Кху деношкахь т1ебеана болу беза мархийн бутт беркате беана хуьлда вайна! Рамазан баттахь деза лерина ду Далла даггара 1амал йарехь соввала г1ертар, меле, дика г1уллакхаш дар. Иштта, г1ийла-мискачунна саг1а далар, йуьртахошна оьшучунна г1о-накъосталла лацар деза а, сийлахь а лерина ду Далла хьалха. Дала мукъалахь, к1езиг бац вайн махкахь, ц1ерахазамна а доцуш, деэшначуьнга даггара хьовсуш болу бусалба нах.
Далла дукхадезначу оцу меле г1уллакхана йуьстах бац Шуьйтан к1оштан Улус-Кертара Макаевг1еран доьзал. Шайн комаьршаллица, нахана оьшучунна кийча хиларца шайн йуьртахь хьов, йерриге Органан ч1ожахь а бевзаш бу Макаевг1ар. Кху т1аьхьарчу иттех сов шарахь мархийн бутт т1екхочуш, ц1енчу нигатца, йуьртарчу х1ора доьзалан ц1арах галешкахь шекар а, дама а д1асадоькъу Макаевг1ара — Аслана а, Беслана а. Кху деношкахь а даьккхира цара иштта саг1а. Церан саг1а цу т1ехь кхачалуш дац — Рамазан бутт чекхболуш а бежанан жижиг а д1асало цара х1ора х1усаме кхочуш.
Цу тайпана меле г1уллакх лерина д1акхоьхьуш, шен комаьршаллица г1араваьлла вара церан да Сайхан а. Масех шо ду и вайца воцу. Дала декъалвойла иза! Шен дуьненан даьхни цкъа а, цхьанна а кхоийна вацара иза, йуьртахошна муххале а. Дала мукъалахь, эхартахь карийна хир ду цунна ша даьхна саг1анаш, нахана дина диканаш.
Иштта даггара динчу нигатца, шайн дас долийна и меле г1уллакх д1акхоьшуш ву Аслан а, Беслан а. Дала саг1а дойла церан шекар а, дама а, иштта йуьртахойн дуьхьа мел деш дерг а! Дала беркат дойла шаьш мел лелочух!
— Тхо даккхийдийна а ца довлу иштта шайх йуьртана беркат хуьлуш, комаьрша доьзал тхайн йуьртахь хиларна,- боху Улус-Кертара йуьртадас Гехаев Ахьмуда. — Кхечу аг1ор хуьлийла а дац, х1унда аьлча, Макаевг1ар шайн орамера дуьйна Далла г1уллакх дарца, нахана оьшучунна орцах бовларца дика бевзаш бу. Даггара баркалла боху царна йуьртахоша.
— Оха дозалла до оццул комаьрша, нехан муьлххачу а г1уллакхе хьажа кийча волу ши ваша — Аслан, Беслан тхайн йуьртара хиларна,- воккхаверца дуьйцура меттигерчу вахархочо Мусаев Хампашас. — Дела реза хуьлийла царна! Кху безчу мархийн баттахь нехан дог хьастарна Дала диканца бекхам бойла царна!
Кхузахь билгалдаккха луур дара, вежарий Макаевг1ар шаьш дохуш долу саг1анаш дийца лууш цахилар. Улус-Кертарчу бахархошна лаарна, церан дехарна жоп луш йаздо оха царех лаьцна.
Х1ун эр ду кхузахь, вайна т1етоха диснарг — иштта шайн дикачу г1уллакхашца, комаьршаллица йуьртахойн сий-лараме кхаьчначу Макаевг1еран Асланан, Бесланан Дала сий дойла. Дала аьтто бойла церан шаьш мел лелочу Дела резахинволчу г1уллакхаш т1ехь!
ЭСКИЕВ М.

