Даима а ломахь лаьтта сан са!

Даима а ломахь лаьтта сан са!

ХАШАЛДА. Иштта ц1е йолуш жима йурт 1уьллу ламанан лакхенгахь Шара-Органна аьрру аг1ор. Баккхийчара дийцарехь, Хашалда йиллинарг тхан дай хилла. Цкъа хьалха Нашхара (дерриг нохчийн тайпанаш схьадевлла меттиг) кхуза схьакхелхина царех цхьаъ. Иштта кхоллайелла йу Хашалда (туохар хьалхарчу дешдекъа т1е дог1у) ц1е йолу йурт. Иза суна дийцира тхан ден девашас Жа1ас (Дала гечдойла цунна а, иштта вайн д1а мел кхелхинчарна а).
Сан да — Эски Мохьмад ч1ог1а безам лаьтташ хуьлура кху ламанан меттигашка. Кхузахь вина а, кхиъна вара иза. Даима а уьш хестош, йуьйцуш хуьлура. Цигахь жеш лелош хилла тхан дай. Уьстаг1ий дохка Новр-г1ала охьа-хьала лелаш хилла тхан да шен 13-14 шо долуш дуьйна.
Шен 16 шо долуш цигара, массаьрца а цхьаьна, вохийна Сибрех д1авигна, нохчийн дерриг къам махках доккхучу хенахь. Цигахь шаьш мел хало, мацалла ловш хан йаккхарх дагара болуш ца хилла к1антана шен дай баьхна мохк. 13 шо зама а текхна, цигара Дег1аста ц1авирзича а, са лаьтташ хилла Эски Мохьмадан Хашалда кхача. Амма, вайна ма-хаъара, ламанца охьаховшар дихкина дара советийн 1едало. Кхузза вохийра сан да, иштта кхиберш а, цара ломахь йина лаппаг1наш бульдозарца д1ахьоькхуш.
Оцу х1етахьлерчу 1едало ламанхошна йеш хилла г1ело, лелийна харцо ла ца луора цуьнга. Иттехь уьстаг1 а, кхо-йиъ бежана а хилча, кулак ву бохуш, 1аш волчуьра вуохавора. Цигахь кхин 1ен-баха ца буьтуш, Теркаца йолу меттигаш (Наурски районера) йеллера ламанхошна охьаховша. Делахь а, тхан да шен дог-ойла даима а дайн баьхначу лаьтте хиларе терра, мелла а цига хьалаг1орта аьтто болчу Таьнгичохь соцу.
Эххар и аьтто Дала нисбира цуьнан а, иштта цига хьалабаха г1ертачеран а. Суна дика дагадог1у тхойшиъ кирлелочу машенахь, 10-12 уьстаг1 эцна, лома хьалавахар. Хашалдахь чохь1ен меттиг йоцуш, Эсилда олучу к1отарахь севцира тхо. Цигахь дикка хан йаккха дийзира Хашалдара меттиг тойаллалц. Цигара 5-6 километар д1а а оьхуш, цхьа ц1енойн бахьана дира цо. Иштта, дукха хан йалале, ша сатийсинчу дай баьхначу йуьрта кхечира сан да. Даьхний лелор дукхадезара цунна, къаьсттина уьстаг1ий, церан хьал дика девзаш вара иза.
Со кест-кеста шеца мангале вуьгура цо. Атта болх бацара ирхнехьа 1охкучу цанашка мангал беттар. Делахь а, шен ондда, зоьртал дег1 долчу Мо- хьмадана х1умма хала дацара, шуьйра кес хьош, мангал тоха. Бераллехь дуьйна 1емина вара иза къахьега. Ломахь массара а Маж-дада олура цунах. Цо суна дукха дуьйцура кхузахь шен дайша лелийначух, церан 1ер-дахарх лаьцна. Хьаша-да ч1ог1а лаьтташ хилла вайн дайшкахь. «Хьаша-да, вог1ушвоьдург соцуш воцург х1усам йац хьуна», — олура цо, шен муьлхха къамел дерзош.
Ахь боху ца боху, цхьа шатайпа чоме хьожа йолуш бецаш йу Хашалдана гонах. Ма тамашбеш, воккхавера иза цу меттигех! Шен дег1 нисдеш, оцу бацала охьа а вуьжий: «Сан нана Хашалда, сан дай баьхна латта, ма хаза мохк бу-кх хьо, хьан шийла шовданаш, хьан токхе бецаш, бес-бесара зезагаш, луьста хьаннаш!» — бохуш, велхаран къурдаш цо беш хаалора суна. Иштта шатайпа къамел, шабарш деш хуьлура иза 1аламан беркатах. Х1етахь со ца кхетара цуьнан б1аьргех дуьйлучу хих.
Цул т1аьхьа дикка хан йаьлча, сан да а шен 1ожалла т1екхаьчна эхарта д1авирзира (сан керахь д1авалар нисде- лира цуьнан). Тахана сайн бераш а, берийн бераш а кхиъча, со сих-сиха цаьрца цхьаьна кхочу дагна хьомечу Хашалда. Дай леллачу некъашца волавелча, сайн
дас хестийна, шен леринчу куьйгашца маракъийлинчу бецийн, зезагийн хьожа йаккха охьахиъча, сайн б1аьргех хиш охьахецаделча кхийтира со сайн дас бинчу велхаран къурдех.
Дайн б1ешерашкахь кхузахь хиллачу атта доцчу 1ер-дахаран, лайначу халонийн ойла йича ши б1аьрг ша-шех хих бузу сан а. Оцу муьрехь церан аз сайн кийра кхочуш санна хетало. И аз даима а сан дагца, ц1ийца ду. Дайн генарчу озах ваьлла ваха сайн кхин меттиг боций а хаьа суна. И сайн, шел ч1ог1а кхин хир боцу, уггар боккха бахам а хета суна.
Дерзош хьахо луур дара мел йоккха башхалла йу х1етахь хиллачу 1едало ламанхошна г1ело йеш лелийначу политикин а, тахана вайн Мехк-Да Кадыров Рамзан коьртехь волчу 1едало д1ахьош йолчун а. «Шайн дай 1ийначу меттигашка хьаладаха г1орта, уьш денйе, оьшучу х1уманна накъосталла адийр ду» — бохуш, д1акхайкхош ду цо хаддаза. Т1аккха муха реза хир вацара кху 1едална?!
Дика а, хаза а меттигаш дукха хир йу дуьнент1ехь. Амма хир дуй техьа Хашалдана гонахара исбаьхьчу 1аламал хаза х1ума?! Кху лаьмнийн хазалло, ц1ена шовданаша, шайца тайптайпана стоьмаш болчу токхе хьаннаша цецвоккху милла а кхуза кхаьчнарг. Лахенгахь йолу г1ар-тата а, проблемаш а йицло цига хьалакхаьчча. Хьан дег1ана синмаршо хаало кхузахь, ц1ена х1аваъ кийра буьззина ахь чуоьзча, там хуьлий воккхаве. Цундела сан дагна хьоме бу дай баьхна мохк. Цундела, сица а, ойланца а со даима Хашалдахь ву! Теша, кхузара ламанхойн 1ер-дахар кестталг1а тоделла д1ах1уттург хиларх. Хаьа, кхуза хьалаван а, 1ен а болу лаам Швейцарера Альпашка чул а ч1ог1а хир буй а. Цундела сан са даима а дай баьхначу Хашалдахь ду.

САЛАМОВ Мохьадди, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист.

About Post Author

Общество