Бакъонан а, нийсонан а новкъахь

Бакъонан а, нийсонан а новкъахь

2003-чу шеран 23-чу мартехь вайн республикехь д1айаьхьначу референдумехь Нохчийн Республикан Конституци къобалйина т1еэцарца, цунна кхаж тасарца вайн Коьрта закон дахаран къилба хилла д1ах1оьттира вайна массарна а. Цу хенахь дуьйна России Федерации бакъйолу, кхечеран мог1арехь йолу субъект хилира Нохчийн Республика.
Т1ех1оьттинчу оцу уггаре а кхерамечу, халчу муьрехь и жоьпалле г1улч йаккхалур йацара доьналла долчу, майрачу стаге, хьекъал долчу политике бен. Шен мехкан а, России а цу тайпа патриот вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан).
Цхьаболу политикаш а, йукъараллин г1уллакххой а иза дохковаккха г1ертара ша дагалаьцначунна. Конституци т1еэцаран а, президент харжаран а хьокъехь долу г1уллакхаш иттех шо даллалц хьеха а ма де бохуш хьехарш дуора цара. Амма шен халкъан кхетам дика бевзаш а, хаьржина некъ нийса хиларх тешна а хиллачу Ахьмад-Хьаьжас ондда сацам бира
референдум д1айахьа. Вайна массарна а дика дагадог1у цо аьлла дешнаш: «Халкъах дагадовла деза вай». Иза кийча вара харжамийн муьл- хха а жам1аш т1еэца, уьш къобалдан.
Исторехь к1езиг дац пачхьалкхан Коьрта закон цхьана сийлахьчу политикан ц1арца, и бахьанехь иза т1еэцар а. Тахана вайн дерриге а жоь- паллица ала йиш йу: Нохчийн Республикан Конституцина ондда бух биллинарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ву. Оцу
документо таро йелла республикин а, меттигера 1едалан а структураш вовшахтоха, МВД а, бакъонашларйаран кхин органаш а вовшахтоха, йуьхь йолийна халкъан барт баран, экономика а, социальни дакъа а меттах1отторан.
Конституци т1еэцарца кхоччуш чекхдехира Нохчийн Республикин статусан хьокъехь хилла къамелаш. Референдумехь билгалдинчу хаттарна жоп луш, берриге бохург санна бахархоша хаийтира шаьш России паччхьалкха йукъахь даха лууш хилар.
Иза нийса харжам хиллий вайна тахана гуш ду. Шен ден, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентам Кадыров Ахьмад-Хьаьжин г1уллакх д1ахьош, цуьнан новкъахь схьавог1уш ву тахана вайн Мехк-Да Кадыров Рамзан. Цуьнца цхьаьна оцу новкъахь ду дерриг нохчийн халкъ а. Дала мукъалахь, оцу новкъахь вай кхид1а а кхиамашка кхочуш, вешан Даймохк тобеш, хазбеш д1аг1ур ду. Некъ гайтича, цу т1ехула д1аваха-м башха хала а дац. И некъ вайна 21 шо хьалха гайтира НР-н Хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цунна тешам беллачу нохчийн халкъо а.
Дала хьекъал, доьналла а, лаам а ма-иэшабойла вайн оцу беркатечу новкъа д1адаха а, цу т1ехь керла кхиамаш баха а.

«Ламанан аз» газетан редколлеги

About Post Author

Власть и политика