Ламанан Уьрд-Юхехь схьадиллина керла маьждиг

Ламанан Уьрд-Юхехь схьадиллина керла маьждиг

Вайна массарна а гуш бу xlopa дийнахь бохург санна вайн махкахь дикачу аг1ор хуьлуш болу хийцамаш. Вай дерриш теш ду и беркате г1уллакхаш вайн ламанан йартех а хьакхалуш хилар. Церан мог1арера лара мегар йу Шуьйтан районера Уьрд-Юхе а. НР-н Хьалхара Президент, России Турпалхо Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!) вина 73 шо кхачарца доьзна керла дина маьждиг схьадиллира цу йуьртахь.
Дукха хенахь дуьйна бала хьоьгура йуьртахоша рузбанламазе х1итта мегарг меттиг йоцуш, дехьа-сехьа йарташка оьхуш. И лазам шена бевзича, НР-н Куьйгалхочо Кадыров Рамзана т1едиллира бахархойн лаам кхочушбеш цу йуьртахь маьждиг дар. Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу йукъараллин фондо шена т1елецира маьждиг деш хинйолу ахчанан харж. Иштта Рамзанан лаамца, сихонца оьшуш мел болу г1ирс т1е а оьзна, говза специалисташ вовшах а тоьхна д1аболийра маьждиг даран белхаш.
Кхузахь хьахо дог1у, администрации куьйгалло т1едилларца организацийн, учрежденийн белхахоша а оцу меле г1уллакхана доккха дакъалацар: УьрдЮхе-йуьртана т1ебог1учу некъаца хьала-охьа йолу кондарш д1айохуш, совнаха хьалайаьлла буц хьокхуш, гулйина нехаш машенаш т1ейуттуш свалке д1акхоьхьуш… Маьждигана гонах долу сурт санитарии къепе дерззалц д1акхийхьира и белхи.
Хьаьттан (август) беттан 16-чу дийнахь керла дина маьждиг схьадоьллучу кхечира Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь-хьаьжа, НР-н КУьйгалхочун, Правительством Администрации Куьйгалхочун заместитель Истамулов
Зеламха, Соьлжа-Г1алин мэр Кадыров Хас-Мохьмад, НР-н г1ишлошйаран, коммунальни-х1усамийн бахаман, энергаллин министр Зайпуллаев Муслим, Шуьйтан к1оштан администрации куьйгалхо Акаев Руслан, к1оштан полиции хьаькам Ахмадов Майрбек, кхиболу хьеший а, иштта лула-кулара йарташкара бахархой а.
Шен вистхиларехь Салахь-хьаьжас билгалдаьккхира маьждиг даран мехалла.
— Маьждиг — иза даима а маликин эскарш лаьтташ меттиг йу, Дала до1ана жоп луш йолу меттиг йу,- элира цо. — Йуьртахь маьждиг хилар Делан къинхетам бу, доккха беркат а ду. Х1ара йурт вайн ламанан йарташна йукъахь дуккха а 1еламнах лаьттина, беркате йурт йу. Иштта Уьрд-Юхера бахархоша шайна ч1ог1а маьждиг оьшура аьлла дехар дича, вайн Мехк-Дас Рамзана-хьаьжас, лераме Аймани-хьаьжас а шаьш даима а луш ма-хиллара беркате жоп а делла, Дела пурбанца д1ах1оттийна х1ара хаза дина маьждиг. Иза а, цуьнан мог1арехь долу вайн махкахь мел дина дика г1уллакхаш Ахьмад-Хьаьжех вайна даьлла беркат ду. Цундела хама бан беза кху 1аламат боккхачу белхан. Дала Шен къинхетам бойла вайх! Дала т1аьхье беркате йойла вайн! — дерзийра Межиев Салахь-хьаьжис шен къамел.
Иштта динчу маьждигах баккхийбина ца бовлура йуьртахой а. Гуш дара сурт
санна хаза дина лаьтташ долу Делан ц1а. Ша маьждиг 500 стагана лерина ду. Кхузахь цхьа маьждиг дина ца 1а: гонах йина хаза забарш йолу аьчкан керт, тойина д1ах1оттийна гонахара майда, иштта кхачаме дина чохь мел оьшург, чудалийна ламаз эца хи а… Доккха баркалла элира цу дийнахь цигахь гулделлачу адамаша Мехк-Дена Рамзан-хьаьжина.
— Дела резахуьлда хьуна, лераме Мехк-Да, Элча резахуьлда хьуна,- элира йуьртахойн ц1арах къанос Мансураев Хьамида:
— Барам чот йоцуш ч1ог1а доккха г1уллакх ду ахьа тхуна дайтинарг. Хьалхара Делера йал а, цул сов, тхоьгара даггара баркалла а ду хьуна иштта хаза маьждиг тхан йуьртахь дайтарна. Оха хьо лоруш а ву, тхо хьан тешаме накъостий а ду хьуна, Дала мукълахь. Дала сий дойла хьан, Дала тхуна дукхавахавойла хьо!
Цул т1аьхьа ц1ен лента а хадош схьадиллира керла дина маьждиг. Цу чохь рузбан-ламаз а деш, мовлид а йоьшуш, дерзийра и меле г1уллакх.
Хууш ма-хиллара, маьждиг дар, некъ тобар, т1ай тиллар — меле, дезачу г1уллакхех лерина ду. Иштта Мехк-Дех Рамзан-хьаьжех беркат а даьлла кхин цхьаъ Делан ц1а совдели вайн махкахь.
Оцу дикачу г1уллакхийн масалло гойту вайн бахархой (хуьйлийла уьш г1аланашкара йа генарчу ламанан йарташкара) шайн лазамашца цхьалха буьсург цахилар. Т1аьхье Дала беркате оцу меле г1уллакхан!

ЭСКИЕВ М.

About Post Author

Общество