Шийла кхаъ бохьуш деара шотошна 2002-чу шеран август беттан йалхолг1а де. Цхьана Делан мостаг1аша инзаре доккха эккхар а дина, декъалхилира къона, дахарх хьоьгу хан йолуш волу итт к1ант, лазийра кхин масех. 1адийра цу дийнахь Шуьйта-г1аличоь.
Дегнаш 1овжийна бисира наной, белхаран маьхьарий девлира йижаршка, зударшка, берашка. Хиллачух цецбевлла, 1адийна бисира йуьртахой. Шайн т1еман декхарш кхочушдина йоккхачу машенахь ц1абог1уш, комендатуре чукхача иттех метар йисча, 1ожалло Далла дуьхьал д1абигира комендантски взводера к1ентий. Дала декъалбойла уьш! Кху деношкахь 23 шо кхочу вайна и бохам баьлла.
Х1ун дийр ду, кхин рицкъа ца хилла-кх церан. Делан кхиэл лелаза ца йолу. Д1абаха турпала к1ентий, кхин йуха ца бахка, шайн къона дог1маш вайн машаречу дахарна д1аделла. Зама а д1аг1ур йу шен рог1ера г1улч йоккхуш, иштта шен боларца д1алестар ду вайн дахар а. Т1ебеана бохам а хан-зама йаьлча мелла а байлуш г1ур бу дай-наношна, йижаршна, вежаршна, гергарчарна. Амма мел дукха хан йаларх, уьш а, уьш санна вайн махкана шайн синош ца кхоош декъалхилла к1ентий вай цкъа а бицбийр бац, Дала мукълахь. Уьш бицбан вайн бакъо а йац.
Царна а, иштта халкъан, мехкан дуьхьа шайн синош д1аделлачу вайн массо к1енташна а йог1у аьлла хета тхуна Эдилов Хасмохьмада йазйина х1ара байт. Иза шун тидаме а йуьллу оха, лараме газетдешархой.
Эскиев М.

