Саг1а даьккхира ламанан Буосахь

Саг1а даьккхира ламанан Буосахь

Кху деношкахь, 2-чу сентябрехь, доккха саг1а даьккхира Шуьйтан к1оштан Буосахь. Т1аьхьарчу масех шарахь хаза ламаст хилла схьадог1у буосойн тайпанан наха шайн дай баьхначу йуьртахь и меле г1уллакх д1ахьош.
Ала дашна, карарчу хенахь кхузахь 1аш-бехаш дукха нах бацахь а, хьалха кхо б1е сов доьзал болуш йурт хилла Буоса. Шен аьтто берг тахана а хьалаг1ерташ ву дай баьхначу лаьтта т1е. Масех доьзал бу цкъачунна кхузахь д1атарбелла 1аш, шайн даьхний а лелош. Буосой тайпанан нах ламанца 1ен кхин аьтто боцуш, лахенгахь 1аш бу — Сема1ашкахь, 15-чу молсовхозехь, Соьлжа-Г1алахь. Делахь а, массеран а дог-ойла а, безам а шайн дай баьхначу махке лаьтта. Цундела а ду х1ора шарахь бохург санна, уьш Буосахь саг1а даккха гулбалар.
И меле г1уллакх уггар хьалха лерина дара къоман дуьхьа шен дахар д1аделла волчу Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина а (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!), иштта бехк-гуьнахь доцуш нохчийн къам махках доккхуш новкъахь а, д1акхаьчча Сибрехахь а декъалхилла йиша-ваша а, иштта буосойн мохк денбеш къахьегна, Делан эхарте д1абахана дай-наной, вежарий дагалоцуш а. Йуьртан маьждигехь д1акхелхинчарна маха барца д1адолийра саг1адаккхар. Цул т1аьхьа сиха зуькарш а деш, мовлид а йешна, Ахьмад-шайхан зиярте а х1иттина, до1анца дерзийра буосоша и меле г1уллакх.
Лараме къаноша шайн дагалецамашкахь хьехийра Далла йен 1амал совйаккхар, вовшийн барт, уьйр-марзо ч1аг1йан йезаш хилар, дайн лорах д1адаха болу лаам ч1аг1балар…
Саг1адаккхар дика вовшахтоьхнера буосоша: кечдина д1ах1оттийна дара дукха адам буха тарлур долуш аьчкан четар. Цу бухахь токхечу даарех вайн йижарша кечйина стоьлаш йара. Саг1ане баьхкинера лула-кулара йарташкара векалш а. Дала къобалдойла даьккхина саг1а дага мел лаьцначеран синна кхочуш. Дала иманехь а, дай г1иллакхаш дезарехь а совдохийла вай, бусалба вежарий, йижарий!
ЭСКИЕВ М.

About Post Author

Общество