Нохчиин меттан денца декъадар

Нохчиин меттан денца декъадар

Лараме ШуьИтан к1оштара берриге а бахархоИ! Даггара декъалдо шу ваИн ДаИмахкахь уггаре а маь1нечу, сирлачу деноИх цхьаъ хилла д1ах1оьттинчу НохчиИн меттан денца!

Т1екхечи вай сатийсина рог1ера Нохчийн меттан де. Ненан маттах пайдаэцарна, иза кхиорна доккха маь1на долуш ду вайн Мехк-Дас шен куьг йаздарца 2007-чу шарахь лерина Указ арадалар.
Цо гойту иза шен халкъах доглозуш, къоман мотт, истори, культура 1алашйарехь бала болуш хилар. Х1ора нохчочун сийлахь декхар лору цо шен мотт безаш, бевзаш хилар. Суна сайн а, иштта массо а ламанхойн ц1арах а даггара декъалван луур дара Нохчийн меттан денца вайн Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Цо ма-бохху, ненан мотт безар, 1амор, ларар, цунна хьакъдолу тидам т1ебахийтар тахана вайн т1екхуьучу чкъурана коьрта декхар хилла д1ах1отта деза. Гуш ду иза кхиорехь, цуьнга марзо кхолларехь къахьоь- гуш болчарна цо мел деш долу г1о-накъосталла. Дала мукъалахь, вайн дахар санна толуш, хазлуш схьабог1ур бу
вайн нохчийн мотт!
Б1еннаш, эзарнаш шерашкахь вайн исбаьхьчу лаьмнашкахь бекна бу вайн къоман мотт. Ненан мотт безаш, цуьнан сий деш лелла вайн дай, цара лерина лардеш хилла къоман оьзда г1иллакхаш, ламасташ.
Шен йехачу исторехь мел 1овжаме киртигаш вайн къомана т1ех1иттарх, иза халонашка, баланашка иэша ца дайтинарг — вайн ненан мотт бара. Иштта ларбе аьлла вайга схьа а кховдийна цара иза лерина весеташ ца динехь а. Тахана вайна т1ехь ду вешан т1екхуьучу къона т1аьхьенна ненан мотт марзбар, цуьнан йист йоцу къайле йовзийтар. Т1аккха иза, цхьа а шеко йоцуш, бехар бу, цуьнан кхане а хир йу.
Дала шен ненан мотт безачарех дойла вай! Цуьнца йолу уьйр-марзо ма-хедийла вайн цкъа а!
АКАЕВ РУСЛАН, Шуьйтан к1оштан администрации куьйгалхо

About Post Author

Общество