Хьомсара тхан наной, йижарий, х1усамнаной! Аса даггара декъалдо шу Дуьненайукъарчу зударийн денца!
Йоккхачу Россехь а, иштта кхечу пачхьалкхашкахь а билгалдоккхуш ду и зударийн дезде. Йукъараллин дахарехь а, чохь-арахь а зударша д1алоцуш йолу 1аламат йоккха меттиг билгалйаккхар ду и де даздар. И меттиг боккъал а йоккха хилар, зударша шайн ховхачу белшаш т1ехь д1акхоьхьуш долу дукъ т1аьхь-т1аьхьа дазлуш, шорлуш хилар массарна гуш а, хууш а ду.
Зударий бацахьара, уьш иштта доьналла долуш, шаьш-шайн ца кхоош, доьзалийн хьашташна бецаш бацахьара, х1ун дийр дарате вай, божарша, олий, дага а дог1у кест-кестта. Дала дукхадахадойла шу, тхан лераме зударий! Дала могашалла а, ирс-аьттоа ма-иэшадойла шуна шайн дахарехь!
Суна цкъа хьалха вайн Шуьйтан к1оштара массо а бахархойн а, иштта сайн ц1арах а даггара декъалйан луур дара массарна а йезаш, вай лоруш йолу Йукъараллин фондан куьйгалхо Кадырова Аймани Несиевна. Дала декъалйойла хьо кху т1едеанчу зударийн дезчу денца! Ахь кху махкахь а, цул арахьа а мел деш долу дика г1уллакхаш тхо гуш, хууш а ду. Дала Шен дуьхьа лорийла ахь г1ийла-миска бохкучеран мел лоцуш долу г1о! Дала диканца бекхам бойла хьуна, тхан лераме Аману!
Иштта, хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикан Куьйгалочо Кадыров Рамзана шен указаца билгалдаьккхина леррина Нохчийн зудчун де. Халкъана т1ех1иттинчу халчу киртигашкахь нохчийн зударша гайтинчу доьналлин, къонахаллин, шайн доьзалийн, берийн дуьхьа цара 1ийшинчу баланийн сий деш билгалдаьккхина ду и де. Иза а, иштта кхидолу вайн зударийн дезденош а, цхьа а шеко йоцуш, царна хила хьакъ а ду.
Д1абаханчу шина т1еман къизалла а лан дийзи вайн зударийн. Амма доьналлех ца бухуш, шайн доьзалш хене бахаран деза дукъ шайн ховхачу белшаш т1ехь ловш чекхбевли уьш оцу инзаре халчу зиерах.
Тахана ламанцара к1оштан дахарехь йоккха меттиг д1алоцу вайн зударша. Уьш хьанал къахьоьгуш бу дешаран, могашалла 1алашйаран, культуран а, йуьртабахаман а, иштта кхидолчу а декъашкахь. Кхин цхьа сийлахь-деза декхар а ду царна т1ехь — шайн доьзалш кхетош-кхиор, ц1ийнан кхерч бовха, аьхна латтор.
Дала сий дойла шун, нохчийн зударий, тхан наной, йижарий, йо1арий вай билгалдечу х1окху деношкахь хьовха, х1ора дийнахь, х1ора сахьтехь а! Дала шайн доьзалийн, биеза-бевзачеран вуон ца гуш, ирсе хуьлда шун дахар кхид1а а дуккха а шерашкахь!
АКАЕВ РУСЛАН, Шуьйтан к1оштан администрации куьйгалхо

