Шуьйта чубог1учу машенийн некъайистехь, аййеллачу меттехь йина йолуш йу шена б1аьрг т1ех1уттуш йолу коьрта маьждиган керла г1ишло.
Цхьа шо гергга хьалха дан долийра Шуьйтара и керла рузбан маьждиг. Жама1атехь ламаз дан кхуза чубог1учу бусалба нехан терахь т1аьхьарчу шерашкахь совдаларна, хиллачу маьждига чохь меттиг гатйеллера. Цу тайпана хьал кхузахь дуй хууш волчу НР-н муфтис Межиев Салахь-хьаьжас иза довзийтина хиллера Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна. Т1аккха, вайн махкахь массан- хьа маьждигаш, хьуьжарш, хьафизийн школаш йойтуш схьавог1уш волчу вайн Мехк-Дас шен лаам д1ахаийтинера Шуьйтахь йоццачу хенахь керла коьрта (рузбан) маьждиг дан дезаш хилар.
Цул т1аьхьа, кхин хьем ца беш, сихха керла маьждиг дан д1адолийра шайн кечйинчу проектаца г1ишлошйархоша. И меле болх д1аболор дезчу дийнан хьолехь д1адаьхьира. Цигахь дакъалоцуш вара лер- рина цу г1уллакхана хьалавеана волу Межиев Салахь-хьаьжа а, Шуьйтан муниципалин к1оштан администрации куьйгалхо Акаев Руслан а, к1оштан къеда Элибаев 1алавди, къанойн кхеташонан куьйгалхо Давле- тукаев 1адрахьман, к1оштан депутатийн Советан председатель Дадаев Хаважи, России МВД-н Шуьйта к1оштарчу отделан хьаькам Ахмадов Майрбек, учрежденийн, организацийн-куьйгалхой, иштта йукъараллин векалш а.
Гулбеллачара къамелаш дира, вистхиллачо х1орамма а доккха баркалла олуш и меле болх д1аболорна «бехке волчу» Мехк-Дена Кадыров Рамзанна а, х1ара маьждиг шен чоьтах дан т1елаьцначу НР-н Хьалхарчу Президентам России Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1арахчу Региональни йукъараллин фондан куьйгалхочунна Кадырова Айманина а. Мехала вовшахк- хетар д1адерзийра республикин муфтис до1а дарца.
Иштта иманца д1аболийна болх хаза цхьанаэшшара д1ахьош бу тахана г1ишлошйархоша, хьанала къа а хьоьгуш. Уьш ши г1атт долчу йоккхачу г1ишло чохь белхаш беш бу х1инца. Коьрта 1алашо — штукатурка йина бовлар йу церан. Важа- дерг, дан дезарг башха дукха а дац.
Маьждиг дар муха д1адоьдуш ду хьажа, сих-сиха кхуза вог1у к1оштан администрации куьйгалхо Акаев Руслан. Иштта, х1окху деношкахь а веанера иза, шен г1оьнчашца цхьаьна. Арахьа аг1ор а, чухула а массан- хьа хьожуш чекх а ваьлла, цара д1ахьош болчу белхашнаша ша реза вуй хаийтира цо кхузахь х1окху 1аьнан муьрехь къахьоь- гуш болчу г1ишлошйархошна.
Х1инцалерчу боларшца белхаш д1аболхахь, башха дукха хан ца йисина аьлла хета Шуьйтара коьрта маьждиг дина а даьлла, цу чохь меттигерчу бахархоша дуьххьарлера рузба дан.
Керла маьждиг дина долуш ду
М. АЛХАНО

