуьйту к1анта ша дийриг. Урамехь, йуьртахь цхьана стагаца йа тобанца да лаьтташ гича т1евоьду к1ант царна, массеран де дика дарца т1екаре а йой, шен дега хоуьйту ша цхьанхьа воьдуш хилар.
— Д1авало, дика ду,- шега шен дас йа цуьнца болчех цхьамма аллалц царна уллохь лаьтта, к1еззиг йуьстаха а волий.
Вайнехан олуш ду, дикачу доьзалехь веза хьаша санна да лоруш, цуьнан сий деш хила деза. Нагахь шега дас дуьйцург нийса ца хетахь, дена дуьхьал деш долу къамел аз лахдина а, сих ца луш а хуьлу. Маггане а мегаш дац аз ч1аг1дина деца къамел дан. Ч1ог1а осала лоруш ду дена нисса дуьхьала а хьоьжуш, резавоцуш къамел дар. Эхь ца хеташ хиларан билгало йу реза а воцуш, дена йа нанна б1аьра хьажар.
Ткъа и дерриг а г1иллакхаш берашна 1ема дукха кегий долуш дуьйна. Нанас довзуьйту царна иза, йух-йуха а дуьйцуш. Цул сов, нанас ша масал гойту шен леларца а, х1усамден сий дарца а. Нахалахь вевзаш, ц1ейоккхуш хиллачу Исмайлан Дудас, шега хьо наха сий деш, лоруш, вевзаш хиларан бахьана х1ун ду аьлла хаьттича, жоп делла бохура, уггар хьалха шен сий деш, ша леринарг шен х1усамнана йу. Цо лерича доьзало а лерира ша. Зудчо а, доьзало а сий деш верг лулахошна а хета дош. Шен доьзало а, лулахоша а лоруш верг йуьрто а къаставо. Дикачу къонахчун г1иллакхех дац шен бераш хестор. Дас довдарх сий лахлуш дац к1ентан. Да-нана лоруш воцург къонаха ца лору нохчаша. Шен да-нана ца лоручо, царех эхь ца хетачо нехан а дийр дац сий.
Да-нана доккха хилла, г1орасиз дисча йа цомгуш хилча гуттар а алсам церан терго йар т1едужу к1антана.
Шен да-нана дика лелош волчу к1антана, йо1ана, несана наха а олу баркалла, шайна дика болх цара бича санна.
Челакха ойланаш шен коьртехь сецайеш,
Чохь ч1ана эшийна шун дагна вас ца йеш,
Массанхьа 1у хилла, шаьш хала кхиийна
И къена шайн дада тергалве, боху цо.
Хеназа самайуьйлуш, шун метта мотт хуьйцуш,
Мерзачу набарна аганан г1ожца туьйш,
Доьзалан хьашташа хеназа къежйина
Хьомсара шайн нана йиц ма йе, боху цо…
Нохчийн сийлахьчу поэта Мамакаев Мохьмада йаздина и мог1анаш «Даймехкан косташ» ц1е йолчу шен стихотворени т1ехь. Нохчийн оьздачу 1адато билгалйина да-нана лараран, сийдаран мехаллаш кхин т1е а йузуш, ч1аг1йеш бу дин-исламан лехамаш: “Дена-нанна оьг1азаллица дуьхьал хьажийна б1аьргаш жоьжаг1атан ц1аро цкъа багор бу”, “Ялсамани ненан когаш к1елахь ю”. Иштта дукха ду бусалба динехь да-нана ларарх дийцина. Даима а уьш хьехош, дуьйцуш хила деза вай къоначарна. Дала иманехь нисдойла вай, бусалба вежарий, йижарий!
Кечйинарг Исаев З.