Нохчийн матте безам кхуллуш

Нохчийн матте безам кхуллуш

Ткъехь шо хьалха дара иза. Соьлжа-г1алахь Зорбанан ц1ийна хьалха гулбелла лаьт- тачу, сайна бевзаш болчу, журналистийн тобанна т1евахара со. Ткъе итт шо хир долуш цхьа накъост (суна цкъа а гина стаг вацара иза) вара царна, дозаллица, дуьйцуш: «Ас МГИМО-н дуьненайукъарчу журналистикин факультет йаьккхина, ингалсан маттахь а, немцойн маттахь а, оьрсийн маттахь а статьйаш йазйан хаьа суна», — бохуш. 1а а цавелла, къаме- лана йукъаг1оьртира со: «Нохчийн маттахь йазйой ахь?» — хаьттира ас. «Ца йазйо,- жоп делира цо, резавоцуш соьга схьа а хьаьжна,- нохчийн мотт ца 1амийна ас…»
Со тешна ву, ша нохчи верг — уггар хьалха шен къоман мотт хууш хила веза. Цул т1аьхьа (йа цуьнца цхьаьна) кхидолу меттанаш а 1амо беза.
Лакхахь хьахийна накъост суна дагаваран бахьана дара Шуьйта-г1аличуьра Исаев Хьу- сейнан ц1арах йолчу йуккъерачу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо, Российски Федерации йукъара дешаран сийлахь белхахо Пацаева Лайла 1абдулганиевна йовзар. Иштта к1орггера нохчийн мотт хууш йолу, доккха зеделларг долу хьехархо шен хиллехь, школехь доьшучу хенахь, ненан маттахь чулацаме статьйаш йазйан хууш хир вара-кх иза, аьлла хийтира суна. И санна йолу хьехархо шен цахиларо боккха иэшам бинера цунна.
Пацаева Лайла ша Лакха-Варандарчу йуккъерачу школехь доьшуш йолуш дуьйна йара нохчийн мотт а, литература а боккхачу лаамца 1амош. Школин программи йукъахь
йоцу вайн къоман йаздархойн тайп-тайпана произведенеш а йоьшура цо. Иштта, хьехархочун болх а безабеллера йо1ана. Цундела ларамаза дацара, школа чекхйаьккхинчул т1аьхьа Лайла циггахьехархочун балха д1ах1оттар. Йуьхьанцарчу кпассашкарчу берашна хьоьхуш йара иза цкъа хьалха. Йоццачу хенахь оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш болх а бира. Эххар а шена дукхабезаш болу нохчийн мотт а, литература а хьеха йолайелира берашна.
Дуккха а шерашкахь школехь болх беш схьабог1учу хьехархоша г1о дора цунна, шайна берашна хаарш даларехь а, уьш кхетош-кхиорехь а зелделларг дуьйцура. Лайла ша а йара хьехархочун белхан йерриге «къайленаш» йовза лууш. Лаккхара хаарш долу хьехархо хилархьама, 1985- чу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделене деша йахара иза. Школехь болх а беш, 1991-чу шарахь чекхйаьккхира университет. Цигахь доьшуш йолуш кхин а ч1аг1белира къоначу хьехархочун нохчийн матте а, нохчийн литературе а болу безам, йевзира вайн меттан башхаллаш а, к1оргенаш а.
Вуьрх1ийтта шарахь хьанала къахьийгира Пацаева Лайлас Лакха-Варандарчу йуккъерчу школехь. Белхан накъостийн а, дешархойн а, церан дайнанойн а сий-ларам болуш, тоьллачу хьехархойн мог1арехь шен ц1е йоккхуш а йолуш, чекхйелира иза цигахь.
Цул т1аьхьа х1инца ша болх беш йолчу Шуьйтарчу йуккъерачу школица дуьйзира Лайлас шен къинхьегаман дахар. Кхузахь а дешархошна нохчийн мотт а, нохчийн литература а хьоьхуш, кхиамца шен белхан декхаршца ларош схьайог1уш йу иза. Берийн чудаха догдог1ур долуш, хаза кечйина йу школера цуьнан кабинет. Царна литературин, йазбеш болу нохчийн мотт дика хаийтархьама, и безабалийта шен аг1ор дан дезарг дерриге деш схьайогуш йу тахана зеделларг долу хьехархо, къинхьегаман ветеран.
Бераллехь дуьйна Лайлаъ йевзаш йолчу хьехархочо Хадисова Яхас дуьйцу: «Жима йолуш дуьйна йара Пацаева Лайла вайн къоман мотт а, литература а даггара йезаш. И безам шен дешархойн дегнаш чу д1акхачо г1ерташ къахьоьгуш а йу. Маттаца доьзна долу вайн къоман г1иллакхаш а, ламасташ а, 1адаташ а довзуьйту царна. Берашна дукхайеза шайн хьехархо, цара доггах лара а лору. Кхуьнан дешархой хилларш школехь дешна бевллачул т1аьхьа а шайн хьехархочуьнца з1е латтош схьабог1у. Х1ора шарахь марха достучу дийнахь Лайлаъ Абдулганиевна йолчу марханаш къобалдан бахкар дика ламаст хилла д1ах1оьттина церан. Кхузахь суна билгалдаккха луур дара иза къоначу хьехархойн дика хьехамча хилар а. Нохчийн йаздархойн, поэтийн кхолларалла йовзарехь суна а г1одина йу иза. Цунах масал оьцуш хилла сох а хьехархо».
Дика хьехархо хилла ца 1аш, школин йукъараллин дахарехь а жигара дакъалоцуш йу Лайлаъ. Иза профсоюзан жигархо йу, йуьхьанцарчу профсоюзан организации ревизийаран комиссии председатель а йолуш.
Пацаева Лайлаан хьанала къинхьегам билгалбаьккхина дешаран Нохчийн Республикин Министерством а, к1оштан администрации а, дешаран отделан а Сийлаллин грамоташ йаларца.
Т1екхочуш долчу Дуьненайукъарчу зударийн денца даггара декъалбан лаьа суна Лайлаъ Абдулганиевна а, цуьнан белхан накъостий-зударий а. Дала могашалла лойла шуна массарна а шайн атта боцу, амма 1аламат ч1ог1а оьшуш болу болх д1акхехьа, доьзалшкахь иман-беркат а ма-эшадойла, дахар ирсе а хуьлда шун!

М. АЛХАНОВ

About Post Author

Общество