Кху деношкахь Шуьйтан к1оштахь д1аболийна коьрта маьждиг даран бел-хаш. Цигахь д1акъалаца веанера Нох-чийн Республикан Мехк-Ден хьехамча, Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахьхьаьжа. Иштта оцу меле г1уллакхехь дакъалоцуш бара к1оштан къеда Элибаев 1алавди, къанойн кхеташонан куьйгалхо Давлетукаев 1адрахьман, к1оштан депу- татийн Советан председатель Дадаев Хаважи, Шуьйтара МВД-н декъан хьаькам Ахмадов Майрбек, организацийн, учрежденийн куьйгалхой, йуьртадай, иштта йукъараллин векалш а.
Хьешашка маршалла а хоттуш вистхилира к1оштан администрации куьйгалхо Акаев Руслан. Шен къамелехь цо хьахийра Шуьйтан к1оштахь дина а, дан лерина а долу дика г1уллакхаш.
— Тхоьга тхаьшка х1умма а далур дацара вайн Мехк-Дегара а, иштта Йукъараллин фондера а ондда г1онакъосталла ца хиллехь. Хууш ма хиллара, Шуьйтан к1оштахь церан г1оьнца хьалайина социальни декъехула а, иштта
административни аг1ор йолу а дуккха а объекташ. Тахана а вай цхьаьнакхетта Шуьйтахь керла коьрта маьждиг даран белхаш д1аболо. Кху т1аьхьарчу хенахь адам алсамдаларца, рузбан-ламазе чубаха меттиг готто йара х1инца долчу маьждиг чохь. И тхан кхузахь х1оьттина хьал ша девзаш, хууш хиларе терра вайн муфтис Салахь-хьаьжис д1адовзийтина Мехк-Дена. Суна сайн а, иштта к1оштара
массо а бахархойн а ц1арах а даггара баркалла ала луур дара вайн Мехк-Дена Кадыров Рамзанна а, Фондан куьйгалхо йолчу Кадырова Айманина а массо тхуна оьшуш мел долчунна даима а г1онакъосталла лацарна. Дала Шен дуьхьа лорийла аша мел деш дерг!
— Вай тахана Шуьйта к1оштахь гулделла, кхузахь керла маьждиг даран
1алашонца,- элира шен къамелехь муфтис Салахь-хьаьжис. — Суна вайн паччахьо Рамзан-хьаьжас т1едиллина вайн махкахь маьждигаш оьшуш йолу меттигаш таллар и хаам шега д1акхачор. Цо т1едиллина декхар кхо- чушдеш, кхушарахь республикехь дан лерина ду 24 маьждиг. Царна йукъахь х1ара тахана вай д1адолош долу маьждиг а ду, 1500 стагана лерина
долу. Вайна ма-хаъара, Шуьйтахула чекхдовлу лулара к1ошташка — Шара а, Итон-Кхаьлла доьлху некъаш. Цундела, воьдург-вог1ург дукха нисло п1ераскан дийнахь рузбан-ламазе. Адам парг1ат чудаха меттиг йолуш, Делан жовх1ар — хаза маьждиг кхузахь дог1а нигат ду вайн. Суна вай массо а бусалба нехан ц1арах а, иштта шотойн ц1арах а доккха
баркалла ала луур ду вай Мехк-Дена Рамзан-хьаьжина а, Мехк-Нанна Аймани-хьаьжина а. Дала саг1а дойла церан кху махкахь хьала мел дина маьждигаш, дан леринарш а, иштта йина хьуьжарш а. Д1айаханчу заманашка хьаьжча, тахана сел к1еззигчу ханна кху тайпана не1маташ гучудахар, уьш д1ах1иттор Дала Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!) харжар ду, цуьнан некъ къобалбар а ду.
— Тхан, шотойн, ницкъ кхочур бацара х1ара онда г1уллакх дан, доккха х1ума ду-кха х1ара,- элира шен вистхиларехь лараме къанос Давлетукаев 1адрахьмана. — Бусалба нахана ламазе чубаха парг1ато луш волчу Мехк-Дена Рамзан- хьаьжина Дела резахуьлда иштта тхоьца ларам хиларна.
И меле г1уллакх дерзийра до1анца. Дала т1аьхье беркате йойла! Дала иманехь совдохийла вай!
Тхан хаам

