Алий вай къонахчух дош!

Алий вай къонахчух дош!

«…Кадыров Ахьмад-Хьаьжех дош ца олуш 1ойла дац. Иза башха стаг вара — вуьззина къонах, оьзда, доккха доьналла долуш, майра стаг. Цкъа а шена х1ума ца доьхура цо. Даима муьлххачу а хенахь цхьаьнакхетча а, х1уъа дуьйцуш хилча а — массо х1ума а хьовззадой нохчийн халкъан хьашташна т1едаладора цо. Иза санна к1ентий болчу къоме ларам ца хуьлийла дац».
(В. Путин)

«Тахана нохчийн халкъана оьшург барт бу, цхьаалла а йу. Калашниковн автоматана, Макаровн тапчанна дуьхьал вай журналистан къолам, т1улгботтархочун бел а, аренашлелорхочун нох а даккха деза».
(Кадыров Ахьмад-Хьаьжа)

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) бакъволу бусалба стаг хилла ца 1аш, вуно говза политик а, къоман бакъволу баьчча а вара. Уггаре а халчу муьрех халкъ кхоччуш х1аллакьхиларх к1елхьарадаккха хьуьнар а, доьналла а кхечира цуьнан. Иза даима а вара нийсо йезаш, цунна т1ег1ерташ а.
Цо кест-кеста махкахошца шен хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь олуш дара: «Вай дечу ламазах а йа йечу 1амалах а хила пайда бац, нагахь санна вай бакъдерг олуш ца хилахь. Дала лардойла вай харц лерах. Дала бакъо толайойла».
Цкъа а дахарехь шена бахам йа атталла лехна стаг вацара Ахьмад-Хьаьжа. Даима а цо сагатдинарг — нохчийн къам оцу т1ех1оьттинчу 1азапах, баланах к1елхьарадаккхар дара. Са а, дег1 а диэза кхоьллина ду-кх адамашна. Ахьмад-Хьаьжас шен дахаран масалца гайтира вайна массарна а нохчийн къам шена мел дукхадеза а, цунах шен мел ч1ог1а дог лозу а. Цо халкъан дуьхьа д1аделира шен дахар.
2004-чу шеран 9-г1а май — Даймехкан Сийлахь-боккхачу т1амехь толам баьккхина де Соьлжа-Г1алара «Динамо» стадионехь даздечу хенахь, цхьана адамийн сибатехь йолчу боьхачу х1умалгаша эккхийтар а дина, кхалхар хилира Ахьмад-Хьаьжин. Дала бекхам бойла цунна т1е шайн боьха куьйгаш кховдийначарна! Дала г1азот къобалдойла Ахьмад-Хьаьжин! Дала декъалвойла иза!
Вайна дика дагайог1у и хан — хала мур бара нохчийн къомана х1етахь т1ех1оьттинарг, т1ом сецний-сацазий болу шераш дара уьш. Х1ара дуьне мел ду бевддий-хьаьвддий хьийзара нах, шайн синош довдийна. Шаьш ца бовзийта масканаш а йухкий, муьлш бу ца хуучу наха, стенга йа мича бахьаненна буьгу а ца дуьйцуш, д1акхуьйлура вайн дукха кегийнах. Блокпосташ йара гобаьккхина, лула-кула, гергарчаьрга ваха-ван цхьа а аьтто бацара. «Везан Дела, х1ара г1ело, х1ара бала вайна т1ера д1абаьлла де дог1ур дуй-техьа»,- бохуш хьере хилла хьийзара адамаш.
Оцу халчу муьрехь нохчийн къам х1аллакьхуьлучуьра к1елхьардаккха хьалха велира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо хьаьнгга а д1аолура бакъдерг: хуьлийла иза т1еман хьаькам йа кхиволу политик. Ахьмад-Хьаьжас даррехь д1ахаийтира ша шен къам цхьаьнгге ловзадойтург цахилар. Ша аьлларг цо, Делан пурбанца, кхочуш а дира. Ахьмад-Хьаьжа истори йукъавахана стаг ву. Цо шен дахарца, шегарчу масаллица гайтира шен халкъан а, мехкан а дуьхьа муха ваха веза. Дахарехь шен некъ хаьржинера цо. Цу некъа т1ера ца волуш, дахарера толамхо а волуш д1авахара иза.
Оцу башхачу стеган дахаран берриге а некъ вайна массарна а, т1екхуьу йолчу т1аьхьенашна а б1аьрла масал ду. Вайн декхар ду Ахьмад-Хьаьжа вешан иэсехь висийтар. Т1екхуьуш долу къона чкъор цуьнан дахаран а, амалан а масалш т1ехь кхетош-кхиор. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
ЭСКИЕВ М.

About Post Author

Общество