23-чу августехь 74 шо кхочу НохчиИн Республи- кин Хьалхара Президент, России Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина.
Халкъо шен иэсехь латтош а, дозалла деш а ву къоман турпалхо. Боккхачу безамца дагалоьцу цуьнца доьзна мел дерг. Цунна баркаллаш боху маьрша дахар д1ах1отторна. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин весеташ а, сатийсамаш а кхочушбеш ду тахана нох- чийн халкъ, шена хьалха- ваьлла цуьнан к1ант — вайн Мехк-Да Кадыров Рамзан а волуш. Цуьнан куьйгаллица Нохчийчоь, овкъаршкара г1аьттина, хазйелла, токхе хилла д1ах1оьттина. Баккъал а зазадоккхуш бу вайн мохк тахана.
Нохчийн халкъан оьмарехь уггаре а хала, кхераме, чолхе беанчу муьрехь нисвелира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа республикин куьйгаллехь. Таханлерчу дийнан ойла йича кхета хьо халкъ динах ца дохийта г1ерташ цо лайначу баланех, ша- шен ца кхоош, де-буьйса ца лоьруш бинчу белхан бозаллех. Баккъал а оцу чолхечу хьелашкахь ма дукха къахьега дезна-кх цуьнан республика т1еман багара йаккха г1ерташ, дахар маьршачу некъа т1е дерзо г1ерташ, халкъана йукъахь барт, масла1ат дан г1ерташ!
Гуш дара цу халчу хенахь, дас шен доьзалан санна, Ахьмад-Хьаьжас нохчийн халкъан беш хилла г1айг1а, цунна сагатдеш хилар. Сел чолхечу хьолехь хьалхавала цунна нийса некъ карош хиларо, халкъан хьашт-дезарш массарначул а дика девзаш хиларо, нахана синтем беш цуьнан дан къамел хиларо халкъе тешам кхуллура нийсо хирг хиларе а, дикачу аг1ор хийцамаш хирг хиларе а.
Шеко йоцуш, Нохчийн Республикехь машар а, синтем а хилийтаран некъа т1ехь коьрта бара Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 2003-чу шеран март беттан 23-чу дийнахь референдум д1айахьаран хьокъехь бина политически сацам. Оцу референдумехь Нохчийчоьнан халкъаша машарехьа, Россица цхьаьна кхиарехьа харжам беш кхаьжнаш тесира. России цхьааллица йоьзна хилла проблема д1айелира референдум д1айахьар бахьана долуш. России пачхьалкхан дуьхьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжас гайтина хьуьнар дара иза.
Цо гайтинчу хьуьнаран мах хадор санна ду Ахьмад-Хьаьжин ц1е иэсехь йисийтаран дуьхьа дина г1уллакхаш. Цуьнан ц1е лелош йу тахана Нохчийчуьра а, России цхьамог1а регионашкара а, дозанал арахьара а урамаш, майданаш, маьждигаш, паркаш, тайп-тайпана объекташ, х1ордан кеманаш, кхидерш.
России пачхьалкхан Куьйгалхочо Путин Владимира шен къамелехь буьззина мах хадийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахаран а, амалан а:
«Кадыров Ахьмад-Хьаьжа башха стаг вара, вуьззина къонах вара, оьзда, г1иллакхе, 1аламат ч1ог1а майра вара. Цуьнан оьздангалла гучуйолура цо цкъа а шена х1ума доьхуш цахиларехь. Тхойшиъ миччанхьа а вовшах кхетча, стеннах лаьцна къамел деш хилча, дерриге а хьаьвззе нохчийн халкъан хьашташна т1едог1ура. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дахарера д1аваха 2004-чу шеран май беттан 9-чу дийнахь, вайн дерриге а халкъан дезчу дийнахь. Толаман дийнахь и д1аваха тоьлла а волуш. Иштта к1ентий шен болчу халкъах дозалла ца дойла йац, сийларам ца хуьлийла а дац».
И дешнаш тахана къаьсттина деза а, доккхачу маь1не а хета.
Ахьмад-Хьаьжа истори йукъавахана къонах ву. Цо шен дахарца, шегарчу масаллица гайтина шен халкъан а, мехкан а дуьхьа муха ваха веза. Дахарехь шен некъ хаьржинера цо. Оцу некъа т1ера ца волуш, дахарера толамхо а волуш д1а а ваха иза. Оцу башхачу стеган дахаран берриге а некъ вайна массарна а, т1екхуьу йолчу т1аьхьенашна а б1аьрла масал ду. Вайн декхар ду Ахьмад-Хьаьжа вешан иэсехь висийтар, кегийрхой цуьнан дахаран а, амалан а, белхан масал т1ехь кхетош-кхиор а. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
ЭСКИЕВ М.

