Кестта дина дер ду Шуьйтара коьрта маьждиг

Кестта дина дер ду Шуьйтара коьрта маьждиг

Кхушеран чиллин беттан хьалхарчу деношкахь д1аболийра Шуьйтара коьрта маьждиг даран белхаш. Ала дашна, адам алсам далар бахьаненна хьалха хиллачу маьждигехь рузбан-ламазе х1итта меттиг готто йолуш хьал дара. Кхин цхьа бахьана а дара Шуьйтара коьрта маьждигехь джама1ат- ламазе х1итта меттиг ца тоар — луларчу к1ошташкара (Шарара а, Итон-Кхаьллара) д1асалела дукха адам нислора п1ераскан дийнахь Шуьйтахь. Иштта цу декъехь оцу маьждигца долу хьал Мехк-Дена Кадыров Рам- занна довзийтира муфтис Салахь-хьаьжас. Керла маьждиг дан д1адолош кхуза кхечира ша Салахь-хьаьжа. Шен къамелехь цо довзийтира бахархошна шена Рамзан-хьаьжас т1едиллина хилар вайн махкахь маьждигаш оьшуш йолу меттигаш таллар и г1уллакх шена т1екхачор. Муфтис бинчу хаамца республикехь кхушара дан билгалдаьккхина дара 24 маьждиг, царна йукъахь 1500 стагана лерина долу Шуьйтарниг а долуш. Иштта цу дийнахь и меле г1уллакх д1адолор дерзийра до1анца.
Тахана, гуш ма-хиллара, сихонца д1ахьош бу коьрта маьждиг даран белхаш. Строительша дийцарехь, царна оьшуш мел болу берриге г1ирс болуш бу маьждиг хьалдан.
Кхуза кест-кестта оьшуш долчунна г1о-накъосталла дан кхочу к1оштан администрации куьйгалхо Акаев Руслан.
— Тхан тхешан ницкъ кхочур бацара оццул ондда х1ара г1уллакх дан. Суна доккха баркалла ала луур дара вайн Мехк-Дена Кадыров Рамзанна шотойн лазам шена бевзича х1ара маьждиг хьаладайтарна. Иштта даггара баркалла ала дог1у Региональни йукъараллин фондан куьйгаллехь йолчу лераме Аймани Несиевнна а маьждиг деш ахчанца йолу харж шена т1елацарна. Дала мукълахь, кху эсаран баттахь пенош хьала а дина чоьхьара белхаш д1адолор ду. Х1ара шо дерзале, Делан пурбанца, жовх1ар санна хаза дина маьждиг д1ах1оттор ду.
Дела резахуьлда кхин цхьаъ Делан ц1а вайн махкахь совдак- кхарехь дашца а, г1уллакхца а къахьоьгуш мел волчунна. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!

ЭСКИЕВ М.

About Post Author

Общество