Шот дийнахь, 9-чу августехь, Хьакъмада тайпанан ц1арах доккха саг1а даьккхира Шара к1оштарчу Эсилдахь. Кху иттех шарахь ламаст хилла схьадог1уш ду кхузахь и саг1адаккхар. Саг1а лерина дара, вайн махкахь массанхьа а санна, уггар хьалха къоман дуьхьа шен дахар д1аделла волчу Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина (Дала г1азот къобалдойла цуьнан), кестта иза вина де т1екхочуш хиларца доьзна, иштта х1ара мохк денбеш, халонех б1о ца къажош къахьегна Делан эхарте д1абахна вайн дай-наной, вежарий дага а лоцуш.
Саг1ане дакъалаца баьхкинера НР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрации динан а, йукъараллин а организацешца з1е латтооран Департаментам директор Абдулаев Аслан, Шара к1оштан къеда Абубакаров Мохьмад, Органан ч1ожахь бевзаш, безаш болу къаной, иштта лула-кулара йарташкара векалш а. И меле г1уллакх д1адолош гулбеллачаьрга вистхилира Абдулаев Аслан:
— Дукхадахарш, Дала вайна деллачу кху не1матан хама беш хила деза вай! Тахана тайпанаш ца къестош, дай баьхначу лаьтта т1ехь саг1а даккха гулделла вай. Х1ара аьтту вайн хир бацара, сан бусалба вежарий, йижарий, нохчийн къам хьере хилла хьаьвзинчу муьрехь, ша вуьззина бусалба стаг хиларе терра, шен къомана хьалха а ваьлла Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!) д1а ца х1оьттинехь. Оцу халонийн баланаша 1овжийна, г1елдина, к1елдисина къам машаречу новкъа даккхарехь шен са д1аделира цо. Цуьнан синна лерина а, бехк-гуьнахь доцуш, бертаза бохийна ц1ерабаьхначарна а, Нохчийчохь хиллачу шина т1амехь вайн байинарш, т1епаза байнарш, иштта Украинехь д1ахьочу лерринчу т1еман операцехь декъалхилларш а — уьш массо дага а лоцуш, церан синошна д1акхачо лерина ду х1ара саг1а.
Суна доккха баркалла ала луур дара вайн Мехк-Дена Кадыров Рамзан-хьаьжина. Иза бахьана долуш кху генарчу лаьмнашкахь хьакъмадойн аьтту бели шайн дай баьхна меттигаш денйан а, тахана, х1ора шарахь санна, х1ара меле г1уллакх д1адахьа а. Кхузахь х1оьттинчу суьрто вайна гойту — уггар хьалха нохчийн къоман барт хилар, вайна коьртехь долу 1едал ламанхойн 1ер-дахаран бала болуш хилар. Цо гойту ламанхой шайн лазамашца 1едало цкъа а д1атесна буьтург цахилар.
Чекхволуш суна луур ду х1ара саг1адаккхар вовшахтухуш къахьегначу вайн вежаршна, йижаршна даггара баркалла ала. Кегийнаш бацахьара вайн йиш йацара. Цара х1ара г1уллакх лаккхарчу т1ег1анехь д1адахьаро йуьхьк1аме х1иттий вай массо а. Дала диканца бекхам бойла шуна! Дала къобалдойла вайн саг1а! Дала иманехь совдохийла вай!
Шара к1оштан къедас Абубакаров Мохьмада шен вистхиларехь хьахийра доьзалш- на йукъахь, йуьртахь, т1аккха махкахь массарна йукъахь барт хилар, Дала т1едехкина парзаш доггах кхочушдан дезаш хилар, Дала магийна доцу хьарам рицкъа ца гулдар, цунах иман а, беркат а хирг цахилар. Иштта доккха баркалла элира цо массарна ша кхуза кхайкхарна а, хаза оьзда, бертахь, вовшен болчу ларамца х1ара меле г1уллакх д1адахьарна а.
Иштта, шайн хиллачу къамелашкахь цхьаболчу лераме къаноша а билгалдаьккхира вовшен болу барт кхин а ч1аг1бан безаш хилар, дайн лорах д1адаха хьовса дезар, иманехь доьзалш кхион вай декхарийлахь хилар.
Хьакъмадахь д1адаьхьна саг1адаккхар дерзийра мовлид йоьшуш, зуькарш деш, до1анца Деле вайн къомах къинхетам бар а доьхуш. Цул т1аьхьа йижарша доггах кечбинчу мерзачу кхачанах чам баккха аьтто хилира массеран а. Иштта боккхачу айамца, вовшен уьйр-марзо, вежаралла чаг1дарца д1адаьхьира и меле г1уллакх. Дала т1аьхье беркате йойла!
САЛАМОВ МОХЬАДДИ, НР-н хьакъволу журналист

