Ткъех шо гергга хан йу йерриг Россехь билгалдохуш долчу дезчу деношна йукъахь уггар мехала дезде къаьмнийн цхьааллин Де хилла д1ах1оттар. Цуьнан истори генарчу 1612-чу шаре д1акхийдаш йу. Россин пачхьалкхана кхерам т1ех1оьттина хан йара иза. Полякин мохкд1алацархой Москва-г1ала чубаьхкира гуттаренна а шайн 1едал д1а а х1оттийна, охьаховша дагахь. Амма цунах г1уллакх ца хилира йа хила йиш а йацара. Мел шайна йукъахь цхьацца политически а, социальни аг1ор а цатемаш хиллехь а, йукъарчу г1уллакхана мостаг1ана цхьабарт а хилла дуьхьалдевлира Россин къаьмнаш. Царна йукъахь бара иштта кавказан къаьмнийн векалш а, нохчий-м х1етте а. Мог1арера гражданин Козьма Минин а, эла Дмитрий Пожарский а коьртехь волчу бахархойн г1аттамхоша лаьхкира Москва-г1аличуьра полякин мохкд1алацархой. 1612-чу шеран ноябрь беттан денош дара уьш. Оцу хиламо вайна даррехь гойту Россин ницкъ цуьнан къаьмнийн цхьааллехь хилар.
Вайн республикехь массанхьа санна ламанан Шуьйта районехь а билгалдаьккхира и дезде. Ноябрь беттан 2-чу дийнахь дукха адам гулделира Шуьйтара районан оьздангаллин Ц1ийнахь. Цигахь бара организацешкара, учрежденешкара белхахой, йарташкара бахархой, иштта районан йукъараллин векалш а. Цу дезчу денца бахархой декъалбан баьхкинера Шуьйта районан администрацин куьйгалхочун 1-ра заместитель Басханов Муслим, кхиболу куьйгалхой, йуьртадай а.
Цкъа хьалха массара а хьалаг1овттарца сий дира Россин а, Нохчийн Республикин а лекхначу гимнийн. Гулбеллачаьрга вистхуьлуш М. Басхановс элира:
— Дукха дезденош ду вайна шеран хенан календарана т1ехь, амма царна йукъахь дезачех цхьаъ лара мегар ду 4-г1а ноябрь — къаьмнийн цхьааллин Де. Хууш ма-хиллара, шен йехачу исторехь хийла хала киртигаш т1ех1иттина Россин пачхьалкхана. Амма къаьмнийн цхьабарт хиларо муьлхха а кхерам йухатоттуш хилла. Барт болуш къаьмнаш дехачу пачхьлалкхан кхане хир йу. Олуш ма- хиллара, барт боцчу доьзаллехь иман-беркат а хир дац йа хила йиш а йац. Иштта йукъахь барт бацахь къаьмнаш а дебар дац йа цхьа а пачхьалкх кога-метта а х1уттур йац. Цундела лору йерриг Россехь дехачу къаьмнаша и де дезачех цхьаъ. Суна цкъа хьалха вайн районан куьйгалхочун Акаев Русланан а, иштта вай массеран ц1арах а даггара декъалван луур дара вайн Мехк-Да Кадыровг1еран Рамзан-хьаьжа кху дезчу денца. Цо д1ахьочу хьекъале, нийсачу политико аьтто бина республикехь дехачу кхидолчу къаьмнийн вайца цхьаьна бертахь даха. Бусалба дех-ненах схьаваьлла а волуш, г1ийла-мискачух дог лозуш паччахь ву вайн, таро йоцчунна г1о-накъосталла а деш. Цундела массара а къобалйеш т1еоьцу иза коьртехь волуш вайн махкахь д1ахьош йолу политика. Цундела бу нохчийн къомана йукъахь тахана барт. Мел ондда болх бу цо кегийрхой кхетош-кхиорехь ша хьалха а ваьлла д1акхоьхьуьйтуш берг. Хьекъале, г1иллакх долуш вайн т1аьхье ца кхиахь — ледара кхане хир йу вайн къоман. Цхьана Мехк-Ден хилла ца 1аш, вайн массеран а йукъара лазам бу иза. Вай вовшех дешаш хилахь, вайна йукъахь барт белахь — кхане сирла хир йу вайн. Амма, барт бацахь, г1иллакх, оьздингаллех вай хадахь — кхечу къаьмнех д1а а ийна, довр ду, г1амарлахь байна хин т1адам санна. Дала йукъара барт ма-иэшабойла вайн цкъа а! Оьзда, г1иллакхе т1екхуьуш долу чкъор кхио Дала иман, собар, ницкъ а лойла вайна!
Цул т1аьхьа динчу къамелашкахь а хаалора барт болуш хилар мехала а, деза а хилар. Нохчийн къам доьналлех, собарх ца духуш шен историн йохаллехь т1ех1иттинчу зиэрех чекхдаьккхинарг — дайн оьзда, хаза г1иллакхаш дара. Бехк-гуьнахь доцуш шийлачу Сибарех дахийтича а доьналлех ца духуш, къоман йуьхь ларйеш ц1адерзар а ду дайн г1иллакхех хер ца луш вай чекхдовлар.
Торжественни дакъа дерзош йалх дешархочунна дуьххьара паспорташ делира Россин Федерацин цхьатерра бакъонаш йолуш гражданаш уьш хилар т1еч1аг1деш.
Цул т1аьхьа районан культуран белхахоша х1оттийнчу концертни программе хьовса йиш хилира гулбеллачеран.
Оьздангаллин Ц1ийнан сцени т1ехь дийкира цу дийнахь Шуьйтара мехкарийн мукъаме, зевне аьзнаш. Массеран а дагах хьакхалуш дара Даймахках, доттаг1аллех, ненах долу цара аьлла иллеш, лекхна эшарш. Иштта самукънечу миноташца дерзийра и мехала цхьаьнакхетар. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
Эскиев М.