Бахархоин могашалла 1алашъиар коьрта лоруш

Бахархоин могашалла 1алашъиар коьрта лоруш

Хууш ма-хиллара, вайн Мехк-Дас Кадыров Рамзана шен леринчу тидамехь латтош ду республикехь бахархоин могашалла 1алашъйарехь долу хьал. Цу декъехь могашаллин министерствон коьрта декхар лору цо вайн махкана дика говзаллаш карайерзийна болу лоьраш кхиор. Ала деза, и хьашташ кхочушдарна лерина болх хаддаза д1ахьош бу. Цу бахьаненна лерина вайн махкахь керла йина д1ах1иттийна, чохь мел оьшу г1ирс а болуш, дукха больницаш, кхийолу медицински учрежденеш. Иштта мел оьшу хьелаш ду Шуьйтан районан больни- цехь а. Лоьраш а бу кхуза- ра, де-буьйса ца лоьруш, вайн бахархойн могашаллин г1аролехь лаьтташ.
Шеко йоцуш, царах цхьаъ лара мегар ду Ваьрдера фельдшерско-акушерски пунктан заведующи йолу Ахмадова Рихьант Шарпу- диновна. Рихьант ша йина а, кхиъна а йу ламанан хазчу йуьртахь — Д1айхь. Школера йаьлча, лоьрийн говзалла карайерзоран 1алашонца цо 1982-чу шарахь т1ехдика хааршца чекхйоккху Соьжа- Палара медицински училище. Оццу шарахь иза балха х1утту Шуьйтан районерчу Ваьрдера ФАПе. Цуьнан
1уналлехь, цо терго йеш йу ши йурт: Г1уш-Корт, Ваьрди а. Х1ара шовзткъе шиъ шо кхечи цо хаддаза бахархойн могашалла 1алашъ- ярехь къахьоьгу. Оцу шина йуьртахь йевзина ца 1аш, йерриг районехь массарна а дика йевзаш-йезаш йу Рихьант. Цомгашчу нахаца ч1ог1а к1еда-мерза йу, шен ма-хуьллу царна там хуьлчу аг1ор, церан дог иэца г1ерта иза. Дархочунна шега хаза, мерза дош аьлча а, шена мелла а г1оле хуьлуш санна хета. Ша болх бечу оцу йехачу хенахь шех ала диканиг бен дош ца дитина цо.
Цуьнан балхах лаьцна дистхилар хилира тхан Ри- хьантаца. Цо дийцарехь, кху тфьхьарчу хенахь дукха бу вайн цхьацца цамгарша лаьцна баккхийнах а, иштта кегийрхой а.
— Уггар хьалха стага ша ларъйан йеза шен могашалла,- шена хетарг олуш йистхилира Рихьант. — Йууш йерг шен дег1ана пайдехь йерг хила йеза, цхьацца хими йиттинчу сурсатех ларлуш хила деза вай. Вайн дайша эрна дууш ца хилла ахьарх дина даар: сискал, худар… Дег1ана цул пайдехьа х1ума хир ду аьлча бакъ дац. Охам тхаьш дан декхарийлахь а, далуш дерг дийр ду, Дала мукъалахь, делахь а, коьртаниг — нах шаьш ларлуш хилча дика дара. Цамгарш дукха йаьржина вайна кху т1аьхьарчу хенахь. Кхин х1ума ца хилча а тоьар дара вайн махкахь хьов, дерриг дуьненахь а гучуйаьлла и къиза цамгар а. Дала 1алашдойла вай и санна болчу ун-балех. Дала вайн массо а адамана латтайойла-кха могашалла,- иштта хьекъале йистхилира Рихьант, тхоьца шен хиллачу къамелехь.
Цо и ч1ог1а нийса боху, вешан дог1машкахь цхьацца лазарш гучудийла доьлча. дег1ехь могашалла ца хилча, цхьанна а х1уманах самукъа ца долу, гуттар а г1айг1ане хуьлу стаг.
— Довха, мерза дош шех ала хьакъ йу тхан ФАПан заведующи Ахмадова Рихьант,- олуш вистхилира Г1уш-Коьртара вахархо Акаев Ахьмад. — Де-буьйса ца лоьруш, йиш йарий-йацарий аьлла ца 1аш, ша д1акхайкхинчу метте лазархочунна т1екхача сихло
иза. Шен лоьрийн дарба дина ца 1аш, хьехар до могашалла ларъяран хьокъехь. Иттаннаш шерашкахь схьайог1уш йу иза тхоьца массаьрца а к1еда-мерза, г1иллакхе йолуш. Цхьа а шеко йоцуш, цунна уггар хьалха йог1ура «Хьакъйолу лор», аьлла ц1е. И лаам бу-кх тхан шина йуьртара бахархойн.
Иштта шайн фельдшерах дикчу аг1ор тоьшаллаш дан кийча ву Ваьрдера а, Г1уш- Коьртара а х1ора вахархо.
Шен кхо доьзалхо (ши к1ант, цхьа йо1) хьалакхиийна Рихьанта шайца иман долуш, хаза нахаца тарбала хууш, лаккхара дешарш дешна а болуш. Жимах волу к1ант Мохьмад карарчу хенахь Шуьйтан районан администрацехь болх беш ву, Соьлжа-Г1алара пачхьалкхан мехкдаьттан технически университетехь 3-чу курсехь (заочно) доьшуш а волуш.
Иштта шен дахарехь хьанал къахьегарца, оьзда шен доьзал кхиорца нахалахь сийлараме кхаьчна дика адам а, говза лор а йолу Ахмадова Рихьант. Дала айхьа мел лелочу г1уллакхаш т1ехь иман-беркат, аьтто хуьлуш, хьайн доьзалан, биеза-бевзачеран вуон ца гуш, ирсе хуьлда хьан дахар кхид1а а дуккха а шерашкахь!
ЭСКИЕВ М.

About Post Author

Общество